Чулацаман тӀегӀо

Рамазан

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Рамазан
Рамазан беттан уггаре а гӀарабевлла хиламаш
Рамазан беттан уггаре а гӀарабевлла хиламаш
Тайпа исламан
МаьӀна бусалбанийн беза бутт бу, цуьнан марханаш кхабар исламан арканех цхьа рукна йу
Даздо бусалбанаша
Муьрера беттаса гарца ца шаӀбан беттан 30 де дӀадузарца
Кхаччалц беттаса гарца йа цуьнан 30 де дузарца
Терахь рамазан
2025 шарахь 1 мартехь — 30 мартехь
Даздар маьждиг чохь
Доьзна ду рамазанца, мархица, марха достучу Ӏийдаца
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Рамаза́н йа Рамада́н (Ӏаьр. ُرَمَضَان‎‎‎‎) — иза исламан (хӀижрин) рузманан уьссалгӀа бутт бу, шаӀбан баттал тӀаьхьабогӀуш бу иза. Шена чохь Мухьаммад пайхамарна ﷺ тӀе Къуръан доссийна бутт болу дела шар чохь уггар беза бутт лоруш бу иза. Бусалбанашна гергахь хӀара бутт къаьсттина а, хӀижрин шеран беттанашна йукъахь шен меттиг йолуш а лоруш бу. Рамазан бутт тӀекхочу шена чохь 354 де долчу исламан беттан рузманца. Цу кеппара, хӀора тӀаьхьадогӀучу шарахь григорийн рузманца, 11 де хьалха тӀекхочу иза. Иза мархин бутт бу, исламан бӀогӀамех боьалгӀачу бӀогӀаман. Цуьнан деношкахь бусалбанаш йухакхета (шарӀан бехказло йацахь) йаарх а, маларх а, марха дохош долчу цамагийначу хӀуманех а, сатасарца, малх чубуззалц.

Рамазан бутт болало беттан керла бутт болабаларца. Цуьнан йуьхь билгалйо шаӀбан беттан 29-чу дийнахь сарахь беттаса гарца, тӀаккха цул тӀаьхьа догӀу де рамазанан хьалхара де хуьлу йа шаӀбанан 30 де дӀадуьзначул тӀаьхьа хуьлу иза, нагахь санна беттаса гуш дацахь.