Alea iacta est

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску

Alea iacta est (иштта alea jacta est,  лат. — «кхаж тесна») — фраза, Цезарь Юлис, Апеннинийн ахгӀайренан къилбаседера дозанера Рубикон хи хадош аьлла лору.

Кхин тӀе, Цезара Рубиконах волуш и фраза латинин маттахь ца аьлла боху, ткъа грекийн маттахь аьлла: ανερρίφθω κύβος («кхаж тесна хуьлийла»), Плутарха дийцарехь («Pompejus», 60 корта). И дешнаш аьллачул тӀаьхьа Цезарь шен эскаран коьртехь Италин къилбаседа мехкан тӀеваьлла. Иштта болабелла беха Цезаран гражданийн тӀом коьртехь Помпей Сийлахь-воккха волчу руман сенатана дуьхьала.

Историн хилам толлуш, Цезарь кхерамечу гӀуллакхе вахар билгалдаккха деза, хӀунда аьлчи цуьнгахьа яцара цунах доглозуш йолу масех Руман уллора легион бен. Ехачу перспективехь ала мегар ду, динчу гӀуллакххо ша бакъдира, стратегехь Рум яккхаро а, Помпей юхаваларо а девнехь коьрта роль ловзийра, ткъа тӀаьхьо, шен политикан карьера Юпитеран фламин даржера йолийна волу, Цезарах диктатор хилира.

Лелоран семантика[нисъе | нисъе чухулара]

Дешнийн маьӀна ду: «харжам бина», я «йоккхачу Ӏалашонан дуьхьа хӀуъу а дан», кхин а леладо, хуьлуш дерг юхадоккхийла доций хаийтархьама а. Цуьнан синониман дешнаш лара мегар ду, «тӀайнаш дагийна», «юханехьа некъ бац», «я накха мидалшкахь хир бу, я корта къухашкахь хир бу», кхин а.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Бабичев Н. Т., Боровской Я. М. Словарь латинских крылатых слов: 2500 единиц. / Под ред. Я. М. Боровского. — 3-е изд., стер. — М.: Рус. яз., 1988. — С. 52—53. — ISBN 5-200-00013-0

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]