Нохчийн Республикан Халкъан библиотека

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Нохчийн Республикан Халкъан библиотека
Нохчийн Республикан Халкъан библиотека
Мохк
Кхоьллина 1904
Веб-сайт biblioteka-chr.ru
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Абуза́р Айдами́ров цӀарах йолу Нохчийн Республикан Халкъан библиотека — Соьлжа-ГӀалан хьлхара йукъара библиотека. Иза схьайиллина 1904 шарахь. 1920 шо дуьйна пачхьалкхо харж йо цунна. 1929 шарахь иза областной библиотека хилира. 1936 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн областех Нохч-ГӀалгӀан АССР а йинера, библиотекан республикин дарж а деллера. 2013 шарахь Абузар Айдамирован 80 шо кхачар бахьнехь библиотекин цуьнан цӀе тиллира.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кхиар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Библиотека схьайиллира 1904 шеран октябрехь Соьлжа-ГӀалан Пушкински училищен хьехархой къинхьегаман бахьнехь. Болх дӀаболуш хенахь фондаш наха еана керлачу книшкашца алсамъйоккхур. Совет Ӏедал дӀахӀоттале библиотека Соьлжа-ГӀалахь дуккха йоцу культуран учрежденешках цхьаъ яра. 1917 шеран революци хилира библиотекехь яра 14 эзар книга а, журнал а. Библиотеке оьхуш вара 1172 дешархо[1].

1920 шо дуьйна иза пачхьалкхан доле яллера. 1929 шарахь Соьлжа-ГӀала, хьалха Нохчийчоьхь дӀакъестина йола, Нохчийн областен йукъа яханчултӀехь, библиотекан областной дарж делира[1].

1934 шарахь Нохчийн а, ГӀалгӀайн а областеш цхьанатуьхуьра. Цу шарахь Иван Васильевич Сергеев библиотекан директор хӀоттийра. Иза оцу даржехь 1964 шо кхаччалц леттира[1].

1936 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн областех республика йира, библиотекина республикански дарж делира[1].

Сийлахь-боккха Даймехкан тӀом[нисйе бӀаьра | нисйе]

1943 шеран январехь фронт республикан дозан тӀекхачаран бахьнехь библиотекин болх сацабира. Иза юха а схьайиллира 1943 шеран сентябрехь.

Вайнах махках беккхинчултӀехь библиотекан белхалош къайлаяккхина ларйира нохчийн а, гӀалгӀайн а меттанашкахь Ӏедало хӀаллак йен аьлла дукха книгаш[1].

ТӀом чекхбелча[нисйе бӀаьра | нисйе]

«Грозный. Сквер имени Чехова». СССРн конверт. 1971 шо.
«Грозный. Библиотека имени Чехова». СССРн конверт. 1985 шо.

1945 шеран 11 июлехь Антон Чехов валарна 40 шо кхачар бахьнехь библиотекан цуьнан цӀе тиллира. 1964 шарахь А. П. Чехован цӀе йолу скверехь схьайиллира библиотекан керла гӀишло[1].

1980 шарахь библиотекан директор дуьххьара нохчий хилира — Нохч-ГӀалгӀайн АССРн а, РСФСРн а Сийлахь культуран белхало Тамара Пацевна Габисова. 1983 шарахь библиотекин Пачхьалкхан универсалан Ӏилманийн библиотекан дарж делира. Цу хенахь библиотеке хӀора шарахь 35 эзар книга а кхочура, 60 газет а, 485 журнал а. 1990-гӀа шераш долалуш хенахь библиотекехь яра 2,65 млн книга а, журнал а, газет а, 10 эзар наггахь бен ца нислуш йолу книга а[1].

1989 шарахь дешархошна схьайиллира хьалха дӀакъойлина йолу спецфондаш. Республикехь арахецна 10 эзар книга яра архивехь. Цу чохь ера ерриг республикан зорбанан продукци 1957 шо дуьйна. Библиотекехь болх беш вара 137 белхало. Библиотекехь дӀабоьдуш бара Ӏилманан-талламан болх. 1988 шарахь хьалхара аспирант Эдилбек Хасмагомадов «Развитие книгоиздательского дела в Чечено-Ингушетии (1917—1941 годы)» цӀе йолу диссертаци ларйира. Библиотекехь массийта институтан студенташ практика чекхйоккхура[1].

Совет Ӏедал дӀадаьлча[нисйе бӀаьра | нисйе]

Нохчийн Республикан Халкъан библиотека
Нохчийн Республикан Халкъан библиотека. Ӏаьн беш.
«Викимедиа РУ» векалш «2020 шеран Къилбаседанан Кавказан Вики-семинарехь» Халкъан библиотекехь. Кофе-брейк.

1993 шарахь библиотекан директор хӀоттийра историн Ӏилманийн кандидат Эдилбек Хасмагомадов[2].

1994—1995 шерашкахь хилла тӀом бахьнехь библиотека бух ца буьсуш хӀаллакйира, цу чура книгаш лечкъинера я ягинера[1].

