Белов, Сергей Александрович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Белов Сергей Александрович
Белов Сергей 2012 шарахь
Белов Сергей 2012 шарахь
Позици ТӀелета турсло
Локхалла 190 см
Возалла 82 кг
Гражданалла  ССРС Росси
Вина терахь 1944 шеран 23 январь({{padleft:1944|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:23|2|0}})[1]
Йина меттиг
Кхелхина терахь: 2013 шеран 3 октябрь({{padleft:2013|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:3|2|0}})[1] (69 шо)
Кхелхина меттиг

Командаш
1964—1967 Байракх ССРС Уралмаш
1967—1980 Байракх ССРС ЦСКА
Ӏамийна командаш
1981—1982 Байракх ССРС ЦСКА
1988—1989 Байракх ССРС ЦСКА
1990—1993 Италин байракх Кассино
1994—1998 Российн байракх Российн гулйина команда
1999—2004 Российн байракх Урал-Грейт
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Борза Мехико 1968 баскетбол
Деши Мюнхен 1972 баскетбол
Борза Монреаль 1976 баскетбол
Борза Москох 1980 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Деши Монтевидео 1967
Борза Любляна 1970
Деши Сан-Хуан 1974
Дети Кесон 1978
Европин чемпионаташ
Деши Финлянди 1967
Деши Кампани 1969
Деши ФРГ 1971
Борза Барселона 1973
Дети Югослави 1975
Дети Бельги 1977
Деши Итали 1979
Универсиадаш
Деши Турин 1970 баскетбол
СовгӀаташ
Сийлаллин орден — 2006 Орден «Сийлаллин Билгало»
ССРС Спортан хьакъ долу говзанча
СССР Сийлахь тренер
СССР Сийлахь тренер
Томскан областан сийлахь гражданин
1992 Баскетболан Сийлаллин зал
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Бело́в Серге́й Алекса́ндрович (вина 1944 шеран 23 январехь — велла 2013 шеран 3 октябрехь)[2][3][4]советийн баскетболхо, тренер, 1972 шеран олимпийн чемпион, шозза дуьненан чемпион (1967 а, 1974 а), XX бӀешеран советийн а, Европин а баскетболан уггаре гӀараваьлла ловзархойх цхьаъ. ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1969), ССРС хьакъ долу тренер, Российн хьакъ долу тренер (1994), Российн Федерацин физикин оьздангаллин хьакъ долу белхало, Баскетболан сийлаллин залан декъахо.

Чекхйаьккхира МОПФОьИ «тренер-хьехархо» говзаллица (1977).

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьалхара шераш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1944 шеран 23 январехь Нащёково эвлахь (хӀинца Томскан областехь), схьабовлар Петарбухера долчу Александр Александровичан (1906—1973) а, Валерия Ипполитовнин (1909—1998) а доьзалехь. Ден а, ненан а дай-наной хьалха белира. Дас чекхйаьккхинера Ленинградан хьуьнан техникин академи, хьуьнан бахаман инженер говзалла йара. Нана Ленинградан пачхьалкхан университетан хьехархойн факультетан арахецархо йара, биолог говзаллица. Доьзалехь йара кхин а ши йоӀ йукъахь шо долуш, уьш белира Ленинградан гуо лаьцначу хьалхарчу Ӏай[5], кхин а кӀант Александр вара. ТӀом балале Сергейн да вара лыжаш хахкарехь Ленинградан чемпион.

1941 шарахь, тӀом болалушшехь, Александр Александрович хьажийра Томске Ӏалашо фронтан гӀуллакхна хьун кечйар йолуш. 1942 шарахь Ленинградера кхалхийра Валерия Ипполитовна. БеловгӀеран доьзал вовшахкхийтира кӀоштан йукъ йолчу Мельниковохь, цига балха дехьаваьккхинера Александр Александрович. ХӀусам (эвлара биъ пен) йелира цхьаъ ах километр балхан генахь жимачу эвлахь Нащёковохь. ЦӀийнан цхьаьна эхехь ишкол йара, цигахь Сергейн нана болхбан йолайелира хьалха хьехархо, тӀаьхьа завуч а.

1943 шарахь да эскаре вигина дӀахьажийра фронте[6], нана доьзалхочух а йолуш. 1947 шарахь мукъаваьккхинчул тӀехьа бен цӀа ца веира иза, хьуьнан бахаман куратор болх бира кӀоштан кхочушдаран комитетехь. Цхьа хан йаьлча доьзалца дехьавелира кӀоштан йукъ йолчу Мельниково, ткъа 1950 шарахь кхелхира Томске, цигахь Александр Александровичан дарж делира Томскан областан кхочушдаран комитетехь.

