Беллетти, Жулиано
![]() | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Юкъара хаамаш | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Юьззина цӀе | Жулиано Хаус Беллетти | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1976 шеран 20 июнь (45 шо) | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Каскавел, Парана (штат) Бразили | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла |
![]() ![]() |
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 174[1] см | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Йозалла | 71 кг | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | full-back, турсло | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Информаци клубехь | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
![]() |
Жулиа́но Ха́ус Белле́тти (порт. Juliano Haus Belletti; вина 1976 шеран 20 июнехь Каскавелехь, Парана штат, Бразили) — профессионалан бразилин футболист, аьтту турсло. Шен футболан карьерехь левзина иштта клубашкахь: «Барселона», «Челси», «Вильярреал», «Флуминенсе», «Крузейро», «Сан-Паулу», «Атлетико Минейро».
1999 шеран Бразилин детин буьрка яьккхина «Атлетико Минейро» юкъахь, иза ло журналан «Placar» арахецаралло. Бразилин гулйина командин юкъахь 2002 шеран дуьненан чемпион. «Барселонин» юкъахь 2005/06 шеран УЕФА Чемпионийн лигин толамхо.
Клубан карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]
Ловзаран карьерин юьхьиг[нисйе бӀаьра | нисйе]
Белетти левзина дуьххьарлера клуб хилира Бразилин «Крузейро», цунна юкъахь цуо ши шо даьккхира. Дебют хилира 1994 шеран ноябрехь, ткъа цул хьалхьа левзира клубан кегийрхойн командехь. ТӀаккха дехьавелира кхечу бразилин клубе — «Сан-Паулу», цунна юкъахь ялх шо даьккхира, 10 гол а туьйхира. 1999 шарахь аренде велира «Атлетико Минейро», левзира юккъера ахтурслон позицехь. Оцу клубехь цуо яьккхира Бразилин детин буьрка. «Вильярреалан» юкъавахча, цуьнга кхайкхира къоман гулйина команде а, 2002 шеран футболех ловзаран дуьненан чемпионате. «Вильярреалехь» иза ловза волавелира аьтту ахтурслочун меттигехь.
«Барселона»[нисйе бӀаьра | нисйе]
2004 шеран аьхка дехьавелира каталонин клубе. Шо чекхдаллалц левзира шен ловза Ӏеминчу аьтту агӀора, циггахь иштта левзира шо дӀадаллалц кхин испанин турсло — Олегер, иштта турслойн юккъе а гӀерташ.
2005/2006 шарахь алсама матчаш левзира аьтту йистера турслон меттигехь. 2006 шеран УЕФА Чемпионийн лигин финалехь лондонан «Арсеналан» дуьхьала (2:1), цуьнан голо Европин уггаре чӀогӀа командин титул еира каталонхошна. Матчан юьххьехь дуьхьалонан аьтту фланге хӀоттийра Олегер, ткъа Беллеттис иза хийцира шолгӀачу таймех. Иштта 4-3-3 off схема гӀоле хийтира финалан «Барселонин» тренерна Райкард Франкан.
ТӀаьххьарчу шен шарахь, 2006/2007, бразилхо хьалха санна дика ца лезира каталонхойн могӀаршкахь. Цуо къуьйсуш бара командин коьрта хӀоттаман аьтту агӀора турслочун меттиг Дзамбротта Джанлукица. Беллеттис дукха хьолехь хуьйцура Дзамбротта, аьхка сацам бира команда хийца.
«Челси»[нисйе бӀаьра | нисйе]
Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Командин
- Лига Минейрон чемпион: 1996
- Ерриг: 1 хӀонс
- Лига Минейрон чемпион: 1999
- Ерриг: 1 хӀонс
- Лига Паулистин чемпион (2): 1998, 2000
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Juliano Belletti Profile, News & Stats | Premier League (ингалс.). www.premierleague.com. Теллина 2019 шеран 31 декабрехь.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Бинарш 20 июнехь
- Бинарш 1976 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Парана штатехь
- Спортхой абатца
- Футболисташ абатца
- Бразилин футболисташ
- Футболех ловзаран Бразилин гулйина командин ловзархой
- Футболех ловзаран дуьненан чемпионаш
- ФК «Крузейро» ловзархой
- ФК «Сан-Паулу» ловзархой
- ФК «Атлетико Минейро» ловзархой
- ФК «Вильярреал» ловзархой
- ФК «Барселона» ловзархой
- ФК «Челси» ловзархой
- ФК «Флуминенсе» ловзархой
- Бразилин спортан комментаторш