Анжи

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Российн байракх Анжи
FC Anzhi Makhachkala Logo.svg
Юьззина
цӀе
Футболан клуб «Анжи» ХӀинжа-ГӀала
Йина 1991
Стадион «Анжи Арена», Каспийск
Чухоам 26400[1]
Президент Российн байракх Ӏусман Кадиев
Ген. директор Российн байракх Абсалутдин Агарагимов
Тренер Российн байракх Валерий Бармин
Капитан Российн байракх Мухьаммаднеби Ягьяев
Бюджет 22 млн ₽[2]
Спонсор Parimatch
Сайт www.fc-anji.ru
Къовсамаш ПФЛ хьалхеяккхар
(зона «Юг»)
2019/2020 15x15px 15-га меттиг РПЛ
(ПФЛ охьаялар нисделла ахча ца тоарна)
Форма
Коьрта
форма
Форма
ХьошалгӀахь
форма

«Анжи́»Россин ХӀинжа-ГӀалара футболан клуб. Кхоьллина 1991 шеран 12 майхь. 2012/13 Российн чемпионатан борзанан совгӀатхо, Российн Кедан 2000/01 а, 2012/2013 а финалист. Российн чемпионатан цӀера матчаш ловзайо Каспийскехь «Анжи-Арена» стадион тӀаьхь. 2019/2020 шарахь ловзуш ю ПФЛ хьалхеяккхарехь («Къилба» зона).

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Футболан клуб «Анжи» кхоьллира 1991 шарахь «Дагнефтепродукт» цхьаьнакхетараллин директоро Магомедов Мохьмад-Султана а, ХӀинжа-ГӀалан берийн футболан ишколан директоро Маркаров Александра. Ша «Анжи» дош — шира гӀумкийн хӀинца ХӀинжа-ГӀала йолчу меттиган цӀе ю[3].

Дуьххьарчу шарахь «Анжи» командо яьккхира ДегӀастан чемпионат, цуьнца Профессионалийн футболан лигехь ловза бакъо яьккхира. Профессионалийн тӀегӀанера дуьххьарчу шарахь клубо 5-гӀа меттиг яьккхира шен дивизионехь, ткъа шолгӀачу шарахь, турнир схьаяьккхира. Амма ерриг российн хьалхеяккхарехь хилла хийцамаш бахьнехь хӀинжа-гӀалахой бисира шолгӀачу дивизионехь. Кхин а кхо шо дийзира «Анжин», российн футболан системехь цхьа тӀегӀа хьалаяла. Иза хилира Малофеев Эдуард куьйгаллехь волуш, иза волавелира клубан тренировкаш ян 1996 шарахь, оццу шарахь цуо иза хьалаяьккхина российн хьалхеяккхаран хьалхарчу лиге.

Шо хьалха «Анжин» цӀе 1995/96 шеран Российн Кедан 1/16 тӀегӀанехь гӀараелира. Иза левзира ловзуш йолчу Российн чемпионца — «Аланица», «Анжис» иза турнирера аракхоьссира, тӀетоьхначу хенахь 2:1 жамӀ долуш тола а тоьлла. Кхин цхьа раунд дехьаяьлла, «Анжи» 1/4 тӀегӀанехь ийшира москохан «Динамол».

Хьалхара дивизион 1996—1999[нисъе бӀаьра | нисъе]

«Анжи» толамаш баьхнарг - Гаджиев Хьаьжи

1996 а, 1997 а шерашкахь хӀинжа-гӀалахой таблицан юккъехь чекхдехира, 13-гӀа а, 12-гӀа а меттигаш ехира. 1999 шарахь клубан президент хаьржира Хизри Шихсаидов, ДегӀастан республикан правительствлон председатель. Клубе кхайкхира гӀараваьлла ДегӀастан тренер Гаджиев Хьаьжи, цунна хьалха лакхарчу дивизионе хьалаяккха Ӏалашо хӀоттийра. Гаджиевс ерриг команда карлаяьккхира, кхайкхира кӀезиг бевза, кхечарна ца мегна ловзархой. Оцу 1999 шарахь, 1-ра меттиг яьккхира хьалхарчу российн дивизионехь, «Анжис» бакъо яьккхира лакхарчу тӀегӀане хьалаяла. 1999 шеран 3 июлехь ХӀинжа-ГӀалахь автомобилан бохамехь кхелхира клубан исторехь уггаре дика бомбардир Гасанбеков ИбрахӀим[4]. Оцу шеран толам ловзархоша цунна сийнна лерина хилийтира, ткъа клубо, шен рогӀехь, гуттаренна а чӀагӀйира 11-гӀа лоьмар ловзархочунна[5].

