Анна Петровна (Екатерина II йоӀ)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Анна Петровна
Анна Петровна
Сийлахь элин йоӀ

Дин керста
Йина терахь 1757 шеран 9 (20) декабрь({{padleft:1757|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:20|2|0}})
Йина меттиг Петарбух
Кхелхина терахь 1759 шеран 8 (19) март({{padleft:1759|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:19|2|0}}) (1 шо)
Кхелхина меттиг Петарбух
ДӀайоьллина Александр-Невскин лаврин Благовещенски килс, Петарбух
Тайпа РомановгӀар
Да Пётр III (?)
Нана Екатерина II
Динлелор православи
СовгӀаташ Сийлахь Екатеринин I тӀегӀанара орден
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Элин йоӀ А́нна Петро́вна (9 (20) декабрехь 1757, Петарбух[1]8 (19) мартехь 1759, Петарбух[1]) — сийлахь стунан Екатерина Алексеевнин (хин йолу Екатерина II) йоӀ[2]. Елла жималлехь.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дуьнен тӀеяьлла 1757 шеран 9 (20) декабрехь 10 а, 11 а сахьташна юкъахь Петарбухан Невин проспектера дечиган Ӏаьнан гӀалин чохь, оцу хенахь цигахь ехара императоран фамили. (Каш тӀера йина терахь «8 март» гӀалат ду[3][4]).

ГӀалин паччахьан цӀийнан йоӀ ярах хаийтира 12-гӀачу сахьтехь Петропавловски гӀап тӀера 101-зза йоккха топ кхоссарца. 12 декабрехь хьалхара пхеа классан божарша йоӀ ярца декъала вира сийлахь эла цуьнан декъа тӀехь[5]. 11-гӀачу дийнахь иза яр хаийтира Цербсте — ненананна — грамоташца[6].

Терахь 1757 шеран 17 декабрь долуш жӀар тохар гайтар

Анна шен хилар къобал дира Екатеринин майрачо, сийлахь эло Петр Фёдоровича (хин волчу Петр III-чо), амма паччахьан керт шеконехь яра иза да хиларх. «Паччахьан кертахь хӀоьттина шеконан хьал гойту, жӀар тохаран Церемонин декъе кхайкхина кхечу пачхьалкхийн векалашка мадуьйла аларо. Бахьна хӀоттийра, официалан император-аьзни араер ца хилар, могаш ца хиларна. Амма Елизавета Петровна, килсан агӀонан неӀаршкахула еира жӀар тохаран церемоне, хилира жимачу Аннин жӀаран нана, Сий. Екатеринин орденан гроссмейстер санна, йоьӀан тӀеехкира хьаьркаш»[5].

17 декабрехь йоьӀан жӀар туьйхира Йоккхачу паччахьан кертарчу килсехь[5].

Беран цӀе «Анна» елира елла дененан, паччахьан йоьӀан Анна Петровнин (император-аьзни Елизаветин йишийн) сийнна. ЦӀе хаьржира Елизавета, цуо ца тиллийтира Екатерине йоьӀан цӀе шен сийнна «Елизавет».

Екатеринас шен «Тептаршкахь» яздо, цуьнан майрачо «оцу хьокъехь хӀоттийра боккха синкъерам, из ахӀотто омар делира Голштинехь а, реза хиларца тӀеоьцура берриш декъалбарца баьхкинарш. ЯлхолгӀачу дийнахь император-аьзни жӀаран нана хилира оцу беран, омар деира суна кабинете суна кхузткъеитт эзар сом ло аьлла. Цуо дахьийтира оццала сийлахь эллина а, цуо кхин а самукъа даьккхира цуьнан. ЖӀар тоьхначул тӀаьхьа даздарш дуьйладелира. Лора, дийцарехь, уггаре диканаш, сунна цхьан а ца гира; со сайн меттахь яра со цхьаъ, кхин дацара соьца цхьан а са, Владиславнеш боцурш, хӀунда аьлча, аса иза ма-йиннехь, император-аьзнис хӀинца а, хьалха санна, дӀадаьхьира бер шен садоӀу чоьнан чу, иштта, сунна оьшу садаӀарх бахьна дина, со дӀатесна йитира, цхьа ирс доцу хӀума санна, цхьаммо а сан чу ког а ца баьккхира, со муха ю аьлла хатта а ца хаьттира, хатта ца хаттийтира. Хьалха санна аса чӀогӀа сингаттам латтийра оцу дӀакхоссарх». Кхин дӀа нанна ехачу хенахь ца гира дуьнен тӀеяьлларг а, Павелан воккхаха волу кӀант а: «…уьш ца го, суна дуӀа динчу хенахь дуьйна, сунна гина яц жимаха йолу йоӀ, ган йиш а яцара император-аьзнин башха пурбанций бен, ткъа уьш ши чоь генахь бен бацара, хӀунда аьлча церан чоь садоӀу чоьнийн дакъа ду; амма сан шеко-м яц иза цаьрга хьожуш хиларх, ткъа уьш ган йиш ца хиларо, сунна башхалла яц уьш бӀе гулч гергахь хилчи а, бӀе чаккхарма хилчи а».

Ялар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Анна Петровна, шерал кӀеззиг сов яьхна «сихха хьевзина» елира, дӀайоьллира Александр-Невскин Лаврера Благовещенски килсе.

Дай[нисйе бӀаьра | нисйе]

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 Пчелов Е.В. Поколение Иоанна Антоновича и Павла I // Романовы. История династии. — М: ОЛМА-ПРЕСС, 2004. — С. 146. — 494 с. — (Архив). — 3000 экз. — ISBN 5-224-01678-9.
  2. Анна Петровна (дочь Петра III) // Русский биографический словарь : в 25 томах. — СПб.М., 1896—1918.
  3. «Зерцало российских государей» дает следующую информацию, также ошибочную: «родилась 1757 Генваря 27, скончалась 1759 Маия 6, жила 2 г., 4 месяца и 21 день»
  4. Русский архив: русский исторический журнал. — Столица, 1866. — 984 с.
  5. 1 2 3 Описание церемонии крещения великой княжны Анны Петровны. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 4 февралехь. Теллина 2019 шеран 24 июнехь.
  6. Д. Н. Бантыш-Каменский. Обзор внешних сношений России (по 1800 год). — Рипол Классик. — 281 с. — ISBN 9785518058002.
  7. Кавалеры ордена Святой Екатерины

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]