Первомайски (ГӀирмин Первомайскан кӀошт)

45°42′50″ къ. ш. 33°51′30″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ГӀалин тайпана посёлок
Первомайски
укр. Первомайське, гӀирман гIез. Curçı
45°42′50″ къ. ш. 33°51′30″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси/Украина[1]
Регион федералан маьӀна долу Севастополь гӀала[2]/Севастополан гӀалин кхеташо[3]
КӀошт Первомайскан кӀошт
Корта Кобылица Владимир Филиппович
Истори а, географи а
Дуьххьара хьахор 1798
Хьалхара цӀерш 1944 кхаччалц — Джурчи
Майда 4,95 км²
Центран локхалла 30[4] м
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 8964[5] стаг (2014)
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код 36552
Автомобилан код ГФЗ Севастополь: RUS 92
ГСС Севастополь:
Код ОКАТО 35235000001
Код ОКТМО 35635401101
КОАТУУ 0123555100
gska2.rada.gov.ua/pls/z7…
Картин тӀехь
Первомайски картан тӀехь
Первомайски

Первома́йски (1944 шо кхаччалц Джурчи́; укр. Первомайське, гӀирман гIез. Curçı, Джурчы) — гӀалин тайпана посёлок ГӀирмехь, Республика ГӀирмин Первомайскан кӀоштан а, Первомайски йуьртан меттиган а йукъ (Украинин административан-мехкан йекъайаларца — Автономин Республика ГӀирмин Первомайски поселкан кхеташо).

Бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бахархойн дукхалла
1979[6]1989[6]2001[6]2009[7]2010[7]2011[7]2012[5]
7109885393629096906090199008
2013[5]2014[5]
90018964

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом балале Джурчи йара бай-аренан ГӀирмин масех йуьртах цхьаъ, чохь эстонхой беха.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Джурчи XVIII бӀешеран чаккхенгахь — XX бӀешеран йуьххьехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дуьххьара Джурчи эвла хьахайар карийна «Перекоп гӀалех а, цуьнан уездах а йаздарехь» 1798 шеран. Оцу хенахь цигахь вехара 62 стаг[8], ткъа XIX бӀешеран йуьххехь кхузахь вара 152 вахархо. Эвлан бахархой латта а, даьхний а лелош бара.

Первомайскан поселкан йисташкахь карийна борзанан оьмаран белхан гӀирс.

ГӀирмин тӀом чекхбаьллачул тӀехьа 1853-1856 шерашкахь Джурчи эвла дӀакхоьссина йара[9], амма XIX бӀешеран 60-гӀа шераш долалуш эстонхойн ахархойн 30 сов доьзал кхелхира кхуза Ярвамаан уездера[10]. 1886 шарахь эвлахь, «Волости и важнѣйшія селенія Европейской Россіи» справочникца, вехара 167 стаг 28 цӀенойн хӀусамехь, болх беш йара лютеранийн зугӀар а, баккхал а[11]. XX бӀешеран йуьххьехь Джурчи йукъайоьдара Перекопскан уездан, бахархой бара 334 стаг. Гергара цӀерпошнекъан станци (Воинка) йара 25 км йуьртан гена, говрийн станци — 12 км, ткъа поштан-телеграфан — 4 км[12].

Дуьненан хьалхара тӀом болабаларца ахархойн хьал чӀогӀа телхира, дукхаха болу боьрша нах эскаре кхайкхира.

Посёлок советийн заманахь[нисйе бӀаьра | нисйе]

1918 шеран январь чекхболуш Джурчи деира Советийн Ӏедал, кхоьллира ревком, председатель хӀоттийра К. И. Высотин. 1918 шеран майхь немцойн эскарша Джурчин оккупаци йира, ноябрь чекхболуш уьш хийцира кӀайнгвардихоша, 1919 шеран апрелехь уьш аракхийсира ЦӀен эскаран дакъоша.

ГӀарабевлла бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Данный населённый пункт расположен на территории Крымского полуострова, бо́льшая часть которого является объектом территориальных разногласий между Россией и Украиной. Согласно административно-территориальному делению Российской Федерации, фактически контролирующей Крым, на его территории располагаются субъекты федерации Республика Крым и город федерального значения Севастополь. Согласно административно-территориальному делению Украины, на территории Крыма расположены входящие в состав Украины Автономная Республика Крым и город со специальным статусом Севастополь.
  2. Российн юрисдикцица
  3. Украинин юрисдикцица
  4. Прогноз погоды в с. Первомайское (Крым). Weather.in.ua. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 12 декабрь. Архивйина 2020 шеран 27 сентябрехь
  5. 1 2 3 4 Статистичний збірник "Чисельність наявного населення України на 1 січня 2014 року". ТӀекхочу дата: 2014 шеран 1 сентябрь. Архивйина 2014 шеран 1 сентябрехь
  6. 1 2 3 Кількість та територіальне розміщення населення України. Дані Всеукраїнського перепису населення 2001 року про адміністративно-територіальний поділ України, чисельність, розміщення та склад населення України за статтю, групування населених пунктів, адміністративних районів, сільських рад за чисельністю населення станом на 5 грудня 2001 року. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 17 ноябрь. Архивйина 2014 шеран 17 ноябрехь
  7. 1 2 3 Статистичний збірник "Чисельність наявного населення України на 1 січня 2011 року" . - Киів, ДКС, 2011. - 112с. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 1 сентябрь. Архивйина 2014 шеран 1 сентябрехь
  8. ЦГИА СССР, ф. 1350, оп. 312, д. 23, л. 7.
  9. Крымский облгосархив, ф. 81, оп. 1, д. 802, лл. 13—18.
  10. Списки населённых мест Российской империи, т. 41. Таврическая губерния, 1865, стр. XLIV.
  11. Кеп:ВВСЕР-8-1886
  12. Сборник по основной статистике. Перекопский уезд, вып. 1. Подворная перепись, стр. 7, 39.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Готовчиков Н. А., Попов С. Н. История городов и сел Украинской ССР. — Киев, 1974. — Т. Крым. — С. 421—426.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]