Спорте Сергей марзвелира жима волуш, хазахетара кертара ловзарш: кхоалгӀачу классехь дуьйна лела волавелира акробатике, ткъа йеалгӀа классехь — йайн атлетике. Цаьрца цхьаьна самукъадолура футболах, ловзура кевнашкахь, тӀаьхьуо — баскетболах ловза волавелира. Ловзура ишколан гулйина командехь йерриг гӀарайаьлла спортан тайпанашкахь (ткъа 1—2-гӀа классашкахь кхин а къийсамашкахь дакъалоцура шахматех ловзуш). 1956 шарахь ишколан къовсамашкахь Белов гира тренеран Реш Георгий Иосифовичан, цуо кхайкхира цуьнга баскетболех ловза Ӏама. Футбол а, йайн атлетика дукха йезаре хьаьжна ца Ӏаш, Беловс сацам бира керлачу спортан тайпанехь ловза гӀорта.

Рожехь баскетболан секце лела волавелира 5-гӀа классехь волучу хенахь дуьйна. 14 шо долуш, алсама баскетболан йукъаийзавала волавелира, Белов тренировкаш йан волавелира студенташца Решас кечйечу командашкахь. Иза воьдура Реш вахханче, цуо болх бечу меттиге. 1960 шо кхаччалц Реш тренировкаш йеш вара Томскан инженерин-гӀишлошйаран институтан командица, Белов гуттаренна дакъалоцура оцу тренировкашкахь. ТӀаьхьуо Белов Решаца цхьаьна дехьавелира томскан «Политехан» команде, цунна йукъахь, 10-гӀа а, 11-гӀа а классашкахь доьшуш волуш, къовсамашкахь дакъалецира[7]. Йуьхьанца Политехникин институтан командица йаьккхира областан чемпионат божарийн коллективашна йукъахь, ткъа 1960 шарахь шолгӀа меттиг йаьккхира Томскан гулйина жимахойн командица РСФСР чемпионатехь. 1961 шарахь Томскан областан гулйина командица туьйлира 12 российн гӀаланийн турнирехь Челябинскехь, лерира уггаре дика турниран ловзархо а, къийсамийн уггаре жамӀе баскетболхо а.

Челябинскера къийсамийн жамӀашца Белов кхайкхира РСФСР жимахойн гулйина команде, цунна йукъахь иза левзира ишколахойн Спартакиадехь Бакохахь. Цигахь цунна тӀе тидам бахара Москохан лесотехникин институтан селекционерийн, кхайкхира лдм ишкол чекхйаьккхинчул тӀаьхьа. Сергей йуьхьанца дуьйна лууш вара москохан ЦСКА клубан ловзархо хила, иза бахьнехь селекционераш кховдийна некъ цунна тӀаьхье йолуш хийтира. Цу тӀе институтан дика баскетболан команда а йара, цуьнан ловзархой РСФСР кегийрхойн гулйина командин йукъабоьлхуш бара[5].

1962 шарахь чекхйаьккхира № 8 йолу йуккъера ишкол Томскехь (Кировн проспект, 12).

Ловзархочун карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

Белов Сергейс хӀинцца латийра москохан Олимпиадин цӀе (1980)

Москохан хьуьнан техникин институтан электроникин а, чот-лараран техникин а факультетан студент волуш, Белов ЛДМ командехь левзина ца Ӏаш, левзира Москохан областан кегийрхойн а, баккхийчеран а гулйинчу командашкахь. Амма, Сергейн хетара, Москохахь ловза оьздалла ца тоьуш, лаара хьал хийца.

1964 шарахь РСФСР кегийрхойн а, баккхийчеран а гулйина командийн Подольскехь доттагӀаллин гуламаш болуш, Сергейга вистхилира Кандель Александр — свердловскан «Уралмашан» коьрта ловзархо — уралан командехь хьо муха хуьлу хьажахь аьлла. Дукха хан йалале Белов дехьавелира Уралан коьрта шахьре, цигахь сихха таро йелира баккхийчеран баскетболах волийти.

Керлачу командехь цунна хааделира шех буьззина теший, царна йукъахь коьрта тренер Густылёв Юрий а. Ткъа 1965 шеран аьхке кхаьчча Беловх хилира командин коьртачу ловзархойх цхьаъ, «Уралмаш», 1964/65 шеран жамӀашца, ССРС баскетболан чемпионатан лакхарчу лиге хьалайелира.

