Чулацаман тӀегӀо

Тетрадзе, Омари Михайлович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди


Футбол
Омари Тетрадзе
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Омари Михайлович Тетрадзе
Вина терахь 1969 шеран 13 октябрь({{padleft:1969|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:13|2|0}})[1][2] (54 шо)
Вина меттиг Велиспири, Дманисин кӀошт, Гуьржийн ССР, ССРС
Гражданалла
Позици йисттера турсло, ахтурсло
Кегийрхойн клубаш
1978—1982 Байракх ССРС ДЮСШ Аваза (Тиблиси)
1982—1987 Байракх ССРС Минпросан ФШ-35 (Тиблиси)
Клубан карьера[* 1]
1987—1989 Байракх ССРС Динамо (Тиблиси) 24 (0)
1990 Гуьржийчоьнан байракх (1990—2004) Мерцхали 30 (4)
1991—1994 Российн байракх Динамо (Москох) 101 (11)
1995—1996 Российн байракх Алания 61 (1)
1996—1999 Италин байракх Рома 15 (0)
1999—2002 Желтойчоьнан байракх ПАОК 60 (2)
2002 Российн байракх Алания 29 (0)
2003 Российн байракх Анжи 40 (1)
2004—2005 Российн байракх Крылья Советов 26 (0)
Тренеран карьера
2006 Российн байракх Крылья Советов тренер
2007—2010 Российн байракх Анжи
2010—2011 Российн байракх Волга (НН)
2012 Российн байракх Химки
2013—2014 Кхазакхстанан байракх Жетысу
2015—2016 Российн байракх Енисей
2016—2017 Кхазакхстанан байракх Тобол
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Тетра́дзе Ома́ри Миха́йлович[3] (гуьрж. ომარ მიხეილის ძე თეთრაძე; 1969 13 октябрехь, Велиспири, Дманисин кӀошт, Гуьржийн ССР, ССРС) — советийн а, Российн а футболист, тренер. Левзира ахтурслон позицехь, карьеран чеккхенгахь — турслон позицехь. Грекийн орамаш ду, Желтойчохь ловзучу хенахь оцу мехкан гражданалла йелла, желтойн эскарехь а хилла[4], амма тӀаьхьа йитина иза[5].

Ловза волавелла Тиблисин «Динамо» йукъахь. 1986 шарахь Гуьржийн ССР гулйина командан йукъахь йаьккхира йерригсоюзан турнир «Кубок Надежды» (цу хенахь фамили Осипов йара)[6]. «Динамохь» оцу хенахь ловза безара гуьржийн фамили йолу футболисташ, тӀаккха Омарин дас, Осипов Михаила[7], йелира шен ненан фамили — Тетрадзе[5][8]. Цул тӀаьхьа левзира Москохан «Динамон» а, «Аланин» а йукъахь.

1995 шарахь Москохан «Динамо» йукъара дӀавахча, 1995 шеран ДоттагӀаллин Кедехь левзира москохан «Спартак» йукъахь, амма турнир чекхйаьлча контракт дира «Аланица». 1997 шарахь контракт дира Италин «Рома» клубаца. Амма Италехь карьера йан новкъарло йира, 1997 шеран 30 апрелехь гулйина команда Люксембурган дуьхьала ловзуш, гӀуо лазор бахьнехь (гола лазийнера цуьнан). 1999 шеран 2 февралехь дохийра «Ромаца» долу контракт, йухавирзира Москоха. 2000/01 шо долалуш кечаман тренировкаш «Удинезеца» а йина, Тетрадзес тӀеийцира грекийн ПАОКо кховдийна хьал, цуьнца цуо баьккхира Желтойчоьнан Кад-2001. Йуха а Российн гулйина командан йукъакхача лууш йухавеира «Аланин» йукъа.

Гулйинчу командехь

[бӀаьра нисйан | нисйан]

ЛДП/Российн гулйина командехь левзина 40 матчехь, 1 гол тоьхна. Кхин а левзина Российн гулйина командехь 1 официалан йоцу матчехь (1 гол тоьхна). 1994 шеран дуьненан чемпионатан (1 матч), 1996 шеран Европин чемпионатан (3 матч, 1 гол) декъашхо. ССРС гулйина Олимпийн командехь левзина 5 матч, ССРС гулйина кегийрхойн командехь левзина. 2002 шеран футболах ловзарех Дуьненан чемпионате ваха кандидатийн испискаш йукъахь вара, амма тӀаьххьарчу заявкин йукъа ца вахара[9][10][11], так как не смог убедить тренеров сборной в своей необходимости[12].

