Лусио

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Футбол
Лусио
Lúcio - Inter Mailand (1).jpg
Юкъара хаамаш
Юьззина цӀе Лусимар Феррейра да Силва
Вина терахь 1978 шеран 8 май({{padleft:1978|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:8|2|0}})[1][2] (42 шо)
Вина меттиг Бразилиа, Бразили
Гражданалла Бразилин байракх Бразили
Германин байракх Германи
Локхалла 188 см
Позици юккъера турсло
Кегийрхойн клубаш
1995—1997 Бразилин байракх Планалтина
Клубан карьера[* 1]
1997  Бразилин байракх Гуара 1 (0)
1997—2000 Бразилин байракх Интернасьонал 49 (6)
2000—2004 Германин байракх Байер 04 92 (15)
2003  Германин байракх Байер 04 II 1 (0)
2004—2009 Германин байракх Бавария 144 (7)
2009—2012 Италин байракх Интернационале 96 (3)
2012 Италин байракх Ювентус 1 (0)
2013 Бразилин байракх Сан-Паулу 10 (1)
2014—2015 Бразилин байракх Палмейрас 25 (2)
2015—2016 ХӀиндин байракх Гоа 19 (0)
2018 Бразилин байракх Гама 0 (0)
2018—2019 Бразилин байракх Бразильенсе 17 (1)
Къоман гулйина команда[* 2]
2000—2011 Бразилин байракх Бразили 105 (4)
СовгӀаташ а, мидалш а
Дуьненан чемпионаташ
Деши Корей/Япон 2002
Конфедерацийн кедаш
Деши Германи 2005
Деши КъАР 2009
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
  2. Къоман гулйина командехь ловзаран а, голийн а барам официалан матчашкахь.
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Лусима́р Ферре́йра да Си́лва (порт.-браз. Lucimar Ferreira da Silva; 1978 шеран 8 май, Бразилиа), гӀолехь вевза Лу́сио (порт.-браз. Lúcio цӀарца) — Бразилин футболист, юккъера турсло.

Вевза «Интернасьонал», «Байер», «Бавария», италин «Интер» юкъахь ловзарца. 2002 шеран дуьненан чемпион, 2010 шеран Чемпионийн лигин толамхо.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Лусио «Интер» юкъахь

Лусион карьера йолаелла «Планалтинин» юкъахь, левзира тӀелатархочун позицехь. 1997 шарахь иза дехьавелира «Гуаре». Оццу шарахь Бразилин кедан «Гуарин» а, «Интернасьоналан» а юкъара матч (0:7) чекхъяьлчи, Лусиога кхайкхира «цӀечарна» юкъа. Турсло сехьавериг «Интернасьонала» делира 300 эз. крузейро (100 эз. Евро гергга). Керлачу шеран хьалхарчу шарахь керла командехь Лусиос яьккхира Риу-Гранди-ду-Сул штатан чемпионат. Порту-Алегрин командехь иза левзира 3 шарахь.

2000 шарахь Лусио дехьавелира леверкузенан «Байер 04» юкъа, цунах 8,5 млн евро делира. Хьалхарчу шарахь командехь левзира 15 матчехь, чутуьйхира 5 гол. Хьалхеяккхарехь «Байер» яьккхира 4 меттиг, цуо бакъо елира клубан Чемпионийн лигехь ловза. ШолгӀачу шарахь чемпионатехь «Байера» яьккхира 2 меттиг, Германин кедехь финале елира, ийшира «Шальке-04» командин. Оццу шарахь кхечира Чемпионийн лигин финале, цигахь ийшира мадридан «Реалан» 1:2 чоьтаца; немцоша тоьхна цхьа буьрка Лусиос туьйхира 13-гӀа ловзаран минотехь. Дика левзинчул тӀаьхьа, Лусион тӀаьхьа терго ян юьйлаелира коьрта европин клубаш. 2003 шеран июлехь цунна контракт кховдийра «Ромас», амма цунах гӀуллакх ца хилира[3].

2004 шарахь Лусио дехьаваьлла мюнхенан «Бавари» юкъахь, 3 шеран контракт яздина. Трансферан мах хилира 12 млн евро. 2005 шарахь барт кхин дӀа а бахбира. «Баварин» юкъахь Лусио левзира 5 шарахь, 189 матчехь, чутуьйхира 11 гол. 2008 а, 2009 а шерашкахь Лусио вара командин вице-капитан. «Баварица» цуо яьккхира Германин чемпионат, баьккхира кхоъ Германин кад а, шиъ Немцойн лигин кад а.

2009 шеран 16 июнехь «Баварица» болу барт бохийна, дехьавелира 3 шарна контракт дина, миланан «Интернационале», шеран алапа 4,5 млн евро дара[4]. Трансферан мах хилира 7 млн евро[5]. Мюнхенхошна юкъара бразилхо дӀавахаран бахьна хилира керла тренер, Луи ван Гал, цуо элира, бразилхо стартан хӀоттамехь ловзур вац аьлла[6]. Хьалхарчу шарахь керлачу командехь бразилхо левзира 48 матчехь, чутуьйхира ши буьрка. Цуо клубан гӀодира чемпионатехь, Италин кедехь, Италин Суперкедехь, ткъа иштта Чемпионийн лигехь.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Transfermarkt.com — 2000.
  2. (unspecified title)
  3. Comunicato Stampa in merito alle trattative riguardanti il giocatore Lucio
  4. Lucio verlässt den FC Bayern
  5. Профиль на transfermarkt.de(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2010 шеран 16 мартехь. Теллина 2010 шеран 25 апрелехь.
  6. Lucio verlässt die Bayern(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2009 шеран 19 июлехь. Теллина 2009 шеран 16 июлехь.