Айдамиров, Абузар Абдулхакимович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Айдамиров, Абузар Абдулхакимович
ГӀуллакхан тайпа Поэт, йаздархо, прозаик
Вина терахь 1929 шеран 29 октябрь({{padleft:1929|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:29|2|0}})
Вина меттиг Мескита, Нажи-Йуьртан кӀошт, Нохчийн Республика
Кхелхина терахь 2005 шеран 27 май({{padleft:2005|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:27|2|0}}) (75 шо)
Кхелхина меттиг Мескита, Нажи-Йуьртан кӀошт, Нохчийн Республика
Корматалла йаздархо
Гражданалла ССРС СССРРосси Росси
Да Ӏабдулхьаким
Викилармин логотип Айдамиров, Абузар Абдулхакимович Викилармехь

Айдамиров, Абузар Абдулхакимович вина 1929 шарахь Нажи-Йуьртан кӀоштерчу Мескитахь, ахархочун доьзалехь. Йуьхьанцара школа шайн йуьртахь чекхйаьккхина цо. Жимчохь дӀаболабелла Айдамировн къинхьегаме некъ. 1957 шарахь Мескитарчу школе нохчийн меттан, литературин, историн хьехархочун балха вахийтира иза. Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историко-филологически факультет чекхйаьккхира цо 1963 шарахь .

Дуьххьарлера цо йазъина байт «Лермонтовн безамна» зорбане йелира 1956 шарахь «Винчу лаьмнашкахь» цӀе йолу жайнийн тӀехь зорба тоьхна йу байташ: «Даймохк», «Винчу лаьмнашкахь», «Бералла», «Ясин тогӀехь», «Ненан мотт», «ХӀай, буьйса», «Бехк ма билла», дуккха а кхиерш а. Цо йазъина цхьайолу стихаш халкъан эшаршка йирзина, масала: «Винчу лаьмнашкахь», «Ӏаьржа буьйса», «Йезачу йоӀе», «Воккхачу стеган илли», «Хьайна лаахь», «Даймохк» иштта кхин а.

Йаздархочун «Лаьмнашкахь серло», «Тхан эвлахь», «Лаьмнийн некъашкахула» цӀераш йолу книгаш тӀера дукхахйолу произведенеш а йу йуьртан таханлера дахар гойтуш.

Абузар кхелхина 2005 шеран 27 майхь.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]