Абуев, Магомед Лечаевич

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Olympic pictogram Weightlifting.png
Магомед Лечаевич Абуев
Гражданалла КхазакхстанFlag of Kazakhstan.svg КхазакхстанРоссиFlag of Russia.svg Росси
Вина терахь 1992 шеран 3 сентябрь({{padleft:1992|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:3|2|0}}) (27 шо)
Вина меттиг Кхазакхстан
Спортан карьера 2005 — таханналц
Говзалла Еза атлетика
Тренераш
Локхалла 185 см
Йозалла 126 кг кхаччалц
Images.png Арахьара суьрташ
Image-silk.png Магомед Абуев

Магоме́д Леча́евич Абу́ев (1992 шеран 3 сентябрь, Кхазакхстан) — нохчийн штангист, Кхазакхстанан чемпион, Российн 2013 шеран еза атлетикан чемпионатан дато совгӀатхо.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вина 1992 шеран 3 сентябрехь Кхазакхстанехь. 2005 шарахь иза волавелира еза атлетика Ӏамо. Цуьнан тренер вара Павел Маратович Ли. 2008 шарахь цо кхочуш йира спортан говзанчан норматив, 2009 шеран — халкъашна юккъера даржан спортан говзанчан норматив. Иза ву тӀаьх-еза категорехь Кхазакхстанан чемпион а, рекордсмен а. 2010 шарахь иза Нохчийн Республике цӀавирзира. Цуьнан хӀнцлера тренер ву Ибрагим Самадов.

Иза ву К. Г. Разумовскийн цӀарах йолу Москван пачхьалкхан технологийн а, урхаллан а унивеситетан студент[1].

Спортан кхиамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Казанехь 2013 шарахь хилла йолу Универсиадан борзан совгӀатхо (197+230=427)[2];
  • 2014 шарахь хилла Российн кегирхойн III аьхкенан Спартакиадан чемпионатан чемпион (Новочебоксарск, 200+240=440);
  • 2013 шарахь хилла 23 шо кхачаз болу кегирхойн чемпионатан толамхо (Таллин, Эстони, 195+215=410);
  • 2013 шарахь хилла Российн чемпионатан дато совгӀатхо (Казань, 201+243=444);
  • 2012 шарахь хилла юниорийн дуьненан чемпионатан толамхо (Антигуа, Гватемала, 191+235=426);
  • 2012 шарахь хилла юниорийн юкъахь йолу Европан чемпионатан чемпион (Эйлат, Израиль, 192+232=424);
  • 2012 шарахь юниорашна юкъахь Российн чемпион (Шахты, 190+237=427);
  • 2011 шарахь юниорашна юкъахь хилла Европан чемпионатан борзан совгӀатхо (Бухарест, 178+212=390);
  • 2010 шеран Кхазакхстанан чемпион (185+231=416, Кхазакхстанан рекорд).

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • С-А. М. Аслаханов, Х. Х. Хизриев Физическая культура и спорт Чечни: истоки и современность. — Москва: «Перо», 2015. — С. 76-77. — 240 с. — ISBN 978-500086-997-0

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]