Молодёжни смена

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Молодёжная смена дӀасахьажийна кхузе)
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Молодёжни смена
Формат А3

Редактор Хасиев Сайд-Эми Алхазурович
Кхоьллина 2003
Мотт оьрсийн, нохчийн
Муьрехь арахецар кӀиранах цкъа
Коьрта офис Росси, Нохчийн Республика, Соьлжа-ГӀала, Маяковскин урам, 92
Тираж 2000
Веб-сайт msmena.ru
Газетан редакци чохь йолу Зорбанан ЦӀа

Молодёжни смена — нохчийн кӀиранах цкъа арадолу республикан кегирхойн юкъараллин а, политически а газета.

Кхоьллина 2003 шарахь Нохчийн Республикан къоман политикан а, зӀорбанан а, информацин а Министерствос. Цуьнан хьалхара коьрта редактор вара журналист Рамзан Гуциев. 2004 шарахь газетан коьртахь хӀоьттира журналист а, телеведущи а Тамара Дукаевна Юнусова. Тахана газетан куьйгалхо ву Хасиев Сайд-Эми Алхазурович.

Газетас толам беккхина дукха регионан а, ерригроссийн а конкурсашкахь. 2007 шеран февралехь регионан талламашкахь гучуделира газета Къилбера федеральни округехь «Уггаре лакхара рейтинг йолу пачхьалкхан зӀорбанан издани» хилара. И совгӀат хилира Нохчийн Республикан зӀорбанан исторехь нохчийн газетан хьалхара совгӀат. Иштта газета деккхира и совгӀат 2008, 2009, 2010, 2011, 2014 шерашкахь.

2008 шарахь газета хилира «Шаран тоьлла компани» цӀе йолу Халкъашна юккъера совгӀатан лауреат[1].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]