Бага (дитт)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Бага
Бага. Ша лаьттачу диттан йукъара кеп
Бага. Ша лаьттачу диттан йукъара кеп
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Pinus L., 1753
Номенклатуран тайпа
Бухара тайпанаш
Ареал
сурт

Бага (лат. Pínus) — Баганан (Pinaceae) доьзалера баганан диттийн, коьллийн тайпа.

Баганаш — нисса мутовкин шина тайпана — деха а, доца а, геннаш а, зуьгалш а долу ораматаш. Бага хуьлу доца зуьгалш тӀехь. Доцучу зуьгалш тӀера баганан кӀохцалийн барамца баганаш декъало шинабаганан, кхаабаганан, пхеабаганан.

Таханлерачу хаамашца, йу 130 гергга баганан кеп[2], уьш Ӏаламехь кхуьу дерриг Къилбаседа эхиг экватор тӀера, Полюсан дехье кхаччалц. Бараман а, субарктикин а климатехь царех лаьтташ хьаннаш хуьлу аренашкахь а, лаьмнашкахь а, ткъа субтропикин а, тропикин а климаташкахь кхуьу экваторан гергахь, алсама лаьмнашкахьх, хӀетте аренашкахь а кхуьу, масала, карибан бага.

Ботаникин сурт хӀоттор[нисйе бӀаьра | нисйе]

Баганаш — гуттар сийна, силам алсама болу дитташ (дукха хьолехь чӀогӀа даккхийра, кӀеззиг кегийра, наггахь коллаш санна).

Боьрша стробилашца йолу пинин (Pinus pinea) зуьгал

Баганан зуьгал, кедрийн, зезнийн, харцзезнийн санна, шина тайпана ду: деха а, доца а. Дехачу зуьгалшна тӀера гӀаш боьра а, пелагаш долуш а ду. Доца зуьгалш тӀера гӀаш 5—9 см деха, кӀохцалгаш долуш, лаьтта курсашкахь шишша—пхиппа, бух тӀехь гуо бина чӀураман вокано. Курс йукъахь долчу гӀан бараме хьаьжжина баганан тайпанех олу шикӀохцалниг, кхокӀохцалниг, пхикӀохцалниг. Иштта, ма-йарра бага (Pinus sylvestris) а, хӀурдйистера бага (Pinus pinaster) — шикӀохцалниг, сибрехан бага (Pinus sibirica) а, японин кӀайн бага (Pinus parviflora) а — пхикӀохцалниг, Бунге бага (Pinus bungeana) — кхокӀохцалниг[3]. Зуьгалш тӀера гӀаш лаьтта масех шарахь. Наггахь, сагалматаша йохайар бахьнехь, баганан тӀехь кхуьу розеткин зуьгалш. Иштта зуьгалш чӀогӀа йоца хуьлу, доца а, шуьйра а кӀохцалгийн курсаш хуьлу.

Боьрша стробилаш гулйина къоначу геннийн бух тӀехь кан кепара. Дургалан тӀоьрмигаш делало дохаллехь детӀий. Стен стробилаш хуьлу диттан лакхарчу декъера бӀараш чохь.

Микроскоп бухара баганан шина хӀаваан тӀоьрмиган амалера ламанан баганан дургалан буьртиг

БӀараш хӀоан кепара йа дехо, дукха хьолехь олладелла, ткъа кхиина даьлча дуьззина охьадужуш хуьлу. Уьш лаьтта гераган кепара дехкина дечиган йа цӀоканан, сенаш болу турс кепара чаккхенгахь стомма дина стоьмийн пелагех. И пелагаш йуьхьанца луьста тӀеттӀатаьӀна хуьлу, дуьззина кхиича дӀасадоьду, хӀуш гучу а дохуш, уьш лаьтта хӀора пелаган дуьхьала шишша. ХӀуш доккхачу декъехь тӀемаш долуш, наггахь доцуш, бӀар кепара чӀогӀа ботт йолуш. зӀийдигехь хила тарло 4 - 15 хӀун дакъа.

