ХӀуӀаьржа раса

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Бозо къоман йоӀ (Мали)

ХӀуӀа́ьржа ра́са (кхин а экваторан раса, малхбузаэкваторан раса) — уггаре яккхийчех цхьана могӀарехь кавказан, монголоидан, австралоидан расанашца адамийн раса[1][2][3].

XIX—XX бӀешерашкахь адамийн расийн дукхаха йолчу классификацешкахь хӀуӀаьржнарш цхьаьнатохара австралоидашца хӀуӀаьржа-австралоидан (экваторан) расане (масала, Г. Ф. Дебецан, Я. Я. Рогинскийн, М. Г. Левинан, кхечу а антропологийн классификацешкахь)[4][5]. Таханлерачу талламаш гайтина оцу шина расан юкъара генетикан башхаллаш, оцу шиннан кхечу расашца ериг а, ткъа цхьадолу тера хӀуманаш (чкъоьран, бӀаьргийн, месийн таьӀна бос, хьийзина месаш, кхин дӀа а) кхетадо терачу дахаран хьолашка воларца[6].

Дуьненан литературехь «хӀуӀаьржа» термин лело таро ю негрийн раса билгалйоккхуш, негрилли (пигмейш) а, койсаноидаш боцурш[7].

Американ антрополога К. С. Куна хӀуӀаьржа расан термин лелайора «конгоидаш»[8][9].

Билгалонаш[нисъе | нисъе чухулара]

ХӀуӀаьржа расан векалш (Конго хин бассейн, 1902)

ХӀуӀаьржа раса къаьста тӀаьхьайогӀучу антропологин башхаллашца[1][10][11]:

Шайн ареалан тайп-тайпанчу дакъошкахь хӀуӀаьржанарш къастало локхаллийца, чкъоьран бесца, балдийн стоммаллийца, меран шораллийца, кхечу сипташца (хийца ца лург массеран а хьийзина месаш ю), морфологица массарел чӀогӀа къаьсташ бу негрилли (чӀога лоха дегӀ) а, койсаноидаш (чкъор кӀаййо ду, юьх чӀапа, эпикантусца ю)[12] а.

Баржар[нисъе | нисъе чухулара]

ХӀуӀаьржа расан векалш баьржина коьрта мохк — Саьхьаран къилбехьара Тропикан Африка. Кхин а хӀуӀаьржанаш дукха бу Латинан Америкехь, Вест-Индехь, АЦШ — оцу мехкийн а, регионийн а хӀуӀаьржа бахархой Африкера балийна лайшан тӀаьхьенаш ю. хӀуӀаьржа расан векалш кхечарел алсама бу Гвианехь, Ямайкехь, Гаити Республикехь, Вест-Индин цхьацца кхин гӀайренийн пачхьалкхашкахь[1][12].

Кегийра расаш[нисъе | нисъе чухулара]

ХӀуӀаьржа расан юкъатуху Ӏаьржа, юккъераафрикан, къилбаафрикан кегийра расанаш. Наггахь шен коьрта векалш бушменаш а, готтентоташ а болу къилбаафрикан расане хьоьжу адамийн уггаре яккхийчу расане санна[13]. Кхин а ламастан классификацешкахь (масала, В. В. Бунакан классификацехь) хӀуӀаьржачарна юкъатуху йоккха хӀуӀаьржа расин малхбалеэкваторан (океанин) га долу меланезийн раса, дуьхьала хӀоттийна йолу малхбузаэкваторан (африкан) га Ӏаьржачу, юккъераафриканчу, къилбаафриканчу расашна[1][14][15].

Негрийн раса[нисъе | нисъе чухулара]

Негрийн раса — йоккхачу хӀуӀаьржа расехь, дукхаллин барамца а, дӀалоцу ареалца а коьрта ю. Негрийн жима расан векалш абсолютан дукха бу Саьхьаран къилбехьарчу Африкан махкахь. Оцу расан амалийн васташ: чӀогӀа Ӏаьржа чкъор; Ӏаьржа бӀаьргаш; Ӏаьржа хьийзина месаш; чӀогӀа шуьйра мара, чӀапа мерадукъ; чӀогӀа стаммий балдаш; долихокефали; юьхь лоха ю[16].

