Кодзоев, Ибрагим Абибулатович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Ибрагим Абибулатович Кодзоев
ГӀуллакхан тайпа Тренер
Вина терахь 1939 шеран 20 июль({{padleft:1939|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (83 шо)
Вина меттиг Владикавказ, Къилбаседа ХӀирийчоь, РСФСР, ССРС
Корматалла еза атлетикан тренер
Гражданалла ССРС ССРСРоссиFlag of Russia.svg Росси
Да Абибулат
Зуда Зухра
Бераш кӀант Мохьмад (1962-2000)

Ибраги́м Абибула́тович Кодзо́ев (1939 шеран 20 июль, Орджоникидзе, Къилбаседа ХӀирийчоь, РСФСР, ССРС) — еза атлетикан ССРС Сийлахь тренер, халкъашна юккъера категорин суьдхо. Цо Ӏамийначарна юккъехь бу ССРС а, Европин а, дуьненан а, Олимпан ловзарийн а чемпионаш, 3 ССРС Сийлахь спортан говзанча, 16 халкъашна юккъера классан ССРС спортан мастер, 200 сов ССРС спортан говзанча.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1939 шеран 20 июлехь Орджоникидзехь. 1956 шарахь цо школа чекхъяккхира. 1957 шарахь цуьнан доьзалла Соьлжа-ГӀала схьабеара. Цо болхбира заводехь токарин дешархо волуш. Болх бина ваьлча иза волейболан секци воьдара. Секци уллехь йолу «Динамо» стадионехь яра. ТӀаьхо иза еза атлетикан секци вахара. Цхьа шо далале цо ССРС спортан мастеран кандидатан норма кхочуш йира.

19581961 шерашкахь иза армехь вара. Цигара цӀа веача иза юха а тренировкашка аьха волавелира. 1961 шарахь иза спортан мастер хилира. Цу хенахь волавелира иза тренеран болх бан.

1970-гӀа шерашкахь «Динамо» яхьаллонашкахь Нохч-ГӀалгӀайн АССР командера массо 12 стаг ССРС спортан мастер норма кхочуш йира. ТӀаккха куьйгалхос сацам бира Ибрагим Кодзоев керахь йолу Соьлжа-ГӀалахь еза атлетикан центр схьаялла. И центр кеста хилира ССРС коьрта центрех цхьаъ. 1977—1990 шерашкахь Кодзоев вара еза атлетикан ССРС гулйина командан тренерийн штабан декъашхо.

Кодзоевс кечбина штангисташ:

  • Ибрагим Самадов — ССРС а, Европин а, дуьненан а чемпион, Олимпиадан шозлугӀа совгӀатхо.
  • Асланбек Эдиев — масийттуза ССРС чемпион, 3-за дуьненан чемпион, дуьненан чемпионат шозлугӀа совгӀатхо, масийттуза дуьненан рекордсмен.
  • Мухади Садаев — 7-за ССРС чемпион, 3-за Европин чемпионатан 2-гӀа совгӀатхо.
  • Рамзан Мусаев — ССРС чемпион, шозза Европин чемпионатан 2-гӀа совгӀатхо.
  • Умар Эдельханов — ССРС чемпион, Атлантехь (АЦШ) 1996 шарахь хилла Олимпиадан декъашхо.
  • Исраил Арсамаков — масийттуза ССРС чемпион, Европин чемпион, дуьненан чемпионатан дато совгӀатхо.
  • Адам Сайдулаев — масийттуза ССРС чемпион а, рекордсмен а, ССРС Кубкан масийттуза яккхинарг, ССРС Сийлахь тренер.

ССРС йохначул тӀехь цуьна Соьлжа-ГӀалара ГӀалгӀан махка дӀаваха дийзира. Цо Сурхо-ХитӀехь шен доттагӀашца а, гергарчарца а доьхна культурин цӀа меттах а хӀоттийра, цунах спортзал а йира. Оцу спортзалчу цо бевзуш болу тренераш балха кхайкхира. Керла меттехь Кодзоевс кечбира 15 спортан мастера а, 2 халкъашна юккъера классан мастер а.

Доьзал[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цуьнан зуда ю Зухра, ингалсан меттан хьехархо.

Цуьнан кӀант Мохьмад винера 1962 шарахь. Цо чекхъяккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан спортан факультет. Иза вара еза атлетикан спортан мастер. Иза вахара МВД балха. Цо чекхъяккхира Свердловскехь йолу МВД лакхара школа а, Москвахь йолу академи а. 2000 шарахь шен белхан декхар кхочуш деш иза кхелхира. Цуьнан ши кӀант кхиош ву цера нанас а, де дес а, де нанас а.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]