Коркия, Михаил Шотаевич
Коркия, Михаил Шотаевич | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
гуьрж. მიხეილ შოთას ძე ქორქია | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Файл:MSh Korkiya.jpeg | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | ТӀелета турсло | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 198 см | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Возалла | 92 кг | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла |
![]() ![]() |
||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1948 шеран 10 сентябрь | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Кутаиси, Гуьржийн ССР, ССРС | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина терахь: | 2004 шеран 7 февраль (55 шо) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина меттиг | Тиблиси, Гуьржийчоь | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
Коркия Михаил Шотаевич (гуьрж. მიხეილ შოთას ძე ქორქია; вина 1948 шеран 10 сентябрехь, Кутаисехь — кхелхина 2004 шеран 7 февралехь, Тиблисехь) — советийн гуьржийн баскетболхо. Локхалла — 196 см. ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1972), олимпийн чемпион (1972). 1978 шарахь дуьйна ССКП декъашхо.
Чекхйаьккхира Гуьржийн политехникин институт.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Вина 1948 шеран 10 сентябрехь Кутаисехь. Баскетболех ловза волавелира спортишколехь ССРС хьакъ долу тренер Тортладзе Сулико волчехь, цигахь вевзира, доттагӀалла тасаделира Саканделидзе Зурабца.
17 шо долуш дебют хилира «Динамо» (Тиблиси) йукъахь, цигахь левзира шен йерриг спортан карьерехь.
ССРС гулйина командин йукъа кхайкхина 1970 шарахь, ткъа 1971 шарахь дуьйна коьрта хӀоттаман ловзархо хилла. Оццу шарахь Европин чемпион хилира, ткъа 1972 шарахь — олимпийн чемпион. 1972 шеран Олимпиадин финалан матчехь АЦШ гулйина командина дуьхьала йукъара дӀаваьккхира спортан низам дохорна, америкахочуьнца Джонс Дуайтца девне ваьлла.
1973 шеран бӀаьста, ССРС гулйина команда АЦШра а, Латинан Америкера а турнера цӀайогӀуш, Шереметьево аэропортан таможнехь гучувелира «ССРС мехала хӀуманаш чуйахьа бакъо йохайарехь». Цунна А. Беловца, А. Жармухамедовца, И. Дворныйца «валлалц дисквалификаци» а йина, гулйина командин йукъара ваьккхира[1].
1975 шарахь кхел тӀера йаьккхира, цуо таро йелира ССРС гулйина командин йукъа йухаван, цуьнца шозза детин совгӀатхо хилира — ЕЧ-75 а, ЕЧ-77 а. 1976 шарахь йуха а левзира Олимпиадехь, цигахь борзанан совгӀатхо хилира.
1980 шарахь чекхйаьккхира ловзаран карьера. Тренер болх муха бу хьаьжира — «Динамо» (Тиблиси) божарийн командин коьрта тренер болх бира (1980—1981), «Динамо» (Москох) божарийн командин тренер хилира (1982—1983).
1983 шарахь 4 шо хан тоьхна чувоьллира «законехь доцу хьуьнарчийн гӀуллакх» лелорна. Мукъавелира 1987 шеран июлехь.
Йукъахь долахо вара футболан «Торпедо» (Кутаиси) командин, бизнес лелийра — Тиблисера америкин инвестицин компанин вице-президент хилира.
Велира 2004 шеран 7 февралехь Тиблисехь дог гӀелделла, шен доттагӀ волчу Саканделидзе Зурабал 13 де бен сов ца вехира.
ДӀавоьллина Сабурталин кешнашкахь[2][3].
Доьзал[нисйе бӀаьра | нисйе]
Баскетболхочун вешин кӀант Коркия Отар, шича ву Тиблисин «Динамон» баскетболхочун Коркия Нодаран[4]. Зуда Манана йу, йоьӀрий бу София а, Тамара а.
Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Олимпий чемпион 1972
- ОЛ-76 борзанан совгӀатхо.
- Европин чемпион 1971
- ЕЧ-75 а, ЕЧ-77а детин совгӀатхо.
- 1968 шеран ССРС чемпион, 1969 шеран детин совгӀатхо, 1977 шеран борзанан совгӀатхо.
- 1973 шеран Универсиадин детин совгӀатхо
- «Къинхьегамехь къастарна» мидалца совгӀат дина.
Кинохь денвар[нисйе бӀаьра | нисйе]
ССРС команда 1972 шеран Мюнхенера Олимпийн ловзаршкахь толарх лаьцна йаьккхина Хьала эхар фильмехь (2017, реж. А. Мегердичев), Коркия Михаилан роль ловзийра Лордкипанидзе Отара.
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- 100 лет российского баскетбола: история, события, люди: справочник / Автор-составитель В. Б. Квасков. — М.: Советский спорт. — 274 с.: илл. ISBN 5-9718-0175-9
- Коркия Михаил Шотаевич // Олимпийская энциклопедия / Павлов С. П.. — М.: Советская энциклопедия, 1980. — 415 с.
- Бинарш 10 сентябрехь
- Бинарш 1948 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Кутаисехь
- Белларш 7 февралехь
- Белларш 2004 шарахь
- Белларш Тиблисехь
- ССРС Спортан хьакъ долу говзанчаш
- «Къинхьегамехь къастарна» мидалца совгӀат динарш
- Спортхой абатца
- Баскетболхой абатца
- ССРС баскетболхой
- ССРСн Олимпийн чемпионаш
- Баскетболех ловзаран Олимпийн чемпионаш
- 1972 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн чемпионаш
- 1976 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхой
- Баскетболхой 1972 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Баскетболхой 1976 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Баскетболан Европин чемпионаш
- БК «Динамо» Тиблиси ловзархой
- Баскетболех ловзаран ССРС чемпионаш
- Баскетболех ловзаран ССРС гулйина командин ловзархой
- ССРС баскетболан тренераш
- БК «Динамо» Тиблиси тренераш
- Гуьржийн техникин университетан арахецархой
- ДӀабоьхкинарш Сабурталин кешашкахь
- ССКП декъахой