Даржар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ареал йаьржина Полюсан дехьера экваторан кӀошташка кхаччалц. Бага дуьненахь уггаре дукха даьржина диттех ду, тӀаккха а шен барамца (диттийн барамца) а, хьаннийн майданца а кӀезиг ду зезнел. Ареалан йерриг дуьненан майданца баганан дитташна йукъахь хьалхара меттиг йоккху, ткъа дерриг диттийн тайпанашна йукъахь цул сов ду дак, маъ, талл, дакх. Россехь тайпа гайтина 16 акха кхуьу а, 73 диллинчу лаьттан интродукци йина баганаша[4].

Россехь а, луларчу мехкашкахь а акха кхуьу кепех, уггаре боккха тидам бан беза мА-йарра баганан (Pinus sylvestris L.). Иза 40 м гергга лекха доккха дитт ду, жима долуш пирамида кепара кондарш йолуш, къанделча четар кепара. Баганан кӀохцалш лаьтта шишша цхьаьна, лахахь таьӀна-баьццара, лакхахь айсина-баьццара басахь, дукхаха дерг 4—5 см деха. Чкъор цӀен-боьра. БӀараш (къонанаш) конусан кепара, церан пелагийн турс ромбан кепара хуьлу. ХӀуш беха тӀам болуш.

Томан аьтту берд тӀера бага

Бага чӀогӀа даьржина Россин йерриг къилбаседехь, доккхаха долу дакъа Сибрехахула, хуьлу цӀенна баганан хьаннаш а, кхин а ийна базанца а, кхечу тайпанашца а. Баганан хьун алсама хуьлу гӀамаран латта тӀехь а, тархийн субстрат тӀехь а. Киевхула чекхйолучу асанан къилбехьа, цул тӀаьхьа Ока эркаца Цна эркан хикхоче кхаччалц, цул тӀаьхьа Казанехула а, Камин а, КӀайн эркашна дохаллица Уфа кхаччалц бага кӀезиг хаало, киран басешца кегийра боьлакаш йеш, кхин а гӀамарш тӀехь. Тардолуьйту оцу меттигашкахь бага хьалха йаьржина хилар, хӀинцачул алсама, амма тӀаьхьа уьш дӀайевлира климат йохйалар бахьнехь. Каменец-Подольский, Днепр, Саратов, Оренбург гӀаланашна къилбехьа аренашкахь йац бага, амма йуха а гучуйолу Кавказехь, цигахь иза кхуьу дукха меттигашкахь. Иза наггахь хаало къилбаседа Туркестанехь, Кокшетау, Каркаралы лаьмнашкахь, малхбалехьа Сибрехахула кхочу Тийна океан тӀекхаччалц. Красноярскан махкахь бага гайтина кхаа кепо: кулундински (Минусинскан хьаннаш); сибрехан (мехкан кӀоштийн алсама йу), лапландин (62° къ-с.ш. къилбаседехьа).

Коьртаниг Сибрехахь йаьржина баганан кхин кеп, — Сибрехан кедр (Pinus sibirica Du Tour). Амуран областехь гучуйолу баганан кхоалгӀа кеп, иза хьалхарчун гергара йу, — Корейн кедр (Pinus koraiensis Siebold & Zucc.), цуьнан алсама озийна бӀараш а, хӀуш а хуьлу.

Малхбален Сибрехахь, Байкалдехьара Камчатке кхаччалц, Якутера а, Колымара а Амуран областе, Хабаровскан а, ХӀордайистан а мехкашка кхаччалц чӀогӀа йаьржина цхьа жима баганан кеп, цуо гойту «кедр миниатюрехь». Иза йу Кедран стланик (Pinus pumila Regel). Иза чӀогӀа гергара йу сибрехан кедран, амма йерриг цуьнан меже дуккха а кегийра йу. Башха гӀочу хьолехь иза метрал лакха ца йолу. Шен популяцехь малхбален Сибрехан лаьмнашкахь а, аренашкахь а кхуллу къух, кхуьу чӀогӀа луьста, новкъахой лела гӀаш а, сайнаш тӀехь а оцу диттан кондарш тӀехула. Малхбален Саянан а, Алтайн а лекха лаьмнашкахь хаало сибрехан кедран стланикан кеп, иза дукха хьолехь тарло кедран стланиках.

