Десублимаци

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Frost patterns 4.jpg

Десублима́ци (Депози́ци) — хӀума газкепарчу хьолера коча хьал дитина чӀогӀачу хьоле дехьадаларан физикан процесс. Десублимаций олуш энерги арайолу. Десублимаци ю экзотермин фазан дехьадалар. Юханехьа процесс ю дерзар (сублимаци). Десублимаци йо чӀогӀачу тӀехулонехь я хуьлу газан фазан чухоамехь аэрозоль кепара чӀогӀа хӀума ара а йолуш.

Десублимаци (шакхолладаларан процесс) йолуш ван-дер-ваальсан уьйранаш хуьлу ша-ша йолчу молекулашна юкъахь энерги а йолуш, иза дӀаюьгу десублимата тӀиера юкъахь уьйр йолуш шелъечу чӀогӀачу тӀехулонца, уьйр латтош кхин тӀе а чуюллачу шелонагентаца, газан иэдаршан тӀетуху кочалла Ӏаьнаре яларца, иза шоръяларца.

Десублимацин масала ду Ӏаьнан заманахь корийн ангалеш тӀехь хуьлу шен жӀамар а, кхин а атмосферан хӀоттам - йис а, дерз.

Десублимацин процессаш лелайо массо а халкъабахаман отраслашкахь: химийн, кхачанан, металлургин, электронийн, кхечу а. И процессаш лелайо хӀуман чура Ӏаьнаргазан иэдарш арадахархьама шелъечу тӀехулонаш тӀехь а, чухоамехь а, газкепара реагенташца химийн реакци йина керла чӀогӀа сурсаташ дахархьама, хӀума цӀанъярхьама, чӀогӀа тӀе ярхьама, йовхо ца лов гӀирсаш сублимацица бакъорхьама.

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]