Расизм

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Вивиан Мэлоун яра Алабаман Университетехь дешна хьалхара Ӏаьржа Iамеркхо. 1963 шаре кхаччалц университетехь расийн сегрегаци яра. КӀайн боцчу студенташна магош дацара цига лела.

Расизм — гергара доцчу къаьмнашна юкъахь мостагӀалла лело кхоьллина буржуазин реакционни теори ю[1]. Расизм- шайн политикин а, экономикан а Ӏедал дӀахӀотто гӀерташ йолу тобанийн карахь долу уггар даьржина «герз» ду. Цуьнан уггар кхераме кепаш ю: апартеид а, геноцид а. Расизм- адамийн расаш бакъонашкахь цхьабосса цахиларехь лаьцна Ӏилманца йогӀуш йоцу идеаологи ю. Расизм кхоллаелла леш бацабен дӀахӀоттам хилчу муьрехь. Ткъа расистийн теореш хӀоттийна 19-чу бӀешерахь.

Расизман таханлера кепаш дукхахьолехь йоьзна ю халкъашна юккъахь йолчу биологин башхаллаш чулоцуш социалан кхетамашца.

Дуьххьара «расизм» дош билгалдаьккхина 1932-чу шарахь Ларуссан французийн дошамехь. Оцу жайнехь расизм билгалъяьккхина «цхьа расийн тобанан олалла кхийолу расийн тӀехь дӀахӀоттош йолу система» санна.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]