Баганан къилба кепех цхьаъ — ГӀирмин бага (Pinus nigra J.F.Arnold), ГӀирмин лаьмнашкахь цара кхуллу боьлакаш, цхьаццанхьа хаало Кавказехь а. ГӀирмехь кхуьу акха а, культурин а бага (дукха йу адамо дӀайийна а). Хуш дуу мерза кхача санна.

Ша-кепара кондар йолу Италин пини (Pinus pinea L.), кхуьу Латтайуккъера хӀордан областехь Мадейрин тӀера Кавказ тӀе кхаччалц.

Ламанан бага (Pinus mugo Turra) кхуьу лаьмнийн цанийн асанан областашкахь Пиренейшкара Кавказе кхаччалц.

Къилбаседа Америкин малхбузен декъехь даьржина Можа бага (Pinus ponderosa Douglas), иза уггаре шуьйра даьржина а, сих-сиха хаало а Къилбаседа Америкин бага ду. Иза дуьненахь уггаре лекха баганех цхьаъ ду, 81 метр лекха дитташ а девза.

Шен даккхий бӀарашца (йуккъера барам 25-50 см, наггахь 66 см деха) къаьста Ламбертан бага (Pinus lambertiana Douglas), иштта даьржина Къилбаседа Америкин малхбузен декъехь. Иза а ду баганехь уггаре лекха, локхаллехь кхочу 82 метр. Оцу кепан силамца алсама шекар ду, цундела цунах Америкехь шекаран бага олу.

Оццу регионехь (Колорадо, Аризона, Нью-Мексико штатийн лаьмнаш) хаало Кенаш долу лаьмнашна йукъара бага (Pinus longaeva D.K.Bailey), дахаран рекорд йолу дитт: девза 5000 кхаччалц а, сов а зама йолу дитташ.

Къилбаседа Америкин малхбален декъехь кхуьу сибрехан кедрах тера долу, амма нийса а, ховха кӀохцалг долу а Веймутан бага (Pinus strobus L.). И дитт локхаллехь кхочу 50 м. иза долу Канадера Аллегане кхаччалц.

Америкин амалера кепаш йу кхин а Культеран бага (Pinus coulteri D.Don), Сира бага (Pinus sabiniana Douglas) Хьарчийна бага (Pinus contorta Douglas), кхин а.

Культиваци йар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бага ду чӀогӀа серло йеза дечиган тайпанех, амма тӀаккха а дукха хьолехь хуьлу цӀена доьгӀна. Цуьнан бахьна ду, иза латтана уггаре экама доцуш дитт хилар, цундела иза кхуьу кхин дитташ ца кхуьу кӀезга хьоналла йолчу латташна тӀехь а.

Иза доьзна ду баганан орамаш тӀехула даржарца, ораман система кхуьу дуткъа (1—2 м) лаьттан хьенан чкъоьрехь, гӀамарш тӀехь а. Масала, Карелехь баганан хила таро йу шуьйра ораман система (даккхийн диттийн хуьлу цхьацца ораман зуьгалш 20 метр деха а долуш), уьш лаьтта 1 метр стомма бен доцучу чкъоьрехь. ЦӀена доьгӀна баганашца догӀу латташ ду декъа гӀамаран латташ, царна тӀехь кхуьу баганан хьун. Ишттачу хьаннийн башха амал йу церан цхьа хан хилар, иза кхетадо, уггаре кӀезиг адам дехачу меттигашкахь а царна чӀогӀа ницкъ хилар хьаннаш йагар бахьнехь, атта хӀу даьржаш, хӀора цӀерал тӀаьхьа, йуха а довлу цхьаьна хенара дитташ.

Баганан хьаннашкахь чутаьӀна меттигашкахь баганех наггахь иэн ло дакхаш, кӀайн маънаш, цхьацца дакаш; алсамо садаьӀна латан тӀехь, алсама иэн ло тайп-тайпана гӀа долу породаш, кхин а алсама латта тӀуьна хилча баганца иэн ло, дукха хьолехь дикка ладаме барамашкахь, база, ткъа къилбаседа хьаннашкахь, кхин баганан тайпанаш а. ТӀаьххьара, бага хаало корсаман уьшалш тӀехь, амма цигахь, иза чӀогӀа меллаша кхуьу, бӀе шо кхаьчначу хенахь а жима дитт санна хуьлу, гӀад хуьлу цхьа вуьрша санна стомма. Алсама деба латтанаш тӀехь, царех уггаре диканиш ду гӀамарийн латтанаш, иза дикка сиха кхуьу, цунах хуьлу уггаре сиха кхуьучу баганийн тайпанех цхьаъ.