Лакхара дивизион 2000—2002[нисъе бӀаьра | нисъе]

Карара дӀадахна борза

Гаджиев Хьаьжин коьртехь командо шайн стадионехь дика ловзар гайтира — цкъа бен ца ийшира уьш цӀахь хьалхарчу шеран мехкан чемпионан дуьхьала — москохан «Спартакан». ТӀаьххьарчул хьалхарчу турехь «Анжи» яра кхоалгӀачу меттигехь, чемпионатан борзанан мидалш къовсуш тӀаьххьарчу матчехь команда ловза езара дуьхьарчу конкурентца — москохан «Торпедоца». ХӀинжа-гӀалахошна тоьара ничья, тӀаьххьарчу минотехь табло тӀаьхь йогура 1:1 чот, амма арбитро куьйга ловзарна пенальти хӀоттийра.[6]. Пенальти чутуьйхира, клубо яьккхира 4-гӀа меттиг, цуо ловза таро елира УЕФАн Кедехь. Амма кхузахь клубан аьтту ца белира. «Рейнджерсан» куьйгалла реза ца хилира ХӀинжа-ГӀалахь ловза, тӀаккха УЕФАс оцу хьолехь лецира шотландин клубан агӀо. ЖамӀ хилира шинна меттана цхьа матч — нейтралан арахь Варшавехь. Оцу матчехь куьйгаллехь Маркаров Александр волу «Анжи» ийшира чот 0:1 йолуш, ловзар чекхдолуш буьрка чу а тохийтина.

Российн Кедан финал

2001 шо клубан чӀогӀа хала хилира. Чемпионатехь гӀуллакхаш дика дӀа ца додара, шо доьдуш команда йитира Гаджиева, иза цхьаьна ханна хийцира Маркаров Александра, ткъа шо чекхдаьккхира украинийн говзанчо Ткаченко Леонида. Оцу шарахь бохам хилира «Анжин» матчехь. 18 августехь хӀинжа-гӀалахоша тӀеоьцура ЦСКА, шолгӀачу декъехь, 75-гӀа минотехь, корташ вовшех кхийтира «Анжин» тӀелатархочун Будунов Будунан а, ЦСКАн голкиперан Перхун Сергейн а. ДегӀастан командан ловзархочун коьртан хье меттих баьккхина, шо чекхдаллалц юкъара ваьккхира, гӀеххьа иэс дӀа а яьлла. Эскархойн кевнахо чӀогӀа корта лазийна республикан дарбан цӀийне кхачийра, тӀаьхьа Москоха дӀавигира, 28 августехь, сам ца волуш, кхелхира[7]. Оцу бохамаша боккха Ӏаткъам бира ловзархошна, жамӀ Российн чемпионатехь 13-гӀа меттиг бен ца хилира.


2001 шеран 20 июнехь хилира Российн Кедан финал, «Анжи» левзира москохан «Локомотивца». 90-гӀа минотехь хӀинжа-гӀалахойн капитана Сирхаев Нарвика хьалха яьккхира команда. 94-гӀа минотехь Джанашия Зазас меттахӀоттийра чот. ТӀетоьхначу хенахь командаш голаш ца туьйхира, пенальтин серехь чӀогӀа хилира москоххой — 4:3[8].

РФПЛ юкъара аракхоссар

2002 шарахь командо тӀаьхьарчул хьалхара 15-гӀа меттиг яьккхира, хьалхарчу дивизионе охьаелира, цу шарахь командехь болх бира кхаа коьрта тренеро (Ткаченко, Маркевич, Гаджиев).

