Людовик XIII
Людовик XIII | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
фр. Louis XIII | |||||||
| |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Генрих IV | ||||||
Когаметтаниг | Людовик XIV | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Генрих IV | ||||||
Когаметтаниг | Людовик XIV | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Франциск II | ||||||
Когаметтаниг | Людовик XIV | ||||||
|
|||||||
Дин | Католицизм | ||||||
Вина терахь | 1601 шеран 27 сентябрь | ||||||
Вина меттиг | Фонтенбло | ||||||
Кхелхина терахь | 1643 шеран 14 май (41 шо) | ||||||
Кхелхина меттиг | Сен-Жермен-ан-Ле | ||||||
ДӀавоьллина | Базилика Сен-Дени, Париж, Франци | ||||||
Тайпа | БурбонгӀар | ||||||
Да | Генрих IV | ||||||
Нана | Мария Медичи | ||||||
Зуда | Анна Австрийн (1615 шеран 18 октябрехь дуьйна) | ||||||
Бераш | |||||||
Динлелор | Католицизм | ||||||
Автограф | |||||||
Монограмма | |||||||
СовгӀаташ | |||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Людовик XIII Бакъверг (фр. Louis XIII le Juste; 27 сентябрь 1601, Фонтенбло — 14 май 1643, Сен-Жермен-ан-Ле) — 1610 шеран 14 майхь дуьйна Францин а, Наварран а паччахь а, схьавалар БурбонгӀеран некъех.
Мария Медичин урхалла
[бӀаьра нисйан | нисйан]Людовик XIII Ӏарш тӀе кхаьчна 8 шо долуш, шен да Генрих IV вийча. Людовик жима волуш цуьнан нанас, Мария Медичи регент хьолехь йолуш, шен майрачун политика йитира, цуо барт бира Испаница, церан паччахьан Филиппа III-гӀачун йоьӀца Анна Австрийнца мах бийр бу аьлла. Оцу балхо карзахбехира гугеноташ. Дукхаха болу даржехь болчара паччахьан цӀа а дитина тӀеман кечлуш бара, амма паччахьан цӀийно 1614 шеран 15 майхь машар цаьрца Сент-Менухь (Sainte-Ménehould). Анна 1615 шарахь бен ца йалийра, амма Людовикан зудчунца йукъаметтигаш нис ца йелира, цунна гӀоле хетара шен хан миньонашца Люиньца а, Сен-Марца а йоккхуш, ткъа эладиташ цара паччахь лелош ву бохура. 1630-гӀа шераш чекхдовлуш бен ца тойелира Людовикан а, Аннан а йукъаметтигаш, 1638 а, 1640 а шерашкахь дуьнен тӀе велира ши кӀант, хӀин волу Людовик XIV а, Филипп I Орлеанан а.
Ришельён урхалла
[бӀаьра нисйан | нисйан]Историн романийн дукхалла бахьнехь (уггаре хьалха А. Дюма-да), йукъараллехь чӀагӀйелла Ришельён «диктатуран» а, дог кӀеда паччахьан а стереотайп, амма дукха хьосташа тешалла до кхечу агӀонах. Цхьан а кардиналан диктат ца хилла не было. Ткъа паччахьан а, цуьнан хьалхара министран а йукъаметтигаш шера ца хиллехь а, амма ца хиллера Виньес а, Дюмас а ма-йазйарра. Паччахьан арахьара политика кардинал Ришельё веачи хийцаяла йолайелира, амма иза хенан йохалла хилира. Правительствон гарехь, уггаре хьалха оьшура хьал пачхьалкхан чохь нисдан, иза дархьама барт бан безара (я дӀатебан безара, хьоле хьаьжжина) чӀогӀа паччахьан Ӏедалан агӀончин мостагӀийн, уьш гугеноташ хилла ца Ӏара. Амма тӀаьхьарнаш хилира кардиналан тур боьххьехь, хӀунда аьлчи гугенотийн партис барт бира арахьара (Испанин а, Ингалсан а) гӀо тӀелаца. 1620-гӀа шераш чекхдовлуш гугеноташ дӀатебира, ткъа лерина паччахьан эдикто нисдора протестантийн динан а, политикин а бакъонаш мехкан чухула. Оццу хенахь правительство гӀертара гугенотийн арахьара гӀо дӀадаккха (Ла-Рошель кӀелахь ингалсан эскадра хӀаллакйар, Испаница долу дар-дацарш нисдан гӀертар). Испани уозайалийтархьама, Ришельён правительство жигара йаьккхира шен политика Къилбаседа Италехь. Французийн паччахьан НевергӀеран цӀенна Мантуйн ирс къуьйсу тӀом (1628—1631) чекхбаьлча, дала реза хилира Мантуйр Ӏаьршан ирс.
