Рубикон
Рубикон | |
---|---|
итал. Rubicone | |
Амал | |
Дохалла | 80 км |
ДӀаэхар | |
Хьост (B) | |
• Эрк долу меттиг | Апеннинан лаьмнаш |
• Координаташ | 44°00′03″ къ. ш. 12°16′00″ м. д.HGЯO |
Хикхоче (B) | Адриатикин хӀорд |
• Локхалла | 0 м |
• Координаташ | 44°10′05″ къ. ш. 12°26′36″ м. д.HGЯO |
Эрк долу меттиг | |
Пачхьалкх | |
Регион | Эмилия-Романья |
— хьост, — хикхоче | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Рубико́н (лат. Rubicō, итал. Rubicone) — Апеннинийн ахгӀайренан тӀера жима эрк, Риминин къилбаседехьа чукхета Адриатикин хӀорд чу. Вайн эрал 42 шо хьалха доза дара Италин а, руман провинцин Цизальпийн Галлин а.
Эрк тӀехь лаьтта Савиньяно-суль-Рубиконе гӀала. Иза жима индустрин гӀала ю, ткъа эрках хилла Эмилия-Романья областан ма-дарра долу Ӏовраш дӀайохуьйту харш. Рубиконан лакхарчу харш чохь лаьтта бухара хиш дукха дайарна а, Ӏаламо бӀаьста даӀкъорна а цуьнан хиш дакъаделла. Иза дара ладаме доцуш эрк шираруман заманашкахь, амма оцу хенахь дуьйна Рубикон кхин а чӀогӀа хийца а делла, бех а делла.
Эркан истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Эрк дика девза «Рубиконах валар» дешнаш алар бахьнехь, иза олу юха дерза йиш йоцу сацам хилча. Оцу аларан истори Гай Юлий Цезарь диктатор а, руман баьччех цхьаъ (проконсул), ткъа Рум республика хилале йолчу замане хьаладоьду. Законаца проконсулан бакъо ю эскаран коьрте хӀотта Италин арахьа. Цезарь, толам а баьккхина цӀавогӀуш, цуьнан сенатера агӀончаша хаийтинера цунна дуьхьала кечъеш йолчу кӀелонаш. Вайн эрал 49 шо хьалхара 10 январехь баьчча шен легионашца Рубиконна тӀекхечира. Юлий Цезарь кхетара, эскар ца хилахь ша Румехь вуьйр вуй, ткъа эскарца цуьнан йиш яцара чуваха. Эскар Рубиконах даларан сенато маххадор бара гӀаттаман санна. ХӀин волу диктатор шен эскаран ницкъах шеек вара, цхьаьна хеналлца ийзалора, нагахь иэшахь цуьнгара Ӏедал дӀадера дара, тӀаккха вуьйр вара. Амма Цезарь эскарца дехьавелира эркал, гражданийн тӀом чекхбаьча диктатор кхайкхийра. Оцу хенахь дуьйна «Рубиконах валар» аларан маьӀна ду «юха ца воьрзу меттигах дехьавалар», аьлча а, юхаверза йиш йоцуш, дина даьлла хӀума. Тера фразеологизм — «кхаж кхоьссина» (лат. ālea iacta est) — Цезара аьлла дешнаш, дехьа вала сацам бинчул тӀаьхьа.
Цезарь Рубиконах ваьллачул тӀаьхьа, эрк дуккха а хенахь массара дуьйцура, императора Августа Италин административан йекъайалар хийццалц, хӀинцалера Италин къилбаседе йукъа а тоьхна. Иза бахьнехь Рубикон тӀера Италин къилбаседа доза дӀаделира. Руман дозанаш сихха шордаларна «Рубиконан» дош тӀаьхь-тӀаьхьа дӀаделира топографин картин тӀера.
Руман импери йоьжначу тӀаьхьаЮккъерачу бӀешерийн хьалхарчу бӀешерашкахь Равеннин а, Риминин а йукъара бердаца йолу аренна чу дукказ а хи хьаьдира. Рубикона, областан кхечу кегийрачу эркашца, сих-сиха шен харш хуьйцура. Юккъера бӀешеререл тӀаьхьа юьртабахам денбарца областан хи латторхьама а, керла хи дестарех лардархьама а XIV - XV бӀешерашкахь чӀингаш ян а, хи дӀадохуьйту татолаш даха а буьйлабелира. Иза бахьнехь и эркаш нисса охьадоьдуш ду, тахана а.
1933 шарахь чӀогӀа гӀиртира эркан шира харш лаха. Савиньяно-ди-Романья (хӀинца Савиньяно-суль-Рубиконе) гӀалахула чекхдолу Фьюмичино эрк, официалан лаьрра хьалхалера Рубикон. И теори чӀагӀъеш йолу тӀаьххьара тешалла, ца карийна 1991 шарахь бен, оцу хенахь италин кхаа Ӏилманчо (Пиньотти, Равальи, Донати), масех шира хьост дуьстина (масала, Пейтингеран таблица), гайтира, Румера Рубикон тӀекхаччалц 320 километр хилар.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ХӀокху йаззамехь (декъехь) текст йу, схьаэцна (гочйина) Британин энциклопедин цхьайтталгӀа арахецаран, дехьайаьлла йолу йукъараллин бахам хилла.
- Livius.org: Rubico . www.livius.org. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 7 апрель. Архивйина 2012-12-22 — Wayback Machine
- Rubicon in dictionary . dictionary.reference.com. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 7 апрель.
- Pearce, M., R. Peretto, P. Tozzi, R. Talbert, T. Elliott, S. Gillies. Places: 393484 (Rubico fl.) . Pleiades. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 8 март.