Хьалхара дивизион 2003—2009[нисъе бӀаьра | нисъе]

Тетрадзе Омарис хьалаяьккхира «Анжи» РФПЛ юкъа 2009 шарахь

ТӀаьхьара 7 шо «Анжис» даьккхира хьалхарчу дивизионехь. ХӀора шарахь аьлча санна клубан хьалха Ӏалашо хӀоттайора тӀегӀанехь хьалаялар, амма церан кхиамийн максимум, — 6-гӀа меттиг. Российн Кедехь клуб иштта башха аьтто болуш ца левзира, юьхьанцара тӀегӀанашкахь юкъара йолуш. Команда хьалхарчу дивизионе охьаяьллачул тӀаьхьарчу шарахь бен команда ца кхечира ахфиналан тӀегӀане, цигахь иза цӀахь ийшира «Ростовл» — 0:1. Аьтту ца хилира клубан тренераш хийцарх, оцу хенахь командица болх бан кхиира 9 тренер. 2007 шарахь «Анжин» карийра кхаа шере вахвелла тренер. Иза вара къуона говзанча, клубан хилла футболист Тетрадзе Омари, цуо ша лорура Гаджиев Хьаьжис Ӏамийна[9]. Цуьнан куьйгаллийца «Анжи» туьйлира 2009 шеран хьалхарчу дивизионан хьалхеяккхарехь, ворхӀ шо даьллачул тӀаьхьа бакъо яьккхира премьер-лигехь дакъа лаца.

Дешийн некъ[нисъе бӀаьра | нисъе]

2010 шеран Российн чемпионатехь дакъа лаца команда кечйира Тетрадзе Омарис, амма хьалхара турехь «Анжи» команда ничья йира 0:0 чоьтаца «Спартак-Нальчикца», тренер цӀеххьана дӀавелира шеен лаамца даржера[10]. Ишттачу хьоле нисъелча, клубо кхайкхира Гаджиев Хьаьжи. Масех матчехь, формалан меттигаш а, кехаташ кечдеш а, командан куьйгалла дира цуьнан хила ловзархочо Акаев Арсена. 6 турехь бен командин официалан куьйгалхо ца хилира Гаджиев[11]. Шо нисделира командан хала, коьрта бахьна дара шина шеран юкъахь нийса ца хӀоттийна клубан хӀоттам. Шеран юккъехь, лазийра «Анжин» атакера коьрта Ӏалашо Голенда Ян, команда йисира тӀелатархой боцуш[12]. ГӀуллакх делира, еххачу хенахь атакехь къуона турсло Гаджибеков Ӏали[13] ловза везачу хьоле. Оцу гӀуллакхаша аьтту ца бира дика ловзарна, команда дерриг шо аьлча санна лаьттира цӀоганехь. Амма тӀаьхьарчу турашкахь аьттонца ловзар бахьнехь, «Анжин» таро хилира шеран жамӀашца хьалаяла дебютантан гӀуо йоцучу 11-гӀа меттиге.

2011 январехь лаьзгех ваьлла волу российн миллиардера Керимов Сулеймана ийцира «Анжи»[14], тӀаьхьуо гучуделира, 17 январехь ДегӀастан президента Магомедов Мохьмадсалам Керимовца цхьаьнакхийтира, цунна маьхаза дӀаелла хиллера 100 % клубан акцеш, царна юкъахь хьалха хиллачу клубан долахочун Яковлев Игоран 50 % акцеш а, цуо финансашца гӀолоцург[15]. ХӀора шарахь командан тренерийн, футболистийн алапашна а, ткъа иштта клубан керла футболисташ эца а Керимовс харж йора 30 - 50 миллион доллар, кхин а миллиардеран план яра хӀинжа-гӀалахойн инфраструктуран дохка 200 миллион сов доллар, цунах дукхах долу ахча гӀура дара 50 эзар стаг чухоьа керла стадион ян, иза хила езаш яра УЕФАн бехкамашца йогӀуш[16].