Негрийн расин юкъахь къаьста масех антропологин тайпа[17][18]:

ХӀора а антропологин тайпа, суданийн доцург, иэделла кхечу луларчу тайпанан я расан хӀуӀаьржачу тобанашца: юккъераафрикан тайпа — иэделла негриллийн (юккъераафрикан) расин векалшца, къилбаафриканского тайпа — иэделла койсаноидашца, нилотийн тайпа — иэделла Эфиопийн расан векалшца[17][18].

Юккъераафрикан раса[нисъе | нисъе чухулара]

Ака къомах зуда берашца (ДРК)

Юккъераафрикан (пигмейн, негриллийн) жима раса яьржина Юккъера Африкан экваторан догӀанийн хьаннашкахь пигмейшна (негриллишна) юкъахь. Оцу расан аматаш: дегӀан чӀогӀа лоха; мелла а сирла чкъоьран бос; жима юьхь, арадевлла бӀаьргаш; маж, мекхаш, дегӀан тӀиера месаш чӀогӀа йовлу; чӀогӀа шуьйра а, боца а маара, меран дукъ чӀапа, дукъ тӀедаьлла а долуш; дуткъа балдаш[19][20].

Юккъераафрикан расан юкъахь билгалдолу ши тайпа: малхбузан (бакола, бабинга, бака къаьмнаш Республика Конгохь, ткъа иштта ака къам Юккъерачу Африкан Республикехь) а, малхбален (къаьмнаш мбути Демократин Республика Конгон (ДРК) малхбалехь, тва ДРК, Руандехь, Бурундехь, Угандехь). Церан гергарлонех а, кхолладаларех а талламхойн цхьа ойла яц. Цхьаболчу антропологаш лору, малхбузан а, малхбаленм а пигмейн краниологин башхаллаш чӀогӀа ю, луларчу негрийн тобанел а. Малхбузан пигмейн тобанийн яккхийро яххьаш, дегӀана лекхо хуьлу малхбалерчу тобанел[21].

Юккъерачу Африкехь юккъераафрикан а, негрийн а расашна юкъара аматаш йолуш шортта популяцеш ю[21].

Къилбаафрикан раса[нисъе | нисъе чухулара]

Къилбаафрикан (капоидан, койсаноидан, бушменийн) раса — йоккхачу негрийн расан вариант ю, яьржина Къилба Африкан екъачу областашкахь. Оцу расан амале аматаш: дегӀан лоха; дикка чӀапа юьхь; жима лахара мочхала, иза бахьнехь юьхь кхосаберг санна хуьлу; мара дикка буткъа чӀапа дукъ долуш; кхиина эпикантус; гӀеххьа сирла можо-боьра чкъор; йоца хьийзина месаш; зударийн стеатопиги; чӀогӀа гӀийла маж а, мекхаш а довлу. Койсаноидийн цхьа дакъа, уггаре хьалха, эпикантус хиларна, монголийн сипташ тера догӀуш ду[22].

Ширачу заманахь къилбаафрикан расан векалш лоцура кхин а шуьйра мехкаш, амма дӀатеттира къилбехьа, екъачу регионашка негрийн расера банту къаьмнаш дӀасакхалхар бахьнехь. Банту меттанара тобанаш дӀасакхелхачу заманахь тарло, койсаноидаш шина тайпана кхоллабелла хилар — бушменийн а, готтентотийн. ТӀаьхьара тайпа билгалдолу лекха, доккха дегӀаца. Тардолийта, готтентотийн тайпа бушменийчух къастар хилла готтентоташ негрийн расан векалшца иэр бахьнехь, цул сов, тера ду, готтентоташа банту къаьмнашкара схьаэцна даьхний лелор, иза бахьнехь ширачу лахьош болчеран дахаран васт а, дааран тайпа а хийцаделла, цуо а Ӏаткъам бина куьцан[23].