Бага, баганан тайпа санна, йуха ца долу хушца бен, цундела пайден дац лакха гӀад долчу пайденна бен; дукха хьолехь дийна дитташ хьокху 80 – 120 шарахь, наггахь бен церан хан охьа ца йоккху 60 шере йа ойу 150 шере.

Баганаш сурт дилларан говзаллехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Добровлянский, Василий Яковлевич. Сосна // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Сосна (род деревьев) // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  • Кеп:Книга:Жизнь растений
  • Бекетов А. Н. О влиянии климата на возрастание сосны и ели // Труды 1-го съезда естествоиспытателей в Петербурге. Отделение ботаники. 1868. С. 111—163.
  • Орлова Л. В. Диссертация: Сосны России (Pinus L., Pinaceae): систематика и география. — СПб., 2005.
  • Pinus // Flora of China : [англ.] = 中国植物志 : in 25 vol. / ed. by Z. Wu, P. H. Raven, D. Hong[d]. — Beijing : Science Press ; St. Louis : Missouri Botanical Garden Press, 1999. — Vol. 4 : Cycadaceae through Fagaceae. — P. 12. — 453 p. — ISBN 978-0-915279-34-0. — ISBN 978-0-915279-70-8 (vol. 4).
  • Миглинский. Культура сосны. М.:, 1896.
  • Колесов. Посадка сосны на песчаных почвах. Харьков, 1893; 2-е изд., 1900.
  • Правдин Л. Ф. Сосна обыкновенная. Изменчивость, внутривидовая систематика и селекция. М.: Наука, 1964. 190 с.
  • Проскурякова Г. Сосна // Наука и жизнь : журнал. — 1987. — № 2. — С. 157-160, 3 стр. обл..
  • Тимофеев В. П. Старейший опыт географических культур сосны обыкновенной // Лесное хозяйство, № 8. 1974, с. 35-39
  • Туллус Х. Х. Продолжительность жизни хвои сосны обыкновенной в Эстонии // Лесоведение, 1991. № 4. С. 89-92.
  • Новицкая Г. Сосны для малого сада. // Цветоводство, № 1, 2008, с. 48—52
  • С. Я. Соколов, И. П. Замотаев. Глава 9. Лекарственные растения, обладающие отхаркивающими и рвотными свойствами // Справочник по лекарственным растениям. — 1991. — С. 187—189. — 414 с. — 50 000 экз. — ISBN 5-615-00780-X, ББК 53.52.
  • Critchfield W. B., Liftle E. L. Geographic distribution of the pines of the world // U.S. Department of Agriculture, Forest Service, Misc. Publ. 991. — Washington, 1966 (ингалс.)
  • Jalkanen R., Aalto T., Kurkela T. Development of needle retention in Scots pine (Pinus sylvestris) in 1957—1991 in northern and southern Finland // Trees, 1995. № 10. P. 125—133.
  • Jalkanen R., Aalto T., Kurkela T. Revealing past needle density in Pinus spp. // Scand. J. Forest Res., 1998. № 13. P. 292—296.
  • Kurkela T., Jalkanen R. Reveling past needle retention in Pinus spp. // Scand. J. Forest Res., 1990. № 5. P. 481—485.
  • Opiz F. M. Seznam rostlin kveteny ceske. Mala Encyklopedie Nauk. — Praha, 1852. — Dil. 10 (чех.)
  • Mirov N. T. The genus Pinus. — N.-Y.: Ronald Press, 1967
  • Gernandt, D. S. et al. 2005. Phylogeny and classification of Pinus. Taxon 54:29-42.(ингалс.)

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Pinus(ингалс.): таксонех болу хаамаш Tropicos сайт тӀехь бу.
  • Pinus (pine) description / Christopher J. Earle (ed.) // The Gymnosperm Database. — Вистхиларан терахь: 15.05.2018.
  • Pinus на сайте USDA NRCS(ингалс.)(ингалс.) (Хьаьжина 15 сентябрехь 2009)