2011 шеран 16 февралехь Ӏаьнан трансферан хенахь, клубо кхайкхийра 2002 шеран дуьненан чемпионца 37 шо долу бразилхочуьнца Роберто Карлосца контракт дар[17]. 27 февралехь клубо контракт дира дӀадаьллачу шеран Бразилин чемпионатан уггаре дика тӀетовжаран ахтурслоца Жусилей да Силвица[18]. 1 мартехь клубо ийцира «Краснодарегара» ДегӀастан футболо кхиийна, «Терекан» хилла капитан Лахиялов Шамиль[19]. Кхин а ийцира Бразилин гулйина командан тӀелатархо Диего Тарделли, ткъа трансферан хан чекхйолуш, 10 мартехь, клубо ийцира бельгийн «Андерлехтера» мароккахо Буссуфа Мубарик[20].

Аьхкенан трансферан хан йолалуш клубо контракт дира ПСВ ахтурслоца Джуджак Балажца. 2011 шеран аьхка ХӀинжа-ГӀалан клубах кхийтира Российн гулйина командан ловзархо Жирков Юрий, иза сехьавелира Лондонера «Челсин» юкъара, ткъа 23 августехь клубо хаам бира «Интеран» тӀелатархо ЭтоӀо Самюэль сехьаваларх барт барах. Трансферан хенан тӀаьххьарчу деношкахь клубо кхайкхийра Москохан «Динамора» эцна Российн гулйина командан голкипер Габулов Владимир сехьаваларех, ткъа кӀеззиг хан яьлча кхайкхийра Помазан Евгений сехьавалар. Трансферан хенан тӀаьххьара де чекхдолуш «Анжин» сайтехь хаам хилира Карсела-Гонсалес Маьхьди сехьавалар. Иштта тӀаьхьарчу миноташкахь клубо ийцира Конгон гулйина командан турсло Кристофер Самба.

2012 шеран февралехь «Анжис» контракт дира Хиддинк Гусца, иза хилира коьрта клубан тренер[21].

2012/13
«Анжи» 2012 шарахь

2012 шеран сентябрехь «Анжис» контракт дира Францин гулйина командан ахтурслоца Лассана Диарраца а, Пермера «Амкаран» тӀелатархочуьнца Бурмистров Никитица а. 2012/13 шеран Российн чемпионатан хьалхара дакъа «Анжис» чекхдаьккхира шолгӀа меттигехь, Европан Лиган плей-офф тӀегӀане а, Российн Кедан 1/4 тӀегӀане а елира.

2013 шеран январехь «Анжи» сехьавелира Москохан «Локомотиван» турсло Ещенко Андрей. Европера трансферан шеран тӀаьххьарчу дийнахь «Анжира» ингалсан «Куинз Парк Рейнджерс» юкъа вахара юккъера турсло Кристофер Самба. Самба ингалсан клубе дехьавала реза хиларан коьрта бахьна дара, доьзалан хьал. Самба хийца Испанин «Севильяра» сихонца аренде ийцира, хьалха Россехь левзина волу, Эмир Спахич. 2012/13 шеран Европан Лигехь «Анжи» кхечира 1/8 тӀегӀане, цигахь ийшира «Ньюкасл Юнайтед».

Российн чемпионатан бӀаьстенан тӀегӀа клубо йолийра аьттонза. Цара 4 матчехь 2 очка яьккхира, «Анжис» шолгӀа меттиг битира «Зенитан», хьал хӀоьттира еврокедийн зоне кхача а ца тарлуче. Дисинчу 7 ловзарехь 10 очко яьккхина, чемпионат чекхъяла цхьа тур юьсуш «Анжис», дуьххьара шеен исторехь, ехира Российн чемпионатан борзанан мидалш.

1 июнехь «Анжи» ийшира Российн Кедан финалехь, матч дӀаяьлча туху пенальтийн серехь, ЦСКА командал.


