Каста (Латинан Америка)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Мексикин кастин систмин структура. Исбаьхьалча Игнасио Мария Барреда.

Каста (испан. casta) — расин иерархин система, кхоьллина испанийн мотт буьйцучу Испанин Америкера а, Филиппинашкара а элито колонин муьрехь, официалан йара XVII — XVIII бӀешерашкахь, факт хилла цуьнца дихкина терминаш чӀагӀделла бахамехь лалош, жигара леладо хӀинца а.

Кастин система йу ша бахархойн классификаци. Уьш йекъало расех схайаларца а, процетах оцу йа кхечу «цӀийнах»: оцу системера схьадовлу иштта терминаш, масала, мулаташ, метисаш, самбош и. кхин дӀа.

И система йоцуш, параллелан йара кхин — классификаци «кӀайн» оьздангалла карайерзоран тӀегӀанца, цуо боькъура «адамаш хьекъалца» а (испанхой а,испанин оьздангалла тӀеэцнарш а), «адамаш хьекъал доцуш» а (оьздангалла йоцу аборигенаш).

Башхаллаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

ХӀокху системин цӀе европахоша, хӀиндин варнин аналогица сехьайаьккхина хиларе хьажна ца Ӏаш, царна а, испанин кастанашна а йукъахь йара коьрта башхалла: варнаш йара гуттаренна а, гӀеххьа чекх ца валалуш а (наггахь бен ца магош зуда йалайар цхьацца луларчу варнера), ткъа испанин каста бух тӀехь йара ца валар расашна йукъара (касташна йукъара а) иэдар ца дича, оцу маьӀнехь алсама «маьрша», КъАР а, АЦШ а тӀехьара апартеидал.

Расин пропорцех дозуш, иза йа кхин касташ дукха йа кӀезга лакхара социалан хьоле хьажжина налогаш йохура.[1][2] Нагах, стаг билгала хьанах схьаваьлла ца хаахь, иза лорура кастера фенотайпане хьаьжжина. КӀайн чкъоьро, сирла месаша, испанхойх ваьлла хиларо статус ойура, ткъа африкин а, индахойн цӀий хиларо — статус охьайоккхара. ТӀаьххьара хӀуӀаьржачеран а, индахойн а тӀаьхьенаш «кӀайбала» таро йара испанхошка зуда йахийтича йа церан зуда йалийча, иза законо ца магийна дацара (АЦШх къаьсташ). ТӀаьххьара деаннах кхо дакъа испанхойн цӀий хилча бакъо лора цунна ша испанхо лара, хӀетте а Испанехь дуьненна тӀе бевллачеран лакхара статус йара, кӀайн колонехь бинчарел а (креолаш).

Этимологи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Сasta дош леладо иберо-романийн меттанашкахь (испанин, португалин, кхечу а) йуккъера бӀешерашкахь дуьйна маьӀнехь «ворин дай», «тайпа», «раса», шен рогӀех иза схьадолу лат. castus, «цӀена, бех ца дина» бохчу маьӀнехь. Нохчийн дешан маьӀна нох. къаста – декъало бохург ду. И дош тӀехьа дехьадаьккхина хӀиндин варнийн а, джатин а системин[3][4].

Классификаци[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Латиноамерикхо вуьззина европахойх схьаваьлла — креол
  • Америкин орамера вахархо — индахо
  • Африкехь винчух — негр
  • Ийна кхаа марех вина стаг — меланджен
  • Испанхо × индахо — метис
  • Испанхо × метис — кастисо, castizo
  • Кастисо × испанхо — креол
  • Индахо × негр — самбо
  • Африкаха × самбо — самбо-прието
  • Метис × негр — симарон, cimarrón (тар ма ло бевдда лайшах)[5]
  • Испанец × негр — мулат
  • Негр × мулат — негро-фино, negro fino
  • Испанхо × самбо — морено, moreno
  • Мулат × испанхо — мориско (тар ма ло морискех Испанера)
  • Испанхо × мориско — альбино
  • Альбино × испанхо — сальта-атрас, salta atrás или saltapatrás
  • Метис × мулат — апиньонадо
  • Индеец × метис — чоло, es:cholo йа койоте
  • Мулат × индеец — чино, chino
  • Испанхо × чоло йа койоте — арнисо, harnizo
  • Кастисо × метис — арнисо
  • Койоте × индахо — чамисо
  • Чино, chino × индахо — камбухо, cambujo
  • Сальта-атрас × мулат — лобо
  • Лобо × china — хибаро (таро ма далийта амазонкин тайпанах хиварох)
  • Хибаро × мулат — альбаразадо, albarazado
  • Альбарасадо × негр — камбухо, cambujo
  • Камбухо × индахо — самбаиго, sambaigo
  • Самбаиго × лобо — кампамулато, campamulato
  • Кампамулато × камбухо — tente en el aire[6]
Латиноамерикахойн кастийн таблица
дай-наной Испанхо Африкахо

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. David Cahill. Colour by Numbers: Racial and Ethnic Categories in the Viceroyalty of Peru (en) // Journal of Latin American Studies(ингалс.) : journal. — 1994. — Vol. 26. — P. 325—346. — DOI:10.1017/s0022216x00016242. Архивйина 2013  шеран  19 октябрехь. Архивированная копия. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 3 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 29 октябрехь
  2. Maria Elena Martinez (2002). «The Spanish Concept of Limpieza de Sangre and the Emergence of the Race/caste System in the Viceroyalty of New Spain, PhD dissertation». University of Chicago.
  3. "Caste, " Merriam-Webster’s Collegiate Dictionary, 10th edition. (Springfield, 1999.)
  4. "Caste, " New Oxford American Dictionary, 2nd edition. (Oxford, 2005).
  5. Casta (en) // Wikipedia, the free encyclopedia. — 2016-05-22.
  6. Negros, mulatos y trigueños, Juan Carlos Coria, EDUCAR

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]