Вайнах (журнал)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Вайнах (журнал).png
Журналан редакци чохь йолу Зорбанан ЦӀа

«Вайна́х» — Соьлжа-ГӀалахь хӀора баттах арадолу нохчийн литературин а, исбаьхьаллин а журнал. Арахоьцуш ду 1991 шо дуьйна. Цуьна хьалхара цӀе яра «Литературая Чечено-Ингушетия». Журналан хьалхара редактор вара поэт Алвади Шайхиев. Цул тӀаьхьа журналан редактораш бара Бердукаев, Хамзат Саракаев, Рамзан Байсултанов. 2002 шарахь журналан шен хӀинцлера цӀе тиллира. 2004 шо дуьна коьрта редактор ву яздархо а, поэт а Муса Ахмадов.

Журнал арадолуш ду оьрсийн а (80 агӀо), нохчийн а (16 агӀо) меттанашках. Тираж 2 500 экземпляр, формат А4.

Журналас юца таханлера нохчийн литературехь йоду процессаш, гӀо до нохчийн гӀиллакхаш а, истори а, культура а, мотт Ӏалаш беш. Зорба туху нохчийн яздархойн произведениш, нохчийн я оьрсийн маттахь ераш а, оьрсийн матта яхнарш а. Арахоьцуш ю гӀарбевла нохчийн яздархойн произведениш: Шайхи Арсанукаевн, Хамзат Саракаевн, Муса Бексултановн, иштта кхибераш а. Иштта нохчийн литературин классикийн а: Саид Бадуевн, Магомет Мамакаевн, Абузар Айдамировн. Зорба туху республикехь бевзаш болу литературоведашийн а, критикийн а статьяш а, рецензиш а.

Арайовлу нохчийн маттах а, исторех а, гӀиллакхах а, культурех а лаьцна статьяш, гуманитарни Ӏилманий диссертацин талламийн дакъош а. Журналас дуьйцу нохчийн культурехь хилла лараме хӀумнаш а, арайойла керла книгаш а. Мужалт тӀе туху нохчийн художникаш дехкина суьрташ. «Тха суьрташах лаьцна» цӀе йолу рубрикехь и суьрташ дехкина художникех лаьцна хаамаш хуьлу, цера кхоллараллин биографи юцу.

ДоттагӀий аьзнаш цӀе йолу рубрикас йовзита Российн кхоьчу регионашара, кхочу пачхьалкхашара яздархойн а, поэтийн а кхолларалца. Яш ю цхьанакхетараш яздархойн а, культурин белхалойн ешархошца а, литеран проблемашехь лаьцна «горга столаш» а. Редколлегин декъашхой дакъа лоцу форумашкахь а, конференцишкахь а, цхьанакхетарашкахь а.

2003 шарахь «Вайнах» журналан редакцис кхоьллира Нохчичоьхь тӀом хиллачул тӀехь хьалхара совгӀат. И совгӀат тӀаьхо делира Абузар Айдамировн, Шайхи Арсанукаевн, Хамзат Саракаевн, Муса Бексултановн, Саид Гацаевн. Оцу совгӀата Ӏалашо яра нохчийн маттахь язъяш болу похӀме яздархойн а, нохчийн маттан а, фольклоран а, талламхойн а гӀо дар а.

2007 шарахь Москвахь хилла йолу «Пресса-2007» цӀе йолу гайта хӀотторехь «Вайнах» журналас яккхира Гран-при «Хьалхара халкъан проекташ Прессин куьзганехь» конкурсехь масса агӀор говзаллин хьалхара халкъан проекташ кхочуш яр довзийтар.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]