Ийна а, шина тобана юкъара тобанаш а[нисъе | нисъе чухулара]

Африкан тайп-тайпанчу кӀошташкахь, ткъа дикка хьалхарчу хенахь, царна арахьа а, метисаци яр бахьнехь кхоллаелла кхечу расийн аматаш йолу хӀуӀаьржачеран популяцеш. Иштта, масала, кавкасионашца иэелла тобанаш хаало негроидийн ареалан дозанехь сахаран бухара зона. Кавкасионашна а, негроидашна а юкъара меттигехь лаьтта Малхбуза Суданан тобанаш — церан векалш фульбе а, кхин долу къаьмнаш а. Иштта шира схьадалар долу Эфиопийн раса яьржина Африкан МаӀанехь — меран кепаца а, юьхьан куцаца а эфиопаш ца къаьста къилба кавкасионех, ткъа чкъоьран бесца уьш тера бу негроидех. Суданера тӀаьхьа евлла ийна тобанаш хилла Къилбаседа Африка Ӏаьрбаша яккхар а, Ӏаьрбийн мотт буьйцу кавкасионийн къилба тобанаш Африкан кӀоргене кхачар а бахьнехь. Негроидийн а, къилба монголоидийн а ийна сипташ ду Мадагаскаран бахархойн (тайп-тайпана расийн сипташ оцу я кхечу малагасийхойн чӀогӀа хийцалуш ду). Ийна кавкасионийн-негроидийн сипташ хаало Намибин (готтентотийн-европахойн метисаш — рехоботан бастардаш) а, КЪАР а бахархойн декъан. Тайп-тайпана тӀегӀанера негроидийн сипташ хаало цхьайолчу Американ популяцийн — негроидашца ийна тобанийн векалех олу мулаташ а, самбо а. Бахархойн доккхаха долу дакъа мулаташ бу Бразилехь, Венесуэлехь, Кубехь, кхечу мехкашкахь а, мулаташна юкъадоьду иштта къилба АЦШ къилбаамериканхой [12].

Схьабовлар[нисъе | нисъе чухулара]

Цхьацца «негроидийн» сипташца (масала, прогнатизмаца) йолу уггаре шира туьта Назлет Хатер 2, Къилба Мисрахь карийна, цуьнан 40—35 эзар шо зама ю[24].

Цуьнца цхьаьна, ширачу заманера билггала хӀуӀаьржачеран ю ала мегардолу карийнарш, хуьлуьйту генарчу заманера (хан 18—12 эзар шо), уьш карайо дукхах дерг Къилбаседа Африкехь. Оцу муьрера хӀуӀаьржа расан аматаш билгалъяхало цхьа могӀа даьӀахкаш евза Экваторан Африкехь, амма церан классификаци ян халаду даьӀахкийн дакъош бен ца карадар бахьнехь. ХӀуӀаьржа расан хӀинцалера вариант, тера ду, голоценал хьалха ца кхоллаялар (11 эзар шо гергга хьалха)[7].

Къилбаафрикан расица гергарло гучудоккху бакъ долу карораш, иштта, хила герга ду, голоценера. Иштта тайпа кхолладаларан Ӏаткъам бина хила тарло, 25 а, 16 а эзар шераш хьалха шен максимуман къасторан хьолаш, оцу хенахь Африкан къилбан доккхаха долу дакъа якъолаш хӀиттина дахаран пайден дацара, цара къастийра къилбаседаафрикан популяцеш къилбачарех. Бушменийн а, готтентотийн а генетикан къастар алсама хилар бахьана ду генийн дрейфан жигара процессаш, уьш хуьлура койсаноидийн кӀезиг хиларна, ткъа ехачу заманахь шеш Ӏийна болу австралийн аборигенийн кӀезига ю генетикан бошхаллаш. Хетало, Бушменаш а, готтентоташ а къастийна латтор дахделира йоккхачу хенан заманна (75—60 эзар шо)[23].

