Анжи Арена

42°54′28″ къ. ш. 47°37′06″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
«Анжи Арена»
Хьалхара цӀе «Хазар»
Йолу меттиг Кеп:Байракх/RUS Каспийск, Акулиничевн проспект, 21
Ян йолийна 2001
Йина 2003
Схьайиллина 2003 шеран 22 июлехь
Кеконструкци йина 2013
Архитектор Андрей Климов
ООО «Дагагропромпроект»[1]
Ерг Анжи
Чухоам 26 400[2]
ЦӀера команда «Анжи» (ХӀинжа-ГӀала)
«Махачкала»
Майдан барам 107 x 72
ТӀехуле натуралан газон
Сайт официальный сайт
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

«Анжи́ Аре́на» (хьалха «Хаза́р») — ХӀинжа-ГӀалан «Анжин» а, ФК «Махачкалан» а цӀера стадион. Стадион Каспийск гӀалахь йу. Чухоам — 26 400 хьажархо ву[2].

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

«Хазар» стадион даздарца дӀайиллина 2003 шеран 22 июлехь. Оцу дийнахь «Анжи» клуб левзира Краснодарера «Кубаньца» — 1:0. Дуьххьарлера гол туьйхира Никулин Александра[3].

2013 шеран 1 мартехь РФС стадионийн сертификаташ ло комитетан гуламехь сацам бина «Анжи Арена» стадионан бехкамашца йогӀуш хиларан сертификат дала[4]. Реконструкци йинчул тӀаьхьа 2013 шерана 17 мартехь хьалхарчу матчехь «Анжи» левзира 1:1 самарера «Крылья Советовца»[5].

Реконструкци[нисйе бӀаьра | нисйе]

2011 шарахь клубе керла долахо, Керимов Сулейман, варца барт бира «Хазар» стадионан реконструкци ян, тӀаккха цхьаьна ханна тӀаьхь ловзуш лело, 40—50 эзар меттиг болу керла стадион, «Анжи-сити», йаллалц.[6] «Хазаран» реконструкцин проектан, стадион яр чекхдаьлча, цӀе тиллира «Анжи Арена», хӀорд тӀиера чӀогӀа мехаш хиларна стадионан сонашка кхин тӀе а трибунаш йира, ткъа иштта тӀехула, 30 % трибунаш къовлуш, лабанаш а йира, хӀунда аьлча кхин йеза конструкцеш цара ловр йоцун дера.[7] Реконструкци чекхъйаккхаран йиллина хан 2013 шеран март бутт бара. Чухоам хила безара 30 000 гергга меттиг.[8]

Стадион дӀаеллар[нисйе бӀаьра | нисйе]

«Анжи-Арена» 2014 шеран апрелехь

Стадион даздарца дӀайиллира 2013 шеран 1 июнехь, концерто гулвира 30 эзар гергга хьажархо, царна концерт йелира дуьненан «седарчаша» Флоу Райда, Шер, «Alabina» тоба, ткъа иштта даймехкан артисташ, царна йукъахь бара Басков Николай, Брегвадзе Нани, «Дискотека Авария» тоба[9]. Концерт дӀахьуш вара Малахов Андрей а, Чурикова Яна а. Малхбален латарш дезачарна, уьш гайтира Жан-Клод Ван Дамма а, Кисси Мухьаммада а, гӀараваьлла волу фильмехь шен «Кикбоксер» рольца Тонг По а[10]. Иштта концертехь вара футболех ловзарех Российн гулйина командан коьрта тренер Капелло Фабио, Российн футболан бертан хьалхара вице-президент Симонян Никита, Российн футболан Премьер-Лигин президент Прядкин Сергей, цара «Анжин» дӀаелира 2012/2013 шеран борзан мидалш, ткъа «Анжин» капитанан ЭтоӀо Самуэлан делира «Чемпионат.com» а, РФПЛ а СОГАЗ — Российн чемпионатан дикачу футболистан официалан совгӀат[11]. ДӀайоьллуш гулдина 12 миллион сом, дӀатесира диканаш даран фондан «Территория добра»[12].

2013 шеран футболах ловзарех зударшна йукъара Российн Кедан финал[нисйе бӀаьра | нисйе]

2013 шеран 26 майхь оцу стадион тӀаьхь хилира зударшна йукъара Российн Кедан 2012/13 шеран финал, левзира Москохара ЦСП «Измайлово» а, Пермера «Звезда-2005» а. Матч чекхъелира «Звезда-2005» толамца — 2:1[13].

2014 шеран футболах ловзарех Российн Кедан финал[нисйе бӀаьра | нисйе]

2014 шеран футболах ловзарех Российн Кедан финал хилира 2014 шеран 8 майхь. Оцу матчехь левзира «Краснодар» а, «Ростов» а. Коьрта а, тӀетоьхна а хан чекхъелира цхьанне толам боцуш — 0:0, ткъа пенальтешца жамӀ 6:5 долуш туьйлира «Ростов». Матче веира 19 500 хьажархо.

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Архивированная копия. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 7 ноябрехь
  2. 1 2 Стадион «Анжи Арена» на официальном сайте клуба Архивйина 2013-08-09 — Wayback Machine
  3. Превью матча «Анжи» — «Кубань»(ТӀе цакхочу хьажорг)
  4. «Анжи-Арена» получила сертификат соответствия от РФС Чемпионат.com 1 марта 2013 года
  5. От «Хазара» до «Анжи-Арены» Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
  6. Несчастливые стадионы России. Газета.Ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 13 май.
  7. Открытие стадиона «Анжи-Арены» превратилось в незабываемое шоу. Информационный портал РИА "Дагестан". ТӀекхочу дата: 2019 шеран 13 май.
  8. Евгений Гинер и Сулейман Керимов на матче ЦСКА - "Рома". Фотофакт. www.sport-express.ru (2018 шеран 7 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 13 май.
  9. В столице Дагестана новый футбольный стадион открыли грандиозным концертом
  10. Step by step по-дагестански Архивйина 2016-03-05 — Wayback Machine
  11. Торжественное открытие «Анжи Арены» Архивйина 2013-06-08 — Wayback Machine
  12. На открытии «Анжи-Арены» собрали более 12 млн рублей на благотворительность
  13. Кубок России среди женщин, Плей-офф. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 24 сентябрехь

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]