2013/14

2012/13 шо чекхдаьллачул тӀаьхьа куьйгалхошна хьалха хӀоьттира коьрта тренер лахаран Ӏалашо. Хиддинк Гусан контракт чекхдолуш дара 2013 шеран аьхка. МХГӀ дуьйцура, урхаллин посте хаьржина Перейра ВиторПортун» экс-тренер), Манчини РобертоМанчестер Ситин» экс-тренер), Хайнкес Юпп («Баварин» экс-тренер), Адвокат Дик (ПСВ экс-тренер)[22]. 11 июнехь Анжис барт бира Хиддинкца кхин а цхьаьна шеран контракт дахдан[23][24]. Тренерийн штабера дӀабахара Роберто Карлос, Туркойчоьнан «Сивасспоран» коьрта тренер хӀоьттина волу[25], Гордеев Андрей, ткъа иштта Арно Филипс а, Чима Онеке а, цаьрга ца бан белира бан ма беза 2012/13 Российн чемпионатан бӀаьстенан тӀегӀан функционалан кечам бан. Церан метана клубе баьхкира Меленстеен Рене (Фергюсон Алексан «Манчестер Юнайтедехь» гӀоьнча хила волу)[26], массажист-терапевт Денни Флиттер (Йоккха Британи, «Арсенал» Лондон), физиотерапевт Доминик Роган (Йоккха Британи, «Эвертон»), физикан кечаман тренер Эдуардо Парра Гарсия (Испани, «Интер» Милан, «Ливерпуль»), спортан Ӏилманера говзанча Уорд Дирикс (Бельги, «Гент»), массажист-терапевт Уильям Стори (Йоккха Британи, «Вест Хэм»), физикан кечаман тренер Брэм Суиннинен (Бельги, БК «Химки»). Спортан директоран даржехь волу Биджиев Хьасанби, Мёленстен Ренеца цхьаьна декхарийлахь бара тренировкин процесс дӀаяхьа[27].

Йолаеллачу трансферан хенахь клубан хьалхара иэцар хилира «Кубанан» ахтурсло А. Ионов. 16 июнехь хиира, 2013 шеран февралехь испанин «Севильягара» аренде иэцна Спахичца «Анжи», контракт дахдан ца гӀертар. Ши футболист (Помазан а, Сердеров а) дӀавелира «Уралан» аренде. Июнан юккъехь «Анжин» юкъабаьхкира Нижни Новгородера «Волган» юкъара голкипер М. Кержаков а, «Зенит» йитина ахтурсло И. Денисов а. Денисовн трансфер язъелира «Анжин» 15 млн еврон, 3 шарахь декъна дӀалур долуш. Денисовн алапа шарахь 5,5 млн евро хила дезара, иза масех эзар евро сов дара «Зенитан» тӀелатархочун Халкан алапал[28]. «Анжин» йисттера турсло К. Агаларов дехьавелира ФК «Ростов», ткъа тӀелатархо Бурмистров висира «Амкарехь» арендехь. 2 июлехь кхайкхийра, шо долалуш клуб дӀатесна Самба «Анжи» юхаверзар, ткъа кхо де даьлча кхайкхийра А. Кокорин сехьавалар. Трансферан мах хадийра 19 млн евро, ткъа ловзархочун алапа хила дезара шарахь 4 млн евро гергга[29].

Шо долалуш командан лазаретехь вара Ю. Жирков, А. Ещенко, А. Логашов. ТӀаьхьарниг волийра тренировкаш ян ерриг тобанца, Жирков могӀаре ван везаш вара сентябрехь, ткъа Ещенко — керлачу шеран герга.

Июнь чекхболуш хиира, УЕФАн комиссис дихкира «Анжин» Европан Лиган цӀера матчаш ДегӀастан а, Къилбаседа Кавказан а махкахь ловзо. «Анжин» куьйгалло сацам бира еврокедан цӀера матчаш Раменскехь ловза[30]. Клубан хьовсархоша европан клубийн фанаташка УЕФАн сацамна дуьхьала гӀолацар дийхира, цӀера матчаш дегӀастахь ловзаяйта аьлла[31].

