Йукъараллин бахам
Йукъараллин бахам — марксизмехь — йукъараллин арахецаран ницкъаш кхиаран билгала тӀегӀанан а, оцу тӀегӀанца йогӀу историн тайпана экономикин арахецаран йукъаметтигийн амал йолу йукъараллин эволюцин тӀегӀа[1]. Арахецаран ницкъаш кхиаран формацин тӀегӀанаш йац, цара билгалдаьккхина арахецаран йакъаметтигийн тайпанашца йогӀур йоцуш[2].
Марксан йукъараллин-экономикин формацеш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Маркс Карла постулаташ ца йора, йукъараллин-экономикин формацийн гӀуллакх дуьззина дина даьлла олий, цуо билгалайоккхура тайп-тайпанчу белхашкахь тайп-тайпана формацеш. «Политикин экономин емалле» (1859) белхан дешхьалхенехь Маркс бийцира «экономикин йукъараллин формацин прогрессан муьраш», уьш билгала бохура арахецаран йукъараллин хьесапашца, царна йукъахь дийцира:
- азин;
- антикин;
- феодалан;
- капиталистийн.
В. П. Илюшечкина советийн заманал тӀаьхьа билгалдоккхура, цхьаьна агӀора Маркса боккъала а Гегелан а, Сен-Симонан а тӀаьхьа къастадора арахецаран хьесапаш а, формации а доларчун кепашца, амма кхечу агӀора цуо къастадора капиталистийн арахецаран хьесап йукъараллин арахецаран ницкъаш кхиаран тӀегӀанца а, оцу тӀегӀанца йогӀу историн кепара экономикин арахецаран йукъаметтигашца а — арахецаран ницкъаш кхиаран машенан тӀегӀанан диалектикин цхьаалла санна а, тӀаьххьарчу чоьтехь цунах йоьзна тӀекхетаран-механ тайпана экономикин арахецаран йукъаметтигашца а. «Хала ду ала, — билгалдоккхура Илюшечкина, — цуо [Маркс] стенца куьйгалла дора, иштта хатӀ доцург дийца»[3].
Шен тӀаьхьарчу белхашкахь Маркса луьстура кхоъ «арахецаран хьесап»: «азин», «антикин», «германин»[4], амма официалан къобал йина историн муьрийн пхеа меженан схемин «германин» арахецаран хьесап йукъа ца дахара.
Пхеа меженан схема
[бӀаьра нисйан | нисйан]Чекхйаьккхина йукъараллин-экономикин формацин Маркса формула ца йеллехь а, цуьнан ойланаш цхьаьнатохар, маьӀна даккха бух хилира советийн историкашна (В. В. Струвен а, кхечарна а). Цара дуьйцура, Маркса билгалйоккхура пхи формаци алсама йолчу арахецаран йукъаметтигашца а, доларчун кепашца а олий:
- хьалхара йукъара бахаман;
- лоллин;
- феодалан;
- капиталистийн;
- коммунистийн.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Илюшечкин, 1996, с. 98.
- ↑ Илюшечкин, 1996, с. 100.
- ↑ Илюшечкин, 1996, с. 111.
- ↑ Маркс К., Энгельс Ф. Соч., 2-е изд., М., 1955—1961. т. 48, с. 157, т. 46/I, с. 462-469, 491
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Андерсон П. Переходы от античности к феодализму. — М.: Территория будущего, 2007. — 288 с.
- Илюшечкин В. П. Теория стадийного развития общества (история и проблемы). — М.: Издательская фирма «Восточная литература» РАН, 1996. — 406 с. — 700 экз.
- Крадин Н. Н. Проблемы периодизации исторических макропроцессов. // История и Математика: Модели и теории / Отв. ред. Л. Е. Гринин, А. В. Коротаев, С. Ю. Малков. — М.: ЛКИ/URSS, 2008. — С. 166-200. — ISBN 978-5-382-00950-6.
- Семёнов Ю. И. Теория общественно-экономических формаций и всемирная история // Общественно-экономические формации. Проблемы теории. — М., 1978. — С. 55-89.
- Семёнов Ю. И. Марксова теория общественно-экономических формаций и современность. — 1998.
- Семёнов Ю. И. Производство общества // Социальная философия. Курс лекций. Учебник / Под ред. И. А. Гобозова. — М.: Издатель Савин С. А., 2003. — С. 147-160.