Юккъераафрикан раса схьаяларх масех гипотеза ю. Царех цхьаьнца, пигмейш генара орамаш болуш бу (кхоллабелла 40 эзар шо хьалха), иштта оцу гипотезаца пигмейн дикка хьалхара декъадалар хилла малхбуза а, малхбален а тобанашка (18 эзар шо хьалха), цу тӀе пигмейш къилбаседехьара баьхкинчу хӀуӀаьржачаьрца иэр къобал ца до. Иштта пигмейш шира схьадалар долуш хилар къобалдечу кхечу гипотезица, лору, малхбуза а, малхбален а тобанашка бекъабалар гуттара тӀаьхьа хилар — 5 - 3 эзар шо хьалха. Кхин а цхьаьна гипотезица, хила тардолуьйту, пигмейш 4—5 эзар шо хьалха латта лелор тӀиера юха а шозлагӀа лахьор тӀедевлла популяцеш хилар, цу тӀе малхбуза тобанаш кхоллаелла оццу хенахь малхбален тобанаш малхбузехьа кхелхаш, цул тӀаьхьа метисаш хуьлуш хӀуӀаьржа расийн тобанашца. Цхьаболчу талламхоша кховдайо пигмейн малхбуза а, малхбален а тобанаш къаьстина бух болуш хиларан верси, цуо таро ло, царна хетарехь, цхьаъ а ца къастош, хӀуӀаьржачеран ши раса къасто[21].

Ша-кепара хьажар ло хӀуӀаьржа расан схьаяларе генетикан талламаша. Иштта, хиина, африкан популяцеш дуьхьала лаьтта ерриг йисина адаман тобанашна цхьанне схьаэцна. Цу тӀе хӀуӀаьржачеран цхьаалла яц, уьш ю мелла а хьалхо къаьстина адаман асанаш. Ишттачу цхьаьна асан тӀаьхьенаш хилла африкан йоцу адамаллин тобанаш — кавкасионаш, австралоидаш, монголоидаш. Кхин африкан асанаш, масала, койсаноидаш а, пигмейш а, дуьхьала лаьттина ца Ӏа массо а хӀуӀаьржачеран асанашна, уьш дуьхьала лаьтта кхечу континенташ тӀиера ерриг йисина цхьаьнатоьхна адамаллин тобанашна[25].

