Чан

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
2001 шеран 11 сентябрехь йохийначу ДЙЭЦ бӀаьвнаш тӀиера чан йиллина гӀишло

Чан — органиках йа минералах йевлла кегийра чӀогӀа дакъолгаш йу. Чан йу жима, диаметр микронан дакъош тӀиера максимум — 0,1 мм кхаччалца йолу дакъолгаш. Цул даккхийра дакъолгаш гӀамарш йукъара лору, церан барам 0,1 - 5 мм хуьлу.

ХӀусаман чан[нисйе бӀаьра | нисйе]

ХӀусаман чена йукъахь йаха ховша таро хуьлу хӀусаман ченан веччалгаш, уьш йу сапротрофаш. Адаман герга елахь а, ша сапрофит кхераме йац — цуо йуург ца талхайо, уьнан лазарш а ца даржадо, кхечу садолчу хӀуманаш санна, масала, дехкий, мукхадехкий, мозий, чхьаьвригаш. Иштта веччалгаш паразитийн зирхӀ дӀаса а ца хьо (чхьавригаш а, зингаташ а санна). Амма хӀусаман ченан веччалгийн дахаран сурсаташ уггар доккха бахьна ду аллергин а, астман а лазараш хиларан.

Чорда къевлинчу квартирехь шина кӀирнаха охьахуу 12 эзар гергга ченан дакъолгаш 1 квадратан сантиметр цӀенкъан а, ирх лаьттачу мебелан а. Оцу ченалахь ду 35 % минералан дакъолгаш, 12 % текстилан а, кехатан а хьасанаш, 19 % цӀуокан пелагаш, 7 % зезаган дургалш, 3 % кӀурзан а, кӀуран а дакъолгаш. Йисина 24 % билгалъяьлла йоцу, космосан чан[1] ю. Компьютеран модель ечу хенахь Аризонан университетан Ӏилманчашна карийра, талам бечу меттигашкахь ченан дукхаха долу дакъа адаман хӀусам чукхочу хӀавааца, боьхачу мачех а, духарах а ца йолу[2].

Ченаш лелхар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ченан (ченахӀаваийн эдарш — аэрозолаш) чухоаман эккхар ду химин кхолларийн кхерамех цхьаъ, хуьлу доза долчу шортенехь (гӀишлойн чоьнаш чохь, тайп-тайпанчу гӀирсаш чохь, ломах йаьхначу шахташкахь). Ченан лелхарш хила тарло дамадаккхарехь, ялтийн элеваторашкахь (деман чан) иза басарех, саьнгалх, шекарх, кхечу чанкепарчу дуучу сурсатех кхетча, кхин а пластмассаш, молханийн препараташ, дагор охьу чархаш тӀехь (кӀоран чан), текстиль дарехь.[3][4]

Атмосферан чан[нисйе бӀаьра | нисйе]

Схьайалар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Мохо чан ойу латтах, ораматаш аракхуссу дургал, тӀаплаьмнаш аракхуссу чим иштта кхин дӀа а.

Чено климатан бе Ӏаткъам[нисйе бӀаьра | нисйе]

Атмосферера ченан барамо боккха Ӏаткъамбо климатан. Ченан дакъолгаш дӀахӀуду мелхан радиацин дакъа, ткъа кхин а конденсацин хӀоьънаш дакъалоцу мархаш кхуллуш[5].

Чан оьздангаллехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Laboratoria Art&Science Space 2012 шеран апрелера июль кхаччалц хилира чан темана лерина Ӏилманан-исбаьхьаллин гайтарш, цигахь довзийтира ScienceART[6] доьзна белхаш.
  • Иранехь яьржина ю Ӏаьрбийн цӀе Абутураб — ченан да.

Хьажа иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]

Викидошаман логотип
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «чан»

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Илонова В. А., «Откуда родом пыль?», М.: «Санитарное просвещение», 1996 г.
  2. Ученые смоделировали ... домашнюю пыль. iScience.ru. iScience.ru (12 ноября 2009). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 6 март. Архивйина 2011 шеран 24 августехь Архивйина 2011-11-13 — Wayback Machine
  3. Предупреждение и локализация взрывов газа и пыли в угольных шахтах
  4. Процесс взрыва пыли
  5. Анна Говорова. Атмосферная пыль Земли удвоилась. Новостной проект Infox.ru. ООО «Инфокс-Интерактив» (16 января 2011). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 21 февраль. Архивйина 2011 шеран 24 августехь
  6. LABORAрTORIA — LAB EXPO Архивйина 2018-01-15 — Wayback Machine