Жармухамедов, Алжан Мусурбекович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Basketball pictogram.svg Жармухамедов Алжан Мусурбекович
кхазакх. Әлжан Мүсірбекұлы Жармұхамедов
Alzhan Zharmukhamedov (born 2 October 1944) — CSKA Moscow Center (1970–1980).png
Карьера чекхйаьккхина
Позици Центровой
Харц цӀераш Тов, Туркестанан саьрмик
Локхалла 207 сантиметр
Возалла 95 килограмм
Гражданалла ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС
РоссиFlag of Russia.svg Росси
Вина терахь 1944 шеран 2 октябрь({{padleft:1944|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:2|2|0}})
Вина меттиг пос. Таваксай, Бостанлыкскан кӀошт, Къилба-Кхазакхстанан область, Кхазакхийн ССР, ССРС
Кхелхина терахь: 2022 шеран 3 декабрь({{padleft:2022|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:3|2|0}})[1] (78 шо)
Кхелхина меттиг

Командаш
Байракх ССРС СКА (Ташкент)
1970—1980 Байракх ССРС ЦСКА
1981 Байракх ССРС Университет (Ташкент)
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
ССРС Спортан хьакъ долу говзанча Орден «Сийлаллин Билгало» Сийлаллин орден
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Деши Мюнхен 1972 баскетбол
Борза Монреаль 1976 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Борза Югослави 1970
Дети Филиппинаш 1978
Европин чемпионаташ
Деши Итали 1967
Деши Германи 1971
Дети Югослави 1975
Деши Испани 1979
Images.png Арахьара суьрташ
Image-silk.png Баскетболех ловзаран VI дуьненан чемпионат. ТӀелеташ ву Жармухамедов

Жармухамедов Алжан Мусурбекович (кхаз. Әлжан Мүсірбекұлы Жармұхамедов[2]; вина 1944 шеран 2 октябрехь, Таваксай пос., Бостанлыкан кӀоштахь, Къилба-Кхазакхстанан областехь, Кхазакхийн ССР, ССРС) — советийн, кхазакхийн баскетболист. 1972 шеран Олимпийский чемпион. 1976 шеран олимпиадин борзанан совгӀатхо. Кхазакхех схьавалар долу дуьххьарлера Олимпийн чемпион[3].

Центровой. ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1979, хьалха а йеллера 1972 а, 1973 а шерашкахь, дӀайаьккхина таможнин раж йохайарна)[4].

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина Къилба-Кхазакхстанан областера кхазакхийн узбекийн дозанера, Ташкентан уллера Таваксай йуьртахь (шовзткъе уьтталгӀачу шерашкахь и кӀошт бамбалелор Ӏалашо йолуш дӀайеллера Узбекийн ССР). Цуьнан да Мусурбек — кхазакх ву жаппас тайпанара, нана Прасковья Жеронкина — Украинера мацаллех йедда запорожьен гӀазакхий йу[5].

Ишкол чекхйаьккхинчул тӀаьхьа шина шарахь Жармухамедов Алжана заводехь шардийриг болх бира луларчу Чирчикехь, цигахь белхан чов йира, чӀогӀа лазийра аьтту куьйган шип Ӏелг, цуо новкъарло ца йира тӀаьхьа гӀараваьлла баскетболхо а, олимпийн чемпион а хила[6].

1963 – 1967 шерашкахь дийшира Ташкентера Узбекийн пачхьалкхан физикин оьздангаллин а, спортан а университетехь в, левзира СКА (Ташкент) йукъахь, ССРС гулйина командина йукъа а кхайкхира, 1967 шеран Европин чемпион а хилира. ЦСКАн а, ССРС гулйина командин а лакхара тренеро Гомельский Александра шен клубе сехьавала бохуш дехарш дора. Реза ца хилча, ца вигира спортхо 1968 шеран Мехикора Олимпиаде, цул тӀаьхьа 1969 шеран дуьненан чемпионате а[7].

Шозза Жармухамедов Алжан гӀоьртира алма-атин «Буревестник» йукъаваха, амма иза йухаверзавора Ташкенте. Шина республикин йукъара баскетболхо къовсарх сацам Москохо бира. 1969 шеран октябрехь Жармухамедовн квартире веира Москохан ЦСКА шолгӀа тренер Астахов а, тӀеман комиссариатан эпсар а, ши салтий а: «Кечло, тхо хьуна тӀаьхьа даьхкина. ХӀара ССРС дуьхьалонан министран гӀовсера маршал Соколовскийн куьг долу кехат ду»[6]. 1969 шеран ноябрехь, цунна кӀант вира, Жармухамедов Алжан ловза волавелира москохан ЦСКАхь, цигахь иза узбек лара буьйлабелира. Амма 1972 шеран № 10 йолчу, « Физоьздангалла а, спорт а» журналехь, 1972 шеран мюнхенан Олимпиадин чемпионийн официалан испискехь Жармухамедов Алжан билгалваьккхина кхазакх аьлла. Иштта, Жармухамедов ву дуьххьарлера кхазакх — олимпийн чемпион[8][9].

