ХӀажар
ХӀажар | |
---|---|
هاجَرْ | |
Говзалла | прислуга |
Йина терахь | XX бӀешо в. э. хьалха |
Йина меттиг | Мисар |
Кхелхина терахь | XX бӀешо в. э. хьалха |
Кхелхина меттиг | Макка |
ДӀайоьллина меттиг: | Хьиджр ИсмаIил |
Пачхьалкх | |
Къам, некъе | Ӏаьрбий, Жуьгтий |
Майра | ИбрахӀим |
Бераш | ИсмаьӀил |
«ХӀа́джар» (Ӏаьр. هاجَر) — ИбраьхӀим пайхамаран зуда а, ИсмаьӀилан нана а йу. Бусалбанийн а, керстан а динехь цуьнан историн маьӀнаш цхьатерра ду.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Сарат шен цӀийндеца ИбраьхӀимца Мисар кхаьчначу хенахь, Мисаран паччахьо цунна совгӀатан ХӀаджар йелла хиллера. Саратас цунах шен йалхо йина. Оцу хенашкахь Саратан цхьа а бера дацара. ИбраьхӀиме аьлла цо: «хьайн ХӀаджарах зуда ен». ХӀаджарас кӀант вира ИсмаьӀил, оцу хенахь ИбраьхӀиман 86-шо дара. Сарат оцарах чӀогӀа хьоьгуш йара. И бахьана долуш АллахӀ-дала омра дина ИбраьхӀиме: «и шиъ Макка дӀадига, цигахь Ӏад дита» — аьлла. ИбраьхӀимас иза кхочуш а дина, шен цӀа схьавеара.
Цхьажимма хан йаьлча, ХӀаджарера йаа хӀума дӀайаьллера. Иза хила дӀасауьдуьра «Сафа а, Марват а» — олучу шинна ломана тӀе. Оцу меттехь ИсмаьӀилан когашкахь хьаладолуш цхьа хи дара, оцу хин цӀе «Замзам» — йу. Цигахь цхьа хан йаьккхира цушимма.
Оцу махка кхечира цхьа «ДжурхӀум» — олуш цӀе а йолуш, цхьа къам. ХӀаджарера бакъо а йаьхна, уьш цигахь баха охьахевшира. Цу бакъо а йелла, уьш цигахь Ӏаш бара. ИсмаьӀила вина 5-шо даьлча, Саратас — Исхьакъ пайхамар а вира.
ХӀаджар ИсмаьӀилаца КаӀбатан уллохь «Хьиджр ИсмаӀил» — олучу меттехь дӀайоьллина йу.