ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
1610 (эзар йалх бӀе итталгӀа) шо Григорианан рузманца — високосан доцу шо, долалуш долу ПӀераскахь. Иза вайн эран 1610 шо ду, 610 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 10 шо бӀешеран, 10 шо 1-гӀа иттаннаш шерашкахь XVII бӀешеран, 1 шо 1610-гӀа шерийн.
- Июль — шведийн эскарш чудаьхкина Корелийн уездан махка. Сентябрь — Корелан гуо лацаран йуьхьиг.
- 14 май — Парижехь фанатика католико Равальяка вийна Генрих IV.
- 1610—1643 — Францин паччахь Людовик XIII-гӀа.
- 1610—1620 — Лакха Пфальцан курфюрст Фридрих V-гӀа.
- Прагин пхьерийн йолах салташна дуьхьала тӀеман гӀаттам. Йохийна цхьайолу католикийн килсаш.
- 4 февралехь — Тушинскан бояраш барт бина Сигизмундаца, байӀат дина Владислав оьрсийн паччахь хиларна.
- 20 февралехь — элин Скопин-Шуйскин Михаилан тобанаша иэшабо польшин-литван интервенташ Дмитровн уллерачу тӀамехь
- 12 мартехь — Скопин-Шуйскийс босту Москохан гуо. Тушинскан лагерь йуху.
- 24 июнехь — таж тиллина гетмана Жолкевскийс иэшийна Клушин уллехь Василий IV-гӀа Шуйскин эскарш.
- 17 июлехь — Василий Шуйский вохийна.
- 2 августехь — Харц Дмитрий II-гӀаниг хӀоьттина эскарца Коломенски йуьртахь, Москохан тӀелата волавелла.
- 17 августехь — ВорхӀбояро барт бина гетман Жолкевскица, паччахь кӀант Владислав хаьржина паччахь.
- Сентябран чеккхе — Польшан Гонсевскин эскарша дӀалоцу Москох.
- 11 декабрехь — Харц Дмитрий II-гӀа кхелха. Ша-шен кхайкхийначун Калугин лагерь йоьхна.
- Осецки къаноллехь (Польша) ахархойн болам.
- Могилевхь охьатаӀийна гӀалин къечу нехан гӀаттам.
- 1610—1611 — Гудзонан хӀордахул лелар. ДӀайиллина Гудзонан айма.
- 12 мартехь — Венецехь зорба тоьхна Галилей Галилеон «Седарчийн хаамаш» цӀе йолу трактат, цуо цигахь телескопан гӀоьнца йаздина — Беттан тӀехь лаьмнаш хилар, Малх тӀехь тачанаш хилар, Юпитеран йиъ спутник хилар, гучудаьккхина далилаш а далош, Ча такхийна тача дуккха а седарчех лаьтташ хилар.
- Кеплер Иоганн — «„Седарчийн хаамех“ лаьцна дийцаршкахь» Вселенни чеккхе ца хиларан ойлан дуьхьала йуьйцу фотометрин парадокс. Оццу шарахь Кеплер Иоганна хӀинца йолчу тайпана чолхе микроскоп йо.
- Г. Галилей йухавирзина Флоренце, цунна «хьалхара философ а, математик а» меттиг белла Тосканан герцоган кертахь.
- Шотландийн математико Джон Нэпера (Нейпир) а, цунах воьзна воцуш немцойн математико Йост Бюргис а логарифмаш йукъайоху.
Хьажа иштта: Категори:Бинарш 1610 шарахь
Хьажа иштта: Категори:Белларш 1610 шарахь
Категори «1610 год» ца карийна.