Бексултанов, Муса Эльмурзаевич

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Бексултанов, Муса Эльмурза́евич
Beksultanov-Musa.jpg
Вина терахь 1954 шеран 1 июль({{padleft:1954|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:1|2|0}}) (65 шо)
Вина меттиг Боровое юрт, Мендыкарински кӀошт, Кхазакхстан
Корматалла яздархо
Гражданалла ССРС СССРРосси Росси
Да Эльмурза

Бексулта́нов, Муса́ Эльмурзаевич (1954 шеран 1 июль) — нохчийн яздархо, прозаик, Нохчийчоьнан а, Российн а (1992 шо) яздархойн союзашан декъашхо, 2005 шарахь «Литература» номинацехь «Дашо бухӀа» совгӀатан лауреат, Нохчийн Республикан Халкъан яздархо (2005 шо).

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Муса Бексултанов вина 1954 шеран 1 июлехь Казахийн СССРн Мендыкаринскан кӀоштан Боровое юртахь (хӀинца Бурабай). 1957 шарахь иза цӀа вирзина. Алхазурово юртахь хьалакхиъна иза. 1979 шарахь цо чекхъяккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан филологин факультет.

Тахана болх беш ву «СтелаӀад» берийн журналехь коьрта редактор.

Библиографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • дийцаран гулам «Мархийн кӀайн гӀаргӀулеш» («Облаков журавли белые») — 1985 шо;
  • дийцаран а, повестешан а гулам «Юха кханна а селхана санна…» («И завтра, как вчера») — 1988 шо;
  • дийцаран гулам «Наггахь, сайн сагатделча…» («Иногда, когда мне грустно») — 2004 шо;
  • сочиненишан гулам 2 томехь «Я хьан тухур буьйсанна хьа неI» («И кто постучится ночью в твою дверь») — 2004 шо;
  • гулам «Сан вешин тӀехьийза йоI» («Девушка моего брата») — 2011 шо.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]