2013/14 шеран хьалхарчу турехь «Анжи» цӀахь цхьаьнакхийтира москохан «Локомотивца». ТӀаьххьарчу миноташкахь чот 2:2 йолуш командан капитана ЭтоӀога пенальти чу ца тохаелира. Матчехь лазийра гол а тоьхна, пенальти а яьккхина Л. Траоре. ШолгӀачу туран матч москохан «Динамон» дуьхьала харцонца хилира. Хьалха, ловзаран 32-гӀа минотехь «Динамон» турсло Гранат шозза куьйгаца левзира гӀуданан майданахь, амма суьдхочо Карасёвс пенальти ца хӀоттийра. Минот яьлча юкъара араваьккхира хӀинжа-гӀалахойн турсло Эвертон кхераме атака сацаярна, ткъа тӀаьххьарчу секундашкахь Карсела-Гонсалес куьйгаца ловзарна пенальти хӀоттийра. Реза воцу Хиддинк пенальти хӀоттийначул тӀаьхьа коьрта суьдхон агӀора вахара, ша сацо гӀерта резерван арбитр Р. Чернов дӀа а тоттуш, иза бахьнехь цунна елира ялх матчан дисквалификаци[32]. Матч чекхъелира динамохойн толамца чот 2:1 йолуш. Кхо де даьлча Хиддинк кхайкхийра ша болх битар, коьрта тренеран декхарш кхочуш дан хӀоттийра цуьнан гӀоьнча Р. Мёленстен. 28 июлехь «Анжис» ничья йира «Крылья Советовца».


