Музакаев, Дикалу Абузедович
Музакаев Дикалу Абузедович | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | танцор |
Вина терахь | 1960 шеран 24 март (64 шо) |
Вина меттиг | Романовка, Целиноградан область, Кхазакхстан |
Корматалла | хелхархо, хореограф, Нохчийн Республикин культурин министр |
Гражданалла | СССР → Росси |
Да | Абузед |
Сайт | www.mkchr.com |
Дика́лу Абузе́дович Музака́ев (1960 шеран 24 март, Романовка, Целиноградан область, Кхазакхстан) — нохчийн хелхархо а, хореограф а. 1996—2001 шерашкахь «Ингушетия» ансамблин куьйгалхо. 2007 шеран 13 мартера 2013 шеран 26 декабрь кхаччалц — Нохчийн Республикин оьздангаллин министр.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]8 шо кхаьчча Серноводскан юртан берийн хореографин тобанехь хелхавала волавелира иза. 1975 шарахь иза деша дӀахӀоттира Соьлжа-ГӀалин культпросветучилищин хореаграфин декъан. Доьшачу хенахь иза хелхаволуш вара «Нийсархой» цӀе йолу халкъан ансамблехь.
Училище чекхйаьккхинчул тӀехь иза балха ийцира «Вайнах» ансамбле. Оцу ансамблехь иза хелхавийлира Португалехь а, Аргентинехь а. Аргентинехь мукъа волчу хенахь цо «Маламбос» цӀе йолу аргентинан хелхар Ӏамош йолу курсаш чекхйаьккхира. И курсаш чекхйаьккхина аьлла цунна Аргентинан ламастан хореографин институтас диплом делира.
1980—1982 шерашкахь иза армехь вара (Къилбаседа Кавказан тӀеман округан хелхаран а, эшеран а ансамблехь). Цигахь иза волавелира хореограф болх бан. Цо хӀоттийра «Ах-Вах юртехь» цӀе йолу кавказан хореографин сюита (Расул Гамзатовн произведенишца) а, «Гаучо» цӀе йолу аргентинан хелхар а, «Матросан хелхар» а.
1986 шарахь тӀехдика чекхйаьккхира Москван пачхьалкхан культурин институт «балетмейстер-хьехархо» говзаллица. Цул тӀехьа цо балетмейстер болх бира «Вайнах» ансамблехь. 1992 шарахь цо кхоьллира шен фольклоран хелахаран театр «Нохчо». Оцу театро болх бира 1996 шеран август кхаччалц.
1996—2001 шерашкахь иза вара «Ингушетия» цӀе йолу халкъан хелхаран ансамблин исбаьхьаллин куьйгалхо. Цуьна куьйгаллица ансамбль совгӀаташ деккхира Закопанехь (Польша) а, Арагонехь (Итали) а хилла фестивалашкахь, гастролешца лийлира Российн регионашкахь а, кхоьчу пачхьалкхашкахь а.
2001 шарахь иза «Вайнах» ансамблин куьйгалхо дӀахӀоьттира. Цу хенахь ансамбль йоцуш йара: артисташ пачхьалкх ма йу бевда бара, костюмаш а, пондураш а, реквизит а йайна йара. Музакаевс керла тоба гулйира, къона артисташ кхайкхира. 2001 шеран 18 майхь Краснодарехь ансамблин хьалхара концерт хилира. Иза чекхйаьлира боккху кхиамца.
2007 шеран 13 мартехь иза хӀоттийра Нохчийн Республикин культурин министр. 2013 шеран 26 декабрехь балхара мукъаваьккхина.
Литературин болх
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дикалу Музакаевc йазйина ши книга: «„Вайнах“ — жизнь моя!», «Чеченская культура — от традиционности к современности».
СовгӀаташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Мидал «За заслуги перед Чеченской Республикой» (2005)
- Ахмат Кадырован цӀарах орден (2008)
- «Нохчийн Республикехь парламентаризм кхиайаран» орден (2008)
- «ГӀалгӀайн Республикин хьалха кхиамашна» орден (2008)
- «Российн гӀуллакхан» хьалхара даржан орден (2008)
- Сийлахь знакаш: РФ культурин министерстван «Культурехь бина кхиамашна» (2007), «Российн Федерацин гражданаш патриоталлин кхиоран жигара балхан» (2011)
- ЧИАССРн Сийлахь артист (1991)
- Российн Федерацин Сийлахь артист (1996)
- ГӀалгӀайн Республикин Халкъан артист (1998)
- Российн Федерацин Халкъан артист (2004)
- Абхазин Сийлахь артист (2010)
- Башкортостанан Халкъан артист (2010)
- ГӀебертойн а, Балкаран а Республикин Халкъан артист (2010)
- Нохчийн Республикин Сийлахь исбаьхьаллин гӀуллакххо (2012)
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Народный артист и народный министр Архивйина 2014-07-26 — Wayback Machine
- В Грозном торжественно отметили юбилей Народного артиста РФ Д. Музакаева(ТӀе цакхочу хьажорг)
- Руководителю чеченского ансамбля танца «Вайнах» Дикалу Музакаеву присвоили звание «Народный артист России»