1965 шарахь кхайкхира ССРС гулйина команде, амма официалан турнирашка хӀинца а кховдийна вацара.

ШолгӀачу шеран жамӀашца уггаре дика турслойн пхеаннан коьртехь вара баскетболан федерацин президиумо хӀоттийна 25 уггаре дика баскетболхойн испискашкахь. ШолгӀа меттиг испискехь йаьккхира Травин Александра, цунна тӀаьхьабогӀуш бара Саканделидзе Зураб а, Селихов Юрий а.

1967 шарахь дуьххьара йукъатуьйхира йоккхачу турниран заявкин — Уругвайра дуьненан чемпионате. Хьалхара турнир аьтту болуш хилира — Сергейх дуьненан чемпион хилира. Амма 1967 шеран июлехь, ССРС къаьмнийн Спартакиадин баскетболан турнирал тӀаьхьа, Сергей гулйина командин йукъараваьккхира, йукъа ца вахийтира Дерриг дуьненан универсиадан ловзаршка Корей йоьдучу командин.

Сергей йухавирзира клубе, тӀетаӀӀийна тренировкаш йира, дукха хан йалале йуха а кхайкхира гулйина команде Европин чемпионатехь ловза, цигахь а дешин мидалш йехира.

1968 шарахь гулйина командин йукъахь Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо хилира.

1968 шо чекхдолуш кхелхира Москоха, БК ЦСКА (Москох) йукъа. Керлачу командехь сихха стартан пхеанна йукъахь меттиг йаьккхира, хилира коьрта ловзархо. 1969 шеран бӀаьста Беловс эскаран клубан йукъахь йаьккхира ССРС чемпионатан шен хьалхара титул, кхин а Европин чемпионийн кедан толамхо хилира, финалехь мадридан «Реал» иэшийна.

1969 шарахь йуха а Европин чемпион хилира, сийлаллин пхеа уггаре турниран ловзархойн испискин йукъавахара. Оццу шарахь ССРС спортан хьакъ долу говзанчин цӀе йелира, кхин а Москохахь квартира йелира.

1970 шарахь, Вольнов Геннадий гулйина командин йукъараваьккхинчул тӀаьхьа, командин капитан хилира. Люблянера дуьненан чемпионатехь гулйина командо борза бен ца даьккхира, амма шена Сергейна турнир аьтту болуш хилира — хаьржира уггаре дика ловзархо, башха совгӀат делира — «Сийлаллин кад».

Аьттонза жамӀ гайтина гулйина командин коьрта тренер Кондрашин Владимир дӀаваккхар Беловх ца хьакхаделира. Иза хьалха санна коьрта ловзархо висира, гулйина командица 1970 шеран сентябрехь Туринехь йаьккхира Дерриг дуьненан Универсиада а, 1971 шеран Эссенера Европин чемпионат а.

1972 шарахь хилира олимпийн чемпион. Финалан матчехь АЦШ гулйина командина дуьхьала командехь уггаре дикачех цхьаъ вара, 51 жамӀера очкох цуо кхоьссира 20 очко.

1973 шарахь ССРС гулйина командо, 11 шарахь дуьххьара, Европин чемпионан титул лар ца йира,борзанан мидалш бен ца йехира, ткъа ша Белов бала хьоьгуш вара гуттаренна голаш лазаш.

1974 шарахь, Кондрашинан хьехарца дехьаваьккхира тренировкийн йуьстина раж тӀе, метахӀиттийра ловзаран кондицеш, гулйина командина Пуэрто-Рикохь хилла дуьненан чемпионат йоккхуш гӀодира.

1975 шарахь Москохан гулйина командин йукъахь туьйлира ССРС къаьмнийн VI Спартакиадин баскетболан турнирехь, ткъа Европин чемпионатехь йехира детин мидалш.

1976 шарахь Монреалера Олимпиадехь борзанан мидалш йехира.

1977 шарахь йуха а хилира Европин чемпионатан детин совгӀатхо.

1978 шарахь дуьненан чемпионатехь хилира детин совгӀатхо, амма оцу турнирехь левзира резерван ловзархо санна, чӀогӀа кӀезиг ловзаран хан а луш.

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Къобалвар[нисйе бӀаьра | нисйе]

1991 шарахь дуьненайукъара баскетболан экспертийн тобанан хеттаран жамӀашца (дукхаха дерг тренершка) Дуьненайукъара баскетболан федерацис Белов къобал вира шайн къоман гулйина командашкахь левзина уггаре дика баскетболхо аьлла (церан чоьтехь бацара КъБА ловзархой). ШолгӀа меттиг хеттаршкахь йаьккхира Петрович Дражена, ткъа кхоалгӀа — Сабонис Арвидаса.

