Евро

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Евро

Euro (инг., фр., нем., нид., люксемб., лат., эст., итал., порт., фин., исп., ирл., слов.) Ευρώ (желт.) Ewro (мальт.) Evro (словенан.) Eiro (латыш.) Euras (лит.) Евро (болг.)

Euro banknotes Europa series.png

Евро (валютан билгало €, банкан код: EUR)- «еврозонан» ткъайоьсна пачхьалкхан официалан валюта йу. Цу йуккъе йогӀуш йу Австри а, Бельги а, Германи а, Желтойчоь а, Ирланди а, Испани а, Итали а, Кипр а, Латви а, Литва а, Люксембург а, Малта а, Нидерландаш а, Португали а, Словаки а, Словени а, Финлянди а, Франци а, Хорвати a, Эстони а. Цул сов евро лелош ду Ӏаьржаламанчоьх а, Косовехь а.

12-чу пачхьалкхан къоман валюта йу евро. Царех ворхӀ Европехь йу. Амма кхечу декъашхойх башхаллица дуьстича, цара Европин йуккъерчу банкан ахчанан-кредитан политикин Ӏаткъам бан а, шай векалш банкан лакхарчу органашка тӀе хьажо а бакъо йац.

1999-чу шарахь кхолламан (январан) 1-чу дийнахь евро ахчанца йоцчу чоьте даьккхира, ткъа 2002-чу шеран кхолламан 1-чохь карахь долу ахчан чоьте даьккхира б

анкноташ а, нахарташ а.

1:1 дазар долуш евроно хийцира хьалхалерчу заманчохь лелина европин валютан барам (ЭКЮ).

Еврон урхалла деш йу Майн-тӀера-Франкфуртер Европин йуккъера банк коьртехь а йолуш Европин йуккъерчу банкийн система (ЕЮБС) йу.

ЕЮБ шен лаамехь йолу йуккъера банк йу. Цуьнан къаьсттина бакъо йу ахчанан-кредитан политика къастайан.

ЕЮБС-о ахча зорба туху, иштта нахарташна зорба туху, Бартан пачхьалкхашкахь карахь лелош ахча доькъу, цул сов еврозонехь декхарийн системан белхан кхачойо.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]