ГӀа
Арахьара хатӀ
Кхуза хьажош ду дехар «ГӀан дечиг». ХӀокху темин оьшу ша агӀо.
ГӀа (дукх. гӀаш; лат. folium, желт. φύλλον) — ботаникехь ораматан арахьара меже, коьрта функцеш йу фотосинтез, газхийцар, транспираци. Оцу Ӏалашонна гӀан, дукхах дерг, экъан структура йу. Цуо хлоропласташна чохь йолу леррина пигмент [[хлорофилл] ] ло клеткашна, ткъа цуо мелхан серло кхачайо. ГӀа кхин а садаӀаран а, Ӏаьнаре дерзаран а, гуттацин а (хин тӀадамаш дийлар) ораматан меже йу. ГӀашка шайна чохь хи а, даар а сацало, ткъа цхьацца ораматийн кхин функцеш а кхочуш йо.
ГӀан анатоми
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дукхахдерг, гӀа лаьтта тӀаьхьарчу дакъойх:
- Эпиде́рмис — Ӏаламан гӀочу Ӏаткъамах а, хи сов Ӏанаре дерзарх а ларде клеткийн пардо. Дукха хьолахь гӀан эпидермисан тӀехула диллина лардаран балоз кепара чкъор (кутикула).
- Мезофи́лл, йа паренхи́ма, — чоьхьара, коьрта функци фотосинтез йолу хлорофилл доккху дакъа.
- Хьасанийн маша, чухула хи а, дашийна туьханаш а, шекарш а, механикин элементаш лела курсашца кхоьллина йолу (чухула лела), пхенех а, цацакепарчу трубканех а лаьтта меже.
- Хиеронаш — гӀан бухахь лаьттачу клеткийн леррина комплексаш; царна чухула сов хи Ӏаьнаре а долу (транспираци), газ а хуьйцу.