Ульяновскан область

53°57′ къ. ш. 47°55′ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ХӀара хӀокху агӀонан тишйелла верси йу, Ӏалашйина Саид Мисарбиев (дийцар | къинхьегам) декъашхочо (2019, 31 июль, 14:49). Иза баккъалла а къаьсташ хила мега карара версица.

Кеп:Российн федерацин регион Ульяновскан областьРоссийн Федерацин регион, Приволжен Федералан гуо юкъа йогӀу. Административан центр — гӀала Ульяновск.

Климат

Климат барамера континенталан, шийлачу Ӏаьца, йовхачу аьхкенца. Регионан климатан башхалла ю йоца екъа бӀаьсте. Ульяновскан областан гуьйре, йовха; лайн чкъор хӀутту ноябран шолгӀачу декхъехь. Уггаре шийла бутт — январь[1]. Ӏа лайне ду, сих-сиха техка температурашца (атлантикан циклонаш хийцало арктикан хӀаваан массашца), лаьтта ноябрера март юккъе баххалц областан къилба кӀошташкахь, ткъа Ӏаьнан-бӀаьстенан муьрехь йогӀа Воейковн сема, цуо Ӏаткъам бо меттигерчу климатна. Январан юккъера температура −12 °C, июлан +20 °C. Аьхкенан хенан-хӀоттам хуьлу май беттан юккъехь. Аьхке, йовха хуьлу кӀезиг лела азин антициклонан Ӏаткъам бахьнехь. Июлехь, юккъера барам, 5 де 22 °C юккъера температура а, сов а йолуш хуьлу. Йочанаш областан къилбехьа 350 мм тӀиера, къилбаседа-малхбузехь 500 мм кхаччалц[1]. Аьхка догӀнаш цхьаьнаэшшара ца хуьлу, амма догӀучу хенахь стигал къекъаш, доцца догӀу. Регионехь юькъаллаш кӀезиг ца хуьлу. Вегетацин мур лаьтта 180 де гергга[1].

Билгалдахарш

  1. 1 2 3 Ульяновская область : Губернатор и Правительство / Об Ульяновской области. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 6 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2010 шеран 4 октябрехь