2006 шарахь — «Крылья Советов» клубан тренер. Оццу шарахь, Бранко Сержа дийцарехь, коьрта тренеран гӀоьнча волу Тетрадзес, футболистан тапчанца кхерамаш тийсира «Москва» клубан шен лаамца матч дӀайала реза ца хиларна[13]. 2007 шарахь дуьйна болх бира года «Анжин» коьрта тренер. 2010 шеран 16 мартехь Тетрадзес битира шен «Анжи» коьрта тренеран болх[14]. «Новая газетан» спортах лаьцна йаздеш волчун хетарехь, Тетрадзе дӀавелира «барт бина матчаш» ловзо ца лаарна луларчу регионийн клубашца, «Спартак-Нальчикца», «Терекца», «Аланица»[15][16]. ДӀаваларан фициалан бахьна гӀелвалар а, доьзалца хила лаар а дара; оццу хенахь Тетрадзес дӀа ца теттира кхин бахьнаш хилар а, амма тӀе а ца дитира дӀаваларан бахьна бертахь матчаш ловзар хилар хетар[5]. 2010 шеран 8 майхь коьрте хӀоьттира Нижни Новгородера «Волган»[17]. Оцу шарахь Тарханов Александра элира, «Волган» куьйгаллех цхьаъ вистхилира ша куьйгаллехь волу «Химкашка» матч «дӀайаларан хьокъехь». Тетрадзес цунна жоп делира, шена новкъа ду ишттаниг хазар, командо шен турниран хьал ловзарца бен ца тодина[18]. 2011 шарахь Омарис дӀатеттира шен командо а, «Анжи» клубо а бертахь матчаш ловзайарх долу эладиташ[19]. 2011 шеран 15 июнехь командан жамӀашна реза ца хилла «Волган» президента Гойхман Алексея дӀаваьккхира балхара Тетрадзе[20].

2013 шеран февралехь дӀалецира Кхазакхстанан клубан «Жетысун» архаш[21]. 2014 шарахь июлехь клубехь йуьйлайелира финансийн къоьлла, Тетрадзе суьде велира[22], 2014 шеран сентябрехь Омарис шен штабца йитира команда агӀонийн барт хилла[23], цунна йукъахь дара тренеран цхьа гӀоьнча милицин нарядо сацаваран дар-дацар[24].

2015 шеран 7 октябрехь хӀоттийна ФК «Енисейн» тренер[25]. Шо дӀадаьлча дӀавелира, тӀаьхьара масех турехь бен командин куьйгалла ца динашехь.

2016 шеран 30 майхь цхьаьна шаран эха шеран контракт дира Кхазакхстанан ФК «Тоболца»[26]. Амма шо даьлча дӀаваьккхира[27].

Футболистан

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Российн чемпионат: 1995
  • Желтойчоьнан Кад къовсар: 2000/01
  • Гулйина кегийрхойн командашна йукъара Европин чемпионатан толамхо: 1988
  • Российн чемпионатан детийн совгӀатхо: 1994, 1996
  • Российн чемпионатан борзанан совгӀатхо: 1992, 1993, 2004
  • «Стрелец» совгӀатан лауреат (уггаре дика турсло): 1995, 1996

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Omari Tetradze // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
  2. Omari Tetradze // FBref.com(бил-боцу.)
  3. До начала выступлений за тбилисское «Динамо» носил фамилию О́сипов
  4. Омари Тетрадзе научит «Крылышки» итальянскому футболу
  5. 1 2 3 Ванденко А. Тетрадзе. Омари в собственном соку // Советский спорт — Футбол. — № 12 (303). Архивйина 2015  шеран  3 апрелехь.
  6. Детско-юношеские соревнования по футболу в СССР 1986 года.
  7. Возвращение джедаев. Часть третья Архивйина 2016-09-18 — Wayback Machine
  8. Интервью с Тетрадзе(ТӀе цакхочу хьажорг)
  9. ХРОНИКА СОБЫТИЙ ВЧЕРАШНЕГО ДНЯ: ЧЕТВЕРКУ «ЛИШНИХ» РОМАНЦЕВУ БЫЛО ЖАЛЬ
  10. СЕРДЦА ЧЕТЫРЁХ
  11. НЕ ПОПАВШИЕ В ВОСТОЧНЫЙ ЭКСПРЕСС
  12. До EURO-2012 — 18 дней. ОТВЕРЖЕННЫЕ
  13. Бранко: Тетрадзе с пистолем в руках угрожал убить меня. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 1 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2010 шеран 4 октябрехь
  14. Тетрадзе покинул пост главного тренера «Анжи». ТӀекхочу дата: 2010 шеран 16 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2010 шеран 22 мартехь
  15. Сложился своеобразный пул, куда входят «Спартак Нальчик», «Алания», «Анжи» и «Терек»
  16. Тодор Тимонов оказался прав. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 15 декабрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2010 шеран 19 декабрехь
  17. Тетрадзе сменил Побегалова у руля нижегородской «Волги». Чемпионат.ру (8 мая 2010). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 27 июнь. Архивйина 2012 шеран 16 февралехь
  18. Тетрадзе: не позволю втоптать наш труд в грязь. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 15 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2010 шеран 19 июлехь
  19. Тетрадзе: «договорняк» с «Анжи»? Полная чепуха! ТӀекхочу дата: 2011 шеран 13 май. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 16 майхь
  20. Тетрадзе покидает «Волгу». К «Зениту» команду будет готовить Передня // Спорт-Экспресс
  21. Главным тренером «Жетысу» стал Омари Тетрадзе(ТӀе цакхочу хьажорг)
  22. Казахстанский клуб «Жетысу» подал в суд на Тетрадзе
  23. Тетрадзе покинул тренерский пост в казахстанском «Жетысу»
  24. Тетрадзе решил покинуть пост главного тренера «Жетысу»
  25. Тетрадзе стал новым наставником «Енисея». www.euro-football.ru. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 7 октябрь.
  26. Тетрадзе официально возглавил «Тобол»
  27. Омари Тетрадзе официально покинул «Тобол»