Гугеноташца а, ткъа иштта Къилбаседа Италица а тӀамехь хиллачу аьттуно дӀа ца дохура кхин а гӀуллакхаш. Мехкан чоьхьа дуккха а баланаш бара, уьш дӀадаха царна оьшура цхьаьнаэшшара, дуккха шерашкахь къахьега (административан урхаллийн хийцамаш, налогийн хийцамаш, кхин дӀа а). Правительство Ӏоттайелира мехкан чоьхьахула (элийн а, ахархойн а агӀора) а, арахьахула а дуьхьалонашца. Паччахьан кертара оппозици масийттаза гӀоьртира арахьара гӀо кхайкха. Чоьхьара оппозицин маьӀна тӀаьхь-тӀаьхьа лагӀлуш дара. Людовика ша хӀаллакйора, принцийн агӀора (царна йукъахь шен вешийн, Гастон Орлеанан а), хьаькамийн, нана паччахь-аьзнин Ришельён дуьхьала йолу ойланаш, гуттара а гӀо лацара шен министран агӀора, ткъа иза гӀуллакх деш вара паччахьан а, Францин а беркатна. Иштта, цуо йелира Ришельён йуьззина бакъо шен вешин, герцог Гастон Орлеанан дуьхьала, кӀелдахьула барт бинчу 1631 а, гӀаттам бинчу 1632 шерашкахь. Деккъа Ришельён динчу оцу гӀоьнца чекхдолуш дара паччахьа ша дакъалацар урхаллин гӀуллакхашкахь.
Франсуа де Ларошфукон «Мемуарашкахь» паччахьан амал иштта йийцина: «Паччахь Людовик XIII-гӀа… къастало гӀийла могашаллица, кхин тӀе хӀаллакйина тӀех сов талла эхарна. Цуьнан цамгарша чӀагӀдора кхин тӀе а бодане са а, амалан иэшамаш а: иза вара вусавелла, ца тешаш, адам долу меттиг ца йезаш; цунна лаа а лаара шена тӀаьхь куьйгалла дайта, оццу хенахь иза лан а ца лара цуо. Цуьнан дара кӀезиг хьекъал, иза хьажийна дара деккъа пайда боцу хӀуманаш кегон, ткъа цуьнан тӀеман гӀуллакх довзар товш дара муьлххачу эпсарна, амма паччахьан товш дацара»[1].
Ришельё веллачул тӀаьхьа (1642 шо) цуьнан меттиг дӀалецира цуьнан дешархо хтллачу — кардинал Мазаринис. Амма паччахь цхьа шо сов а ца вехира шен министрал. Людовик велла Рокруара тӀамехь толам баккха масех де дисинчу хенахь.
1829 шарахь Парижехь ВогезгӀеран майданахь Людовику XIII-гӀачун хӀоллам хӀоттийра (говран иэс). Иза хӀоттийра 1639 шарахь Ришельён иэс хӀоттийначохь, амма иза йохийра 1792 шарахь революцин заманахь.
Людовик XIII-гӀа — артист
[бӀаьра нисйан | нисйан]Людовик музыка чӀогӀа йезаш вара. Кхо шо долуш дуьйна хин волу паччахь лютна локхуш вара, цуо иза лорура «музыкин гӀирсан паччахь», кхин а клавесин а локхура; говза лелайора таллархойн зурма, хьалхара бас локхура ансамблехь, цуо лоькхура дукха аьзнийн куртуазан эшарш (airs de cour) а, могӀнаш.
Берахь дуьйна волавелира хелхарш Ӏамо, 1610 шарахь официалан волавелира паччахьан цӀийнан «Дофинан балете». Людовика ловзайора паччахьан цӀийнан балеташкахь сийлахь а, гротескан а ролаш, ткъа 1615 шарахь «Мадам талетехь» Мелхан роль ловзийра.
Людовик XIII — автор ву куртуазан эшарийн а, дукха аьзнийн могӀнийн а; цуьнан музыка иштта лекхира гӀарайаьллачу «Мерлезонан балетехь» (1635 шо), цунна цуо йукъадехира хелхарш («Simphonies»), костюмаш, ша а ловзийра масех роль.
Дай
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Ларошфуко, 1971, с. 5.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Булычёва А. Сады Армиды. — М., 2004.
- Людовик XIII // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Таллеман де Рео. Людовик Тринадцатый // Занимательные истории / пер. с фр. А. А. Энгельке. — Л.: Наука. Ленинградское отделение, 1974. — С. 112—127. — (Литературные памятники). — 50 000 экз.
- Шишкин В. В. Дворянское окружение Людовика XIII. // Французский ежегодник 2001. — М., 2001.
- A. Bazin, «Histoire de France sous Louis XIII» (П., 1846)
- Topin, «Louis XIII et Richelieu» (П., 1876)
- B. Zeller, «La minorité de Louis XIII, 1610-12» (П., 1892).
- Франсуа де Ларошфуко. Мемуары. Максимы / пер. с фрнц. А. С. Бобовича. — Л.: Наука (Ленинградское отделение), 1971. — 280 с. — (Литературные памятники).
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- A complete portrait gallery of Louis XIII and Anna of Austria(ТӀе цакхочу хьажорг)(ингалс.)
- The Three Musketeers проект «Гутенберг» чу.
- The Orchestra of Louis XIII, Jordi Savall, Le Concert des Nations — Alia Vox AV9824(ингалс.)
- Бинарш 27 сентябрехь
- Бинарш 1601 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Фонтенблохь
- Белларш 14 майхь
- Белларш 1643 шарахь
- Белларш Сен-Жермен-ан-Лехь
- Французийн БурбонгӀар
- Францин паччахьаш
- Таж тиллина бераш
- Францин дофинаш
- Александр Дюман (ден) кхолламийн персонажаш
- Сен-Дени аббаталлехь дӀабоьхкинарш
- Францин принцаш (БурбонгӀар)