1992 шеран 11 майхь Белов Сергей хилира дуьххьарлера Баскетболан сийлаллин зал чувахана америкахо воцург.

2007 шарахь, Европин баскетболхойх дуьххьара, чуваьккхира уггаре лераме йолу дуьненан баскетболан лерина музейн — FIBA дерриг седарчийн баскетболан сийлаллин музей (Спрингфилд гӀала, Массачусетс штат, АЦШ). Российн баскетболан федерацин сацамца Белов Сергей лерина Российн уггаре дика тренер XX бӀешеран тӀаьхьарчу иттаннаш шерашкахь.

1971 шарахь дуьйна хӀора шарахь Томскехь хуьлу Белов Сергейн цӀарах жимахойн командашна йукъахь турнир. Къовсам дӀахьо йерриг российн клубашна йукъахь.

2015 шарахь дуьйна, 64 уггаре дика божарийн а, зударийн а мехкан студентийн командаша йукъахь дакъалоцуш йолу Студентийн баскетболан ассоциацин Йерригроссийн плей-оффан цӀе йу «Беловн лига»[13]. Шен 12-гӀа шо СБА дерриг лерина Белов Сергейн, цуьнан 2019 шеран январехь 75 шо кхочур дара[14].

Иэс[нисйе бӀаьра | нисйе]

2014 шеран 23 январехь Томскехь даздарца дӀадиллира мемориалан у Белов Сергейн иэсанна[15].

Белов Сергейн цӀарах цӀе тиллина жимачу планетин 296638 Sergeibelov, иза лаьтта Астероидийн асанехь[16], дӀайиллина 2009 шеран 23 сентябрехь.

Белов Сергейн цӀарах цӀе тиллина «Аэрофлот» компанин хӀаваан Airbus A321 кеманна.

Кинохь денвар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Лакха эхар фильмехь (2017, реж. А. Мегердичев), иза ССРС командин 1972 шеран Мюнхенера Олимпийн ловзаршкара толамна лерина йара, Белов Сергейн роль ловзийра Зайцев Кирилла.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Сергей Белов. Движение вверх. Издательский Дом «Право», 2011.

Кеп:ТоАдЯ

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 Internet Movie Database (инг.) — 1990.
  2. Умер олимпийский чемпион по баскетболу Сергей Белов. Lenta.ru (2013 шеран 3 октябрь).
  3. Головин, Борислав. Игрок последних секунд. Gazeta.ru (2013 шеран 3 октябрь).
  4. Биография Сергея Белова. РИА Новости (2013 шеран 3 октябрь).
  5. 1 2 Биография Сергея Белова
  6. Память народа: Документ о награде: Белов Александр Александрович, Орден Красной Звезды Архивйина 2016-08-04 — Wayback Machine
  7. Белов, Сергей. Движение вверх, полная автобиография Сергея Белова. — Издательский дом "Право", 2011. — 464 с. — 10 000 экз. — ISBN 978-5-904836-13-9.
  8. Указ Президента Российской Федерации от 7 декабря 2006 года № 1362 «О награждении орденом Почета спортсменов, тренеров и ветеранов отечественного баскетбола»
  9. Указ Президиума Верховного Совета СССР от 5 октября 1972 года № 3432—VIII «О награждении орденами и медалями СССР спортсменов, тренеров, работников физической культуры и спорта в связи с итогами XX летних Олимпийских игр»
  10. Указ Президиума Верховного Совета СССР от 24 июля 1968 года № 2923—VII «О награждении орденами и медалями СССР работников физкультурного движения»
  11. Белов Сергей Александрович
  12. Указ Президента Российской Федерации от 21 сентября 2003 года № 1084 «О награждении государственными наградами Российской Федерации»
  13. ЧЕМПИОНАТ АСБ В СЕЗОНЕ 2014-15. ОСНОВНЫЕ ПРИНЦИПЫ ОРГАНИЗАЦИИ Архивйина 2014-07-28 — Wayback Machine
  14. АСБ посвятила свой 12-й сезон Сергею Белову
  15. Мемориал великому баскетболисту Сергею Белову появился в Томске
  16. Малая планета получила имя томского баскетболиста Сергея Белова

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьалха хилларг:
Стефан Префонтэн а, Сандра Хендерсон а
Монреаль 1976
Хаьштиг хьуйриг Олимпиада дӀайелларан церемонехь
Белов Сергей

Москох 1980
Когаметтаниг:
Рафер Джонсон
Лос-Анджелес 1984