Ткъа шо даьллачул тӀаьхьа

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Ткъа шо даьллачул тӀаьхьа
фр. Vingt ans après
Leloir Musketeers2.jpg
Автор: Александр Дюма-да
Жанр: историн-хиламийн роман
Оригиналан мотт: французийн
Арахецархо: Baudry
Арахецар: 1845
ISBN: 000-0000000000
Цикл: мушкетерех лаьцна кхо жайна[d]
ТӀаьхьарниг: Виконт де Бражелон
Электронан верси Викитекехь
Электронан верси

«Ткъа шо да́ьллачул тӀаьхьа» (фр. Vingt ans après) — французийн яздархочун Дюма Александран историн-хиламийн роман — «Кхо мушкетёр» романан тӀаьхье, Александр Дюма-ден паччахьан мушкетёрех лаьцна кхаа жайнех шолгӀа жайна.

Сюжет[нисъе | нисъе чухулара]

Романан сюжет йоьду жимачу Людовик XIV-гӀачун паччахьаллехь, регент паччахь-аьзни Анна Австрийн а йолуш — «Кхо мушкетёран» сурт чекхдаьллачул тӀаьхьа нисса ткъа шо даьлча. Франци урхаллехь ю хьалхарчу министран кардинал Мазаринин. Мехкана бӀаьрга ван ца веза кардинал, Фрондан гӀаттаман герга а бу.

Шовзткъа шере ваьлча эла д’Артаньян, «Кхо мушкетёр» чекхйолуш тӀеман дарже кхача герга волу, деха ткъа шарахь вуьсу паччахьан сира мушкетерийн лейтенант. Цуьнан Сийлалла жеро йисина паччахь-аьзнин дицделира майрачу гасконхочо хьалха дина гӀуллакхаш. Берриш цуьнан доттагӀий-мушкетёраш дукха хан яра гӀуллакхера дӀабевлла, цуьнан дахарера дӀабевлла а, ткъа ша иза — дукха хенахь дуьйна хиллера дика тӀемло, цуо йоькъура нарядаш гӀалан гӀарулашка, сакъоьруш хан йоккхура ша дукха шерашкахь Ӏаш волчу хьешан цӀа долахь долучу жерочуьнца.