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1 2 3 4 Негроидная раса / Пестряков А. П. // Нанонаука — Николай Кавасила. — М. : Большая российская энциклопедия, 2013. — С. 268. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 22). — ISBN 978-5-85270-358-3.
  2. Расы человека / Перевозчиков И. В. // Пустырник — Румчерод. — М. : Большая российская энциклопедия, 2015. — С. 257—259. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 28). — ISBN 978-5-85270-365-1.
  3. Брук С. И., Чебоксаров Н. Н. Расы человека // Народы мира: историко-этнографический справочник / Редкол.: С. А. Арутюнов, С. И. Брук, Т. А. Жданко, А. Н. Кожановский, Л. Е. Куббель, В. М. Макаревич, А. И. Першиц, В. В. Пименов, П. И. Пучков, Н. Е. Руденский, В. А. Тишков; гл. ред. Ю. В. Бромлей; Науч.-ред. совет изд-ва «Советская энциклопедия», АН СССР; Ин-т этнографии им. Н. Н. Миклухо-Маклая. — М.: «Советская энциклопедия», 1988. — С. 16.
  4. Негро-австралоидная раса // Нанонаука — Николай Кавасила. — М. : Большая российская энциклопедия, 2013. — С. 268. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 22). — ISBN 978-5-85270-358-3.
  5. Схемы расовых классификаций человечества Г. Ф. Дебеца и Я. Я. Рогинского и М. Г. Левина в статье И. В. Перевозчикова «Расы человека». — Пустырник — Румчерод. — М.: «Большая российская энциклопедия», 2015. — С. 257—259. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—, т. 28). — ISBN 978-5-85270-365-1
  6. Дробышевский С. В. Достающее звено. Родственны ли австралийцы негроидам?. Antropogenez.ru (2017). Архив йина хьалхара хьостан чура 2017 шеран 30 декабрехь.
  7. 1 2 Дробышевский С. В. Достающее звено. Происхождение негрской расы. Antropogenez.ru (2017). Архив йина хьалхара хьостан чура 2017 шеран 29 декабрехь.
  8. Coon C. S. The Origin of Races. — New York: Alfred A. Knopf[en], 1962.
  9. Конгоид. Физическая Антропология. Иллюстрированный толковый словарь. EdwART (2011). Архив йина хьалхара хьостан чура 2017 шеран 30 декабрехь.
  10. Алексеева, Богатенков, Дробышевский, 2004, с. 167.
  11. Брук С. И., Чебоксаров Н. Н. Расы человека // Народы мира: историко-этнографический справочник / Редкол.: С. А. Арутюнов, С. И. Брук, Т. А. Жданко, А. Н. Кожановский, Л. Е. Куббель, В. М. Макаревич, А. И. Першиц, В. В. Пименов, П. И. Пучков, Н. Е. Руденский, В. А. Тишков; гл. ред. Ю. В. Бромлей; Науч.-ред. совет изд-ва «Советская энциклопедия», АН СССР; Ин-т этнографии им. Н. Н. Миклухо-Маклая. — М.: «Советская энциклопедия», 1988. — С. 17.
  12. 1 2 3 Брук С. И., Чебоксаров Н. Н. Расы человека // Народы мира: историко-этнографический справочник / Редкол.: С. А. Арутюнов, С. И. Брук, Т. А. Жданко, А. Н. Кожановский, Л. Е. Куббель, В. М. Макаревич, А. И. Першиц, В. В. Пименов, П. И. Пучков, Н. Е. Руденский, В. А. Тишков; гл. ред. Ю. В. Бромлей; Науч.-ред. совет изд-ва «Советская энциклопедия», АН СССР; Ин-т этнографии им. Н. Н. Миклухо-Маклая. — М.: «Советская энциклопедия», 1988. — С. 23—24.
  13. Алексеева, Богатенков, Дробышевский, 2004, с. 161.
  14. Схема расовой классификации человечества В. В. Бунака в статье И. В. Перевозчикова «Расы человека». — Пустырник — Румчерод. — М.: «Большая российская энциклопедия», 2015. — С. 257—259. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—, т. 28). — ISBN 978-5-85270-365-1
  15. Алексеева, Богатенков, Дробышевский, 2004, с. 165—166.
  16. Негрская раса / Пестряков А. П. // Нанонаука — Николай Кавасила. — М. : Большая российская энциклопедия, 2013. — С. 268—269. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 22). — ISBN 978-5-85270-358-3. Архивацийина 30 декабрехь 2017 шеран.(Хьаьжина 30 декабрехь 2017)
  17. 1 2 Дробышевский С. В. Достающее звено. Первые настоящие негроиды: голоцен. Antropogenez.ru (2017). Архив йина хьалхара хьостан чура 2017 шеран 29 декабрехь.
  18. 1 2 Алексеева, Богатенков, Дробышевский, 2004, с. 167—168.
  19. Центральноафриканская раса / Пестряков А. П. // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
  20. Алексеева, Богатенков, Дробышевский, 2004, с. 168.
  21. 1 2 3 Дробышевский С. В. Достающее звено. Происхождение центральноафриканской (пигмейской) расы. Antropogenez.ru (2017). Архив йина хьалхара хьостан чура 2017 шеран 30 декабрехь.
  22. Южноафриканская раса / Пестряков А. П. // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
  23. 1 2 Дробышевский С. В. Достающее звено. Древнейшие бушмены — спорные и бесспорные. Antropogenez.ru (2017). Архив йина хьалхара хьостан чура 2017 шеран 30 декабрехь.
  24. Дробышевский С. В. Достающее звено. «Протонегроиды». Antropogenez.ru (2017). Архив йина хьалхара хьостан чура 2017 шеран 30 декабрехь.
  25. Козинцев А. Г. Мир антропологии. Публикации. Расовая классификация в свете новых генетических данных. Antropogenez.ru (2018). Архив йина хьалхара хьостан чура 2017 шеран 30 декабрехь.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]