Чулацаман тӀегӀо

ХӀажар

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ХӀажар
هاجَرْ
Говзалла прислуга
Йина терахь XX бӀешо в. э. хьалха
Йина меттиг Мисар
Кхелхина терахь XX бӀешо в. э. хьалха
Кхелхина меттиг Макка
ДӀайоьллина меттиг: Хьиджр ИсмаIил
Пачхьалкх
Къам, некъе Ӏаьрбий, Жуьгтий
Майра ИбрахӀим
Бераш ИсмаьӀил

«ХӀа́джар» (Ӏаьр. هاجَر‎‎) — ИбраьхӀим пайхамаран وصلة= зуда а, ИсмаьӀиланوصلة= нана а йу. Бусалбанийн а, керстан а динехь цуьнан историн маьӀнаш цхьатерра ду.

Сарат шен цӀийндеца ИбраьхӀимца Мисар кхаьчначу хенахь, Мисаран паччахьо цунна совгӀатан ХӀаджар йелла хиллера. Саратас цунах шен йалхо йина. Оцу хенашкахь Саратан цхьа а бера дацара. ИбраьхӀиме аьлла цо: «хьайн ХӀаджарах зуда ен». ХӀаджарас кӀант вира ИсмаьӀил, оцу хенахь ИбраьхӀиман 86-шо дара. Сарат оцарах чӀогӀа хьоьгуш йара. И бахьана долуш АллахӀ-дала омра дина ИбраьхӀиме: «и шиъ Макка дӀадига, цигахь Ӏад дита» — аьлла. ИбраьхӀимас иза кхочуш а дина, шен цӀа схьавеара.

Цхьажимма хан йаьлча, ХӀаджарера йаа хӀума дӀайаьллера. Иза хила дӀасауьдуьра «Сафа а, Марват а» — олучу шинна ломана тӀе. Оцу меттехь ИсмаьӀилан когашкахь хьаладолуш цхьа хи дара, оцу хин цӀе «Замзам» — йу. Цигахь цхьа хан йаьккхира цушимма.

Оцу махка кхечира цхьа «ДжурхӀум» — олуш цӀе а йолуш, цхьа къам. ХӀаджарера бакъо а йаьхна, уьш цигахь баха охьахевшира. Цу бакъо а йелла, уьш цигахь Ӏаш бара. ИсмаьӀила вина 5-шо даьлча, Саратас — Исхьакъ пайхамар وصلة= а вира.

ХӀаджар ИсмаьӀилаца КаӀбатан уллохь «Хьиджр ИсмаӀил» — олучу меттехь дӀайоьллина йу.