Дуду Сеаренсе
![]() | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Юкъара хаамаш | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Юьззина цӀе | Алешандро Силва де Соуза | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Харц цӀе | Дуду | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1983 шеран 15 апрель (37 шо) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 186 см | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Йозалла | 75 кг | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | ахтурсло | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
![]() |
Ду́ду Сеаре́нсе (порт.-браз. Dudu Cearense; 1983 15 апрель, Форталеза, Сеара) — Бразилин футболист, ахтурсло. Бакъ цӀе — Алеша́ндро Си́лва де Со́уза (порт.-браз. Alexandro Silva de Sousa).
Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Алешандру, алсама вевза Дуду Сеаренсе аьлча, вина 1983 шеран 15 апрелехь бразилин гӀалахь Форталезехь. Жимха волуш Дуду левзира «Сеара» клубехь. 2000 шарахь дехьавелира «Витория» (Салвадор) команде, цунна юкъахь левзира 4 шарахь. 2004 шарахь Дудус контракт яздира японин клубаца «Касивица», команда ловзура чемпионатехь аьтту боцуш, жамӀехь цуо яьккхира тӀаьхьара меттиг, амма лахарчу лигера командашца дехьабовларан матчехь шен лакхарчу дивизионера меттиг ларбан хиира. Японера аьттонза шерал тӀаьхьа Дуду дехьавелира французийн клубе «Ренне», цунна юкъахь левзира 15 матчехь, цхьа гол а туьйхира. 2005 шарахь Дудус контракт дира москохан ЦСКАца, цунна юкъахь иза шозза чемпион хилира, Российн кад а баьккхира. ЦСКАн юкъахь Дудун дебют хилира петарбухан «Зенитца» йолчу матчехь 2005 шеран 17 апрелехь, 77-гӀа минотехь ловзархо хуьйцуш юкъавелира иза. 2008 шо долалуш цунна лира бразилин «Гремио» клубе дехьавала, амма эскархойн куьйгалхоша дӀа ца хийцира иза, бразилхо кхетамца тӀеийцира и сацам[1].
2008 шеран аьхка дехьавелира ЦСКА юкъара желтойн «Олимпиакосе» 6 млн еврох[2][3]. Желтойчоьнан чемпионатан 26-гӀа турехь Дудус туьйхира «дешин» гол, цуо «Олимпиакосан» еира рогӀера дешин мидалш[4].
2011 шеран 8 апрелехь Дудус дира контракт бразилин клубаца «Атлетико Минейроца». Контрактан куьг яздира 2014 шеран июнь кхаччалц[5][6].
2012 шеран июлехь, маьрша агент волуш, дехар дира ЦСКАн куьйгалхошка ша гайтийта а, клубан тренировкашкахь дакъа лаца а пурба лохьара, амма тренерийн штабан шеца контракт дар иэшар тешо аьтту ца белира, 8 сентябрехь ловзархо вовзийтира «Гояс» клубан керла ловзархо аьлла[7].
2014 шеран январехь эха шеран контракт дира желтойн клубаца ОФИца[8].
2014 шеран июнехь маьрша агентан бакъонашца контракт яздира израилан Нетания гӀалара клубаца «Маккабица»[9]. Керлачу командин юкъахь левзира ши матч Израилан кедехь, ткъа 2015 шеран январехь дехьавелира бразилин клубе «Форталезе». Дудун дебют хилира 1 февралехь «Сан Бенедитон» дуьхьалчу матчехь, юкъавелира шолгӀа тайман юккъехь ловзархо хуьйцуш.
2016 - 2018 шерашкахь левзира «Ботафого» юкъахь.
2019 шеран мартехь кхайкхийра профессионалан карьера чекхъяккхарх, шен 35 шо долуш.[10]
Кхиамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- «Витория»
- Баия штатан чемпион (4): 2000, 2002, 2003, 2004
- Баиян кад баьккхинарг: 2004
- Къилбаседан кад баьккхинарг: 2003
- ЦСКА
- Российн чемпион (2): 2005, 2006
- Российн кад баьккхинарг (2): 2005/06, 2007/08
- Российн Суперкад баьккхинарг (2): 2006, 2007
- Российн чемпионатан детин совгӀатхо: 2008
- Российн чемпионатан борзанан совгӀатхо: 2007
- «Олимпиакос»
- Желтойчоьнан чемпион (2): 2008/09, 2010/11
- Желтойчоьнан кад баьккхинарг (1): 2008/09
- Желтойчоьнан чемпионатан детин совгӀатхо: 2009/10
- «Ботафого»
- Бразилин гулйина команда
- Америкин кад баьккхинарг: 2004
- Панамерикин ловзарийн детин совгӀатхо: 2003
- Кегийрхошна юкъахь дуьненан чемпион: 2003
ЦСКА юкъахь ловзаран статистика[нисъе бӀаьра | нисъе]
Къовсам | Ловзарш | Голаш | МК | ЦӀК |
---|---|---|---|---|
Российн чемпионат | 74 | 7 (1) | 16 | 0 |
Российн кад | 12 | 2 | 3 | 0 |
Российн Суперкад | 2 | 0 | 0 | 0 |
Еврокедаш | 19 | 1 | 7 | 0 |
Ерриг | 107 | 10 | 26 | 0 |
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ Дуду: уважаю решение ЦСКА не отпускать меня в «Гремио» Архивацийина 30 январехь 2008 шеран.
- ↑ ЦСКА выручит за Дуду 6 миллионов евро Архивацийина 8 августехь 2008 шеран.
- ↑ Дуду официально стал игроком «Олимпиакоса»
- ↑ Дуду сделал себя и «Олимпиакос» чемпионами Архивацийина 28 мартехь 2009 шеран.
- ↑ "É um orgulho estar aqui no Atlético", afirma Dudu Cearense (порт.). Site oficial do Clube Atlético Mineiro (8.04.2011). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 19 февралехь. Теллина 2011 шеран 8 апрелехь.
- ↑ Экс-армеец Дуду перешёл в «Атлетико Минейро». Чемпионат.ру (9.04.2011). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 19 февралехь. Теллина 2011 шеран 9 апрелехь.
- ↑ Дуду представлен в качестве игрока «Гояса»
- ↑ Экс-ахтурсло ЦСКА Дуду стал игроком греческого ОФИ(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 16 февралехь. Теллина 2014 шеран 27 январехь.
- ↑ Бывший полузащитник ЦСКА Сеаренсе Дуду продолжит карьеру в Израиле
- ↑ Источник.
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Бинарш 15 апрелехь
- Бинарш 1983 шарахь
- Википеди:Масех маьӀна долу геомогӀамаш болу агӀонаш
- Адамаш абатца
- Спортхой абатца
- Футболисташ абатца
- Бразилин футболисташ
- Футболех ловзаран Бразилин гулйина командан ловзархой
- ФК «Атлетико Минейро» ловзархой
- ФК «Ботафого» ловзархой
- ФК «Витория» Салвадор ловзархой
- ФК «Гояс» ловзархой
- ФК «Касива Рейсол» ловзархой
- ФК «Маккаби» Нетания ловзархой
- ФК «Олимпиакос» Пирей ловзархой
- ФК ОФИ ловзархой
- ФК «Ренн» ловзархой
- ФК «Форталеза» ловзархой
- ФК ЦСКА Москох ловзархой
- Футболех ловзаран кегийрхошна юкъара дуьненан чемпионаш
- Футболех ловзарех Къилба америкин чемпионаш