Чулацаман тӀегӀо

Самадов, Ибрагим Беркманович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ибрагим Самадов
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьршаниг
Пачхьалкх
Говзалла штангист
Вина терахь 1968 шеран 18 июль({{padleft:1968|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:18|2|0}}) (55 шо)
Вина меттиг Мамакхин-КӀотар, Нохчийн Республика, РСФСР, ССРС
Тренераш

Валентин Чингисов;
Лев Пекарь;
Ибрагим Кодзоев;

Адлан Магомадов.
Йозалла 82,5 кг

Ибраги́м Беркма́нович Сама́дов (1968 шеран 18 июль, Мамакхин-КӀотар, Нохчийн Республика, ССРС) — нохчийн штангист, ССРС чемпион (1991), Европин чемпион (1992), дуьненан чемпион (1991) йуккъерачу йозаллин категорехь, ССРС Сийлахь спортан говзанча (1991).

Биографи[бӀаьра нисйан | нисйан]

Вина 1968 шеран 18 июлехь Нохчийн Республикин Соьлжа-ГӀалин кӀоштан Мамакхин-КӀотарехь[2]. Иза йеза атлетика Ӏамо волавелира 12 шо кхаьчча. Цуьнан хьалхара тренер вара Валентин Чингисов. 1982—1984 шерашкахь иза Ӏаш вара Ворошиловградан спортан интернатехь. Цигахь цуьнан тренер вара Лев Пекарь. 1984 шарахь иза Соьлжа-ГӀале схьавеара. Цу хенар дуьйна цуьнан тренераш бара Ибрагим Кодзоев а, Адлан Магомадов а.

1989 шарахь цхьана йерригсоюзан кегирхойн йахьаллонашкахь цуьнан хьалхара допинг-тестас бакъхьара жоп делира. ШозлугӀа тестехь цуьнагахь допинг ца карийнехь а, цунна шин шеран говзалла йохира. Цуьнан дисквалификаци чекхйаьлча 1991 шарахь цо X ССРС халкъийн Спартакиадехь толам а беккхира, иза ССРС вовшахтоьхна тобана йукъа а йазвира. Донауэшингенехь хилла дуьненан чемпионатехь цо дашо мидал йаьккхира. Иза хилира йеза атлетикехь хьалхара нохчийн дуьненан чемпион.

1992 шарахь СНГ вовшахтоьхна тобанан йукъахь цо Сексардехь хилла Европин чемпионатехь толам беккхира. Цул тӀаьхьа цо Барселонехь хилла Олимпиадехь дакъа лецира. Цо цигахь 3-гӀа меттиг йаьккхира. Хиллачун реза воцуш, иза шен мидал пьедестал тӀе а йиллина дӀавахара. Цо и дарна бахьнехь Халкъашна йуккъера олимпиадан комитетас иза валлалц говзаллехь вохийра.

Кхоно и хан лахйира шина шара кхаччалц. Иза чекхйаьлча Самадов йуха а тренировкаш йолаян гӀортира. Нохчийн Республикехь оцу балхан аьтто ца хиларна, иза Кхазакхстане дӀавахара. Яхьаллонашкахь цо дакъалоцара Кхазакхстанан вовшаха тоьхна тобанан йуккъехь.

1997 шарахь Ибрагим Самадовс спорт йитира. Иза Нохчийн Республике схьавеара. ХӀинца иза тренер болх беш ву. 2010 шо дуьйна иза ву юниорашна йуккъехь Европин а, дуьненан а чемпион (2012), Российн чемпионатан а, Универсиадан а совгӀатхо (2013) Магомед Абуев Ӏамош[3].

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

  1. 1991 шарахь ССРС йеза атлетикин чемпионат йара аьхкенан Спартакиадан йукъайогӀуш
  2. Бронзовый призёр Олимпиады
  3. Профиль Магомеда Абуева на сайте WSPORT — SHATOY

Хьажоргаш[бӀаьра нисйан | нисйан]