1 августехь хӀинжа-гӀалахой «Анжи-Аренехь» цхьаьнакхийтира ФК «Ростовца». Ростовхоша толам баьккхира минимум чоьтаца. «Ростовца» ловзучу хенахь хаам баьржира, чуеллачу заявкехь лазор бахьнехь вац «Анжин» ахтурсло И. Денисов, цунна ца карийра легионерашца бийца юкъара мотт, клубера дӀаваха герга ву аьлла. Клубан куьйгалхоша сихха хаам бира, Денисов хӀинца а «Анжин» ловзу футболист ву, ткъа иза ца хилар доьзна ду лазорца. Денисовн шеен клубахошца долчу дар-дацарех тайп-тайпана хаамаш бара. Цхьаьна хьосташ чӀагӀдора, Денисовс бехке бина легионераш, уьш баьхкина ахчан дуьхьа, ткъа ша — титулаш яха веина аьлла[33]. Кхечара — Денисовн ца дийзира, командехь дерриг хӀума, матч йоьдуш ловзархой хийцар а командан капитанан ЭтоӀон карахь хилар[34]. Бара кхин а хаам, легионерашна луара тренировкехь ахтурсло О. Ахмедов «кагго», ткъа Денисов цунна тӀехӀоьттира бохуш[35]. Клубан долахочо С. Керимовс легионерийн агӀо лецира, сацам бира ахтурслочуьнца контракт дохо.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Стадион «Анжи Арена» на официальном сайте клуба
  2. Вероника Столбунова Бюджет «Анжи» на сезон-2019/20 составит около 22 миллионов рублей (оьр.). «РИА Новости» (17.06.2019). Теллина 2019 шеран 17 июнехь.
  3. Анжи (Инжи) (оьр.). Кумыкский мир. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 3 февралехь. Теллина 2011 шеран 7 майхь.
  4. Погиб Гасанбеков — Лучший бомбардир российских чемпионатов (оьр.). Спорт-Экспресс (7 июля 1999). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 1 июнехь. Теллина 2011 шеран 7 майхь.
  5. «Анжи»: команда-приключение (оьр.). Спорт-Экспресс (3 марта 2010). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 1 июнехь. Теллина 2011 шеран 7 майхь.
  6. 10 сомнительных пенальти чемпионата России (оьр.). sports.ru. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 1 июнехь. Теллина 2011 шеран 7 майхь.
  7. Умер Сергей Перхун (оьр.). Газета.Ru (28 августа 2001). Теллина 2011 шеран 7 майхь.
  8. «Локомотив» выиграл четвертый кубок за шесть лет (оьр.). Спорт-Экспресс (20 июня 2001). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 1 июнехь. Теллина 2011 шеран 7 майхь.
  9. Главный тренер «Анжи» Омари Тетрадзе: Палки в колеса мне не вставляют (оьр.). sportsdaily.ru. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 1 июнехь. Теллина 2011 шеран 7 майхь.
  10. Тетрадзе ушёл из «Анжи». Ему на смену придет Гаджиев (оьр.). Советский спорт (18 марта 2010). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 1 июнехь. Теллина 2011 шеран 7 майхь.
  11. Теперь — с «официальным» Гаджиевым.. championat.com. Теллина 2018 шеран 18 июлехь.
  12. Гаджиев: «Остались без нападающих накануне матча с „Зенитом“» (оьр.). ultipes.ru. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 1 июнехь. Теллина 2011 шеран 7 майхь.
  13. Гаджиев удивил Сибирь (оьр.). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 1 июнехь. Теллина 2011 шеран 7 майхь.
  14. Миллиардер покупает земляков (оьр.). Газета.Ru. Теллина 2011 шеран 7 майхь.
  15. Совладелец «Эльдорадо» продаёт свою долю ФК «Анжи» Керимову (оьр.). Ведомости. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 25 июнехь. Теллина 2011 шеран 7 майхь.
  16. «Анжи» достанется Керимову бесплатно (оьр.). Газета.Ru. Теллина 2011 шеран 7 майхь.
  17. Роберто Карлос сравнил российский чемпионат с бразильским (оьр.). Вести.ру. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 25 июнехь. Теллина 2011 шеран 7 майхь.
  18. Жусилей подписал с «Анжи» контракт на четыре года (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Чемпионат.com. Архив йина хьалхара хьостан чура 2011 шеран 2 мартехь. Теллина 2011 шеран 7 майхь.
  19. Полузащитник Шамиль Лахиялов переходит в футболан клуб «Анжи» (оьр.). РИА Новости. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 25 июнехь. Теллина 2011 шеран 7 майхь.
  20. «Анжи» подписал контракт с Буссуфой (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Чемпионат.com. Архив йина хьалхара хьостан чура 2011 шеран 14 мартехь. Теллина 2011 шеран 7 майхь.
  21. Хиддинк: не против, чтобы меня называли Гус Магомедович или Гус Сулейманович / Чемпионат.com, 20 февраля 2012.
  22. Боярский, Александр «Анжи»: кто вместо Хиддинка?. sportbox.ru (2013, 5 июнь). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 2 июлехь. Теллина 2013 шеран 28 июнехь.
  23. "Анжи" продлил на год контракт с главным тренером Хиддинком (оьр.). РИА Новости (11 июнехь 2013). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 6 июлехь.
  24. Хиддинк продолжит тренировать «Анжи» (оьр.). Лента.ру (11 июнехь 2013). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 6 июлехь.
  25. Роберто Карлос возглавил турецкий клуб (оьр.). Лента.ру (3 июнехь 2013). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 6 июлехь.
  26. Бывший тренер «МЮ» стал помощником Хиддинка в «Анжи» (оьр.). Лента.ру (27 июнехь 2013). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 6 июлехь.
  27. Укрепление тренерского штаба. Официальный сайт ФК "Анжи" (2013, 1 июль). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 5 июлехь. Теллина 2013 шеран 2 июлехь.
  28. Трансфер Денисова обошелся ФК "Анжи" в 15 млн евро - источник. Р-Спорт (2013, 21 июнь). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 2 июлехь. Теллина 2013 шеран 28 июнехь.
  29. Названа зарплата Кокорина в «Анжи», Lenta.ru (2013, 3 июль). Хьаьжна 13 июлехь 2013.
  30. «Анжи» будет проводить матчи Лиги Европы в Раменском. sportbox.ru (2013, 24 июнь). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 2 июлехь. Теллина 2013 шеран 28 июнехь.
  31. Фанаты "Анжи" обратились за поддержкой к болельщикам европейских команд. РБК Спорт (2013, 28 июнь). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 15 июлехь. Теллина 2013 шеран 13 июлехь.
  32. Андреев, Илья. Гус Хиддинк: Владимир Гранат дважды сыграл рукой в своей штрафной, ИТАР-ТАСС (2013, 19 июль). Хьаьжна 26 августехь 2013.
  33. Денисов заявил, что приехал в «Анжи» выигрывать титулы, а не за деньгами(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Советский Спорт (2013, 3 август). Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 29 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 11 сентябрехь.
  34. Это’О гнобил Денисова ради Диарра?. sportsdaily.ru (2013, 2 август). Теллина 2013 шеран 11 сентябрехь.
  35. Степунин, Кирилл "Анжи" против Денисова: Игорь пытался помирить легионеров и Ахмедова?. Московский Комсомолец (2013, 7 август). Теллина 2013 шеран 11 сентябрехь.