1973 шеран бӀаьста, ССРС гулйина команда АЦШ а, Латинан Америкера а турнера цӀайогӀуш йара, Шереметьево аэропортан таможнехь «ССРС мехала хӀуманаш чуйахьаран низам талхош» гучувелира. А. Беловца, М. Коркияца, И. Дворныйца йелира «валлалц дисквалификаци», гулйина командин йукъара ваьккхира[10]. Кхин а дӀайаьккхира «ССРС спортан хьакъ долу говзанча» цӀе. 2 шо даьча дисквалификаци дӀайаьккхира, ткъа спортан «ССРС ХьДГ» цӀе 1979 шарахь бен йуха ца йерзийра, ССРС гулйина командин йукъахь 1979 шеран Европин чемпионатехь толам баьккхича.

Спортан карьера чекхйаьккхинчул тӀаьхьа Жармухамедов Алжана пхеа шарахь тренер болх бира Германера Советийн эскарийн тобанехь, цул тӀаьхьа хьажийра алма-атан СКА йукъа спортан клубан даьндаргийн герз тохарехь тренеран дарже (1987 шо).

2002 шарахь йоккхачу спортера дӀавоьдуш, висира Москохахь, тренер хилира Москохан гуманитаран университетан божарийн а, зударийн а командийн. Шен кӀентаца Владиславаца йиллира берий-жимахойн баскетболан клуб «Лаурус»[11].

ХӀинца берийн тренер ву № 2107 йолу ишколехь.

Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Къобалвар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цкъа гӀараваьллачу баскетболхочо а, тренеро а Алма-Ате зийарат дечу хенахь, цунна йелира Кхазакхийн спортан а, туризман а академин (хьалха хилла КхПФОьИ) сийлахь профессоран цӀе.

Кинохь денвар[нисйе бӀаьра | нисйе]

ССРС гулйина командо 1972 шеран Мюнхенера Олимпийн ловзарийн финалехь АЦШ командин тӀехь баьккхина толамах лаьцна «Хьала эхар» фильмехь (Росси, 2017, реж. А. Мегердичев) Жармухамедовн роль ловзайо актёро Ряполов Александра[12]. Даймахка йеина фильм а, ша баскетболхо а дика тӀеийцира Кхазакхстанехь[13].

Доьзал[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Зуда — Жармухамедова Лариса Петровна.
  • КӀант Владислав (16.11.1969) — баскетболхо хилла. Тренеран болх болийна 1995 шарахь[14].
  • КӀант Сергей (28.06.1976) — баскетболхо хилла, левзира Российн Суперлигин (Динамо (Москох), Арсенал, Автодор, Спартак (Петарбух) командашкахь а, Белоруссин командашкахь а. ХӀинца — ЦСКА клубан тренер-скаут ву[15].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Гомельский рассказал, каким человеком был ушедший из жизни Алжан Жармухамедов
  2. Тұңғыш Олимпиада чемпионы сыртта қала ма? (kk). Хьаьжна 28 январехь 2018.
  3. Алжан Жармухамедов- легенда казахстанского баскетбола Архивйина 2018-08-21 — Wayback Machine
  4. Алжан ЖАРМУХАМЕДОВ: ПИСТОЛЕТ ДЛЯ ЧЕМПИОНА
  5. Алжан Жармухамедов: Чемодан открыли и между вещами нашли пистолет
  6. 1 2 Юрий Лифинцев Алжан ЖАРМУХАМЕДОВ: Я казах по крови и по паспорту. «Казахстанская правда» (2008, 24 октябрь). Теллина 2018 шеран 26 январехь.
  7. Невероятный жар
  8. Алжан Жармухамедов: «Мечтаю вернуться на родину!»
  9. Алжан Жармухамедов: Сердце мое всегда тянется к Казахстану
  10. Коркия Михаил Шотаевич
  11. ЛАУРУС, детско-юношеский баскетболан клуб
  12. Актер, сыгравший меня в фильме, справился неплохо — первый казах-олимпийский чемпион о фильме «Движение вверх»
  13. Первый казах — олимпийский чемпион: Сидеть без дела — хуже каторги
  14. Профайл на сайте www.moscow-basket.ru(ТӀе цакхочу хьажорг)
  15. Сергей Жармухамедов вошёл в тренерский штаб ЦСКА

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьосташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 100 лет российского баскетбола: история, события, люди: справочник / Автор-составитель В. Б. Квасков. — М.: Советский спорт. — 274 с.: илл. ISBN 5-9718-0175-9