Суспензи
Суспе́нзи, кхозург (лат. suspensio, хьалаоллар) — шена чохь чӀогӀа хӀума кегийрачу дакъолгашна екъа а екъна кхозучу хьолехь лаьтта коча хӀуманаш чу иэйина хӀуманаш[1][2].
Суспензи — шогадисперсан система ю чӀогӀа дисперсан фазица а, коча дисперсан хьолаца а. Дукха хьолахь дисперсан фазийн дакъолгаш дикка деза долуш (10 мкм сов), охьаховшу дозаллин ницкъан Ӏаткъам бахьнехь (седиментации йо). Шайна чохь седиментаци чӀогӀа меллаша йоьду суспензех, дисперсан фазийн а, дисперсин хьолийн а луьсталлийн йукъара башхалла кӀезиг хиларна, наггахь кхозургаш олу. Концентраци йина суспензеш чохь атта кхоллало дисперсан структураш. Суспензин тайпанаш — пульпаш, бурун цӀанноран кочаллаш, цементан чорпа, эмалан басарш. Шуьйра лелайо керамика ярехь.
Хьажа иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Суспензии / Л. А. Шиц // Струнино — Тихорецк. — М. : Советская энциклопедия, 1976. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 25).
- ↑ Шиц Л. А. СУСПЕНЗИИ // Большая российская энциклопедия. Электронная версия (2017); https://bigenc.ru/chemistry/text/4174819 Архивйина 2018-01-03 — Wayback Machine Дата обращения: 02.01.2018
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Химический энциклопедический словарь. — М.: Советская энциклопедия, 1983.