Библиотекас болх болинера Соьлжа-ГӀалан куьгийн ловзарийн стадионан трибунаш бухаш йолу чоьнашкахь. 1995 шеран 12 декабрехь библиотекан Нохчийн Республикан Халкъан библиотекан дарж делира. Библиотекан керла фондаш юзура Дагестанан а, Кабардино-Балкарин а, Ставрополера а, Москвара а яийтина книгаш. Иштта Соьлжа-ГӀалан а, Нохчийчоьнан а бахамхой схьакхоьхьура шай книгаш библиотекан совгӀатан[1].

2005 шо дуьйна библиотека яра Респуликан исбаьхьаллин а, культуран а центран 2-чу этаж тӀехь. Цу хенахь библиотекехь яра 23 эзар книга. Библиотеке оьхуш вара 3 эзар стаг[1].

2013 шеран 23 мартехь библиотекан керла гӀишло схьайиллира. Иза ю Соьлжа-гӀалан юккъехь. Цуьнан чура майда ю 13 эзар м² сов. 2013 шеран 30 октябрехь Нохчийн Республикан Халкъан йаздархо Абузар Айдамиров 80 шо кхачаран бахьнехь библиотекан цуьнан цӀе тиллира[3]. Оццу гӀишлончохь ю Нохчийн Республикан берийн библиотека.

2013 шарахь Нальчикехь хилла фестивалехь «Традиции и новаторство в архитектуре Северного Кавказа» НР Халкъан библиотекан проект тоьллинарг лерира[4][5][6][7][8][9][10][11].

2017 шеран мартехь схьайиллира библиотекан электронны фондашка тӀекхачар[12].

2019 шеран 10 ноябрехь Халкъан библиотекехь хилира хьалхара Къилбаседан Кавказан Вики-семинар[13].

2020 шеран 7 нояберхь библиотекехь хилира «Северокавказский Вики-семинар 2020»[14].

Библиотекан куьйгалхой[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 1934—1964 — Иван Васильевич Сергеев;
  • 1964—1978 — Инна Фёдоровна Голикова;
  • 1978—1980 — Полина Сергеевна Горбунова;
  • 1980—1993 — Тамара Пацевна Габисова;
  • 1993—2014 — Эдилбек Хамидович Хасмагомадов;
  • 2014 — таханналц — Сацита Магомедовна Исраилова[15].

Филателиехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

1971 а, 1985 а шерашкахь СССРехь арахийцира цу хенахь хилла долу библиотекан гӀишлон сурт тӀехь долуш йолу конверташ.

Библиографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Книгаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Альтимирова З. Х-А. Национальная библиотека: история и современность (1904—2004). Библиографический указатель. — Гр.: ГУП «Книжное издательство», 2004. — 200 экз.
  • Ваксман Александр. Записки краеведа. — Гр.: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1984. — С. 19—21. — 96 с. — 5000 экз.
  • Музакаев Дикалу. Чеченская культура — от традиционности к современности. — Гр.: ФГУП «Издательско-полиграфический комплекс», 2012. — 280 с. — 800 экз.
  • Чечня: право на культуру. — М.: «Полинформ-Талбури», 1999. — С. 25—28. — 120 с. — 1500 экз.

Статьяш[нисйе бӀаьра | нисйе]


Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 Национальная библиотека ЧР. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 29 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 29 июлехь Архивйина 2014-07-29 — Wayback Machine
  2. Светлана Емельянова. Национальная библиотека ЧР не будет зарабатывать на читателях (2013 шеран 26 май). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 26 ноябрь.
  3. Национальной библиотеке ЧР присвоено имя А. Айдамирова Архивйина 2014-07-29 — Wayback Machine
  4. Здание Национальной библиотеки — лучшее на Северном Кавказе
  5. Национальная библиотека Чеченской Республики
  6. Топ-10 знаковых библиотек России Архивйина 2014-02-10 — Wayback Machine
  7. Национальная библиотека Чечни победила в конкурсе «Традиции и новаторство в архитектуре Северного Кавказа» Архивйина 2014-08-12 — Wayback Machine
  8. Национальная библиотека Чечни признана лучшей постройкой Северного Кавказа, 6.11.13
  9. Лучшей постройкой Северного Кавказа признали здание Национальной библиотеки Чечни Архивйина 2014-08-11 — Wayback Machine
  10. Национальная библиотека Чечни признана лучшей постройкой Северного Кавказа(ТӀе цакхочу хьажорг)
  11. Национальная библиотека Чеченской Республики признана лучшей постройкой Северного Кавказа
  12. Заместитель председателя Правительства РФ Ольга Голодец во главе делегации руководства федеральных органов исполнительной власти социального блока и Минкавказа России посетила Чеченскую Республику. minkavkaz.gov.ru (2017 шеран 25 май). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 26 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2017 шеран 2 июнехь Архивйина 2017-06-02 — Wayback Machine
  13. . Пресс-релизы/О мероприятиях в Грозном 8-10 ноября 2019 года. Викимедиа РУ (2019 шеран 20 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 30 январь.
  14. . Пресс-релизы/Северокавказский Вики-семинар 2020. Викимедиа РУ. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 8 ноябрь.
  15. ГБУ «Национальная библиотека ЧР имени Абузара Абдулхакимовича Айдамирова». mk-chr.ru. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 26 ноябрь. Архивйина 2017-07-20 — Wayback Machine

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]