Наталья Алексеевна (сийлахь сту)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Романова Наталья Алексеевна
Романова Наталья Алексеевна
Сийлахь сту
Хьалха хилларг Екатерина Алексеевна
Когаметтаниг Мария Фёдоровна

Дин керста
Йина терахь 1755 шеран 14 (25) июнь({{padleft:1755|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:25|2|0}})
Йина меттиг Дармштадт
Кхелхина терахь 1776 шеран 15 (26) апрель({{padleft:1776|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:26|2|0}}) (20 шо)
Кхелхина меттиг Петарбух
ДӀайоьллина
Тайпа ГессенгӀеран цӀа, РомановгӀар
Йича тиллина цӀе нем. Augusta Wilhelmina Luisa von Hessen-Darmstadt
Да Людвиг IX (Гессен-Дармштадтан ландграф)
Нана Генриетта Каролина Пфальц-Биркенфельдан
Майра Павел I
Бераш Велла кӀант вина
Динлелор керста
СовгӀаташ Сийлахь Екатеринин I тӀегӀанара орден
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Ната́лья Алексе́евна, йинчу хенахь принцесса Вильгельмина Луиза Гессен-Дармштадтан (нем. Wilhelmina Luisa von Hessen-Darmstadt; 14 (25) июнехь 1755, Дармштадт15 (26) апрелехь 1776, Петарбух) — сийлахь сту (1773), Гессен-Дармштадтан ландграфан Людвиг IX а, Каролина Цвейбрюкен-Биркенфельдан а йоӀ, сийлахь элин Павел Петровичан хьалхара зуда (тӀаьхьа император Павел I-ра).

Елла доьзалхо хуьлуш, дуьнен тӀеваьккхира велла сийлахь эла[1] .

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вильгельмина Луиза йина 1755 шеран 14 (25) июнехь, ландграфан Людвиг IX Гессен-Дармштадтан (1719—1790) а, цуьнан хьалхара зудчун принцесса Каролина Цвейбрюкен-Биркенфельдан (1721—1774) а доьзалехь пхеалгӀа бер, йоьалгӀа йоӀ.

ЙоӀ кхиийра чӀогӀа тӀаьхь ненан терго йолуш, ненах олура «сийлахь ландграф-аьзни». Иза дика дешна зуда яра, цуьнан цӀахь хиллера Гёте, Гердер, кхин оцу заманахь гӀарабевлла нах. Жимачу хенахь дуьйна йоӀ чӀогӀа хьекъал долуш яра, дика амалаш а,чӀогӀа хьуьнаралла а йолуш яра.

Маренан планаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

1772 шарахь сийлахь элин Павел Петровичан кхечира берхӀитта шо, цуьнан нана, император-аьзни Екатерина II-гӀа, йолаелира кӀантана нускал лаха. Дуккха лехна севцира шина кандидатурин тӀехь: София-Доротея Вюртемберган а, Вильгельмина Гессен-Дармштадтан а. Амма Софиян кхойтта шо кхечира, ткъа Екатеринин сихха когаметтаниг везара, цундела император-аьзнис шен харжам бира кхаа принцессех Гессен-Дармштадтан.
Оцу хьоло самукъа цадоккхура император-аьзнин. Ша вахийтинчу Ассебурге шен кехатехь цуо яздора:

Принцесса Вильгельмина Дармштадтан суна юьйцу, дукхаха дерг дог дика долуш ю бохуш, Ӏалам санна хаза кхоьллина бохуш; амма иштта хазалла дуьненахь ца хуьлу, сунна ма-хаъара, ахьа боху, цуьнан сиха хьекъал ду барт бохо. Иза цхьаьнатоьхча цуьнан ден а, дуккха а йижарийн а, вежарийн а, дукхаха берш дӀанисбелла, биснарш хӀин-хӀинца бохуш Ӏа, ларъяла езийта со оцу агӀора. Амма аса доьху хьоьга хьайн тергонаш карлаяхар…

Пруссин паччахьан Фридрих II-гӀачун лаара и захало дан, цуо Россех а яхана и захало Пруссин ладаме хиларх тешабе аьлла ландграф-аьзни Каролина яхийтира.

1772 шеран октябрехь Екатеринас яздира Панин Никита Ивановиче:

Ландграф-аьзнин, хастам бу Далла, мааре яла кхин а кхо йоӀ ю; доьхур ду цуьнга кхуза яр шен маьхкарийн жӀуганца; вай чӀогӀа ирс доцуш хир ду оцу кхааннах вайца йогӀушъерг ца харжахь. Цаьрга хьовсур ду, тӀаккха сацам бийр бу. И йоьӀрий: Амалия-Фредерика — 18 шо; Вильгельмина — 17 шо; Луиза — 15 шо… Башха сеца а ца соьцу Гессенан пруссин паччахьа принцессехь йоккхаха йолчун хестамаш тӀехь, цунна оьшурш, цунна хазахетарш, вайна хазахетар ялахь тамаша бу. Цуьнан ойланца — Ӏовдалнаш гӀоле бу: суна гина, бевзина цуо хаьржинарш.

Ландграф-аьзни Каролинин а, цуьнан мехкаршна а тӀаьхьа Екатеринас хьажийра кхоъ фрегат-кема. Царех цхьанна баьччал деш вара граф Разумовский Андрей.

Паччахьан кӀентан принцессашца Амалийца (1754—1832, тӀаьхьа Баденан принцесса), Вильгельминица, Луизица (1757—1830, тӀаьхьа сийлахь Саксен-Веймар-Эйзенахан герцог-аьзни) гар нисделира Гатчинехь 1773 шеран 15 июнехь.

Павела хаьржира Вильгельмина. Екатеринас яздира:

… Сан кӀантана хьалхарчу минотехь дуьйна езаелира принцесса Вильгельмина, аса цунна кхо де хан елира, иза дохко волий хьажа, и принцесса ерриг агӀонашца а шен йижрел тоьлуш хиларна… йоккхаха ерг эсала; жимаха ерг, хета, чӀогӀа хьекъале; юккъерчуьнгахь дерриг вайна оьшург цхьаьна ду: юьхь цуьнан чӀогӀа хаза хуьлу, аматаш нийса, иза кӀеда-мерза, хьекъале ю; со чӀогӀа реза ю, сан кӀант иза езаелла ю …

1773 шеран 27 июнехь герцог-аьзни Каролинин а, цуьнан кхаа йоьӀан а елира Сийлахь Екатерин орден.

1773 шеран 15 августехь принцессас Вильгельминас тӀеийцира сийлахь цӀе хийцар титулца сийлахь сту Наталья Алексеевна цӀарца, ткъа шолгӀачу дийнахь мах бира сийлахь элица Павел Петровца.

Мах бар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Наталья Алексеевна, Рослин Александран болх

Дай[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Родословная книга Всероссійскаго дворянства. // Составилъ В. Дурасов. — Ч. I. — Градъ Св. Петра, 1906.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]