Чулацаман тӀегӀо

Киевн къоман Шевченко Тарасан цӀарах университет

50°26′30″ къ. ш. 30°30′40″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Киевн къоман Шевченко Тарасан цӀарах университет
(ККъУ)
сурт
Дацдар ККъУ
Халкъашна йуккъера цӀе инг. Taras Shevchenko National University of Kiev, лат. Universitas Kioviensis
Хьалхара цӀе Киевн Императоран Сийлахь Владимиран университет
Девиз лат. Utilitas, Honor et Gloria, «Пайда, Сий, Сийлалла»
Кхоьллина шо 1834
Тайпа классикин къоман, талламан
Ректор Губерский Леонид Васильевич
Студенташ 20 эз.
Арахьара студенташ 2 эз.
Магистратура 9 эз. гергга
Аспирантура 1,5 эз. гергга
Докторантура 100 сов
Профессорш 200 гергга
Хьехархой 3,2 эз.
Лаьтта меттиг  Украина, Киев
Метро Университет
Юридически адрес Украина, 01601, Киев гӀ.,
Владимиран ур., 60
Сайт univ.kiev.ua
СовгӀаташ Октябран Революцин Орден
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Ки́евн къо́ман Шевче́нко Тара́сан цӀара́х университе́т (доцца ККъУ) (укр. Київський національний університет імені Тараса Шевченка) — Украинин Киев гӀалара йаккхийчех цхьа лдм, Ӏилманан а, оьздангаллин а къоман центр, мехкан уггаре ширачех цхьа университет. 2008—2009 шерашкахь талламан а, автономин а статус йелла.

ЦӀерийн истори[бӀаьра нисйан | нисйан]

Университет йиллинчу Николай I-чун коьрта корпусан дуьхьаларчу паркера иэс (1917 шеран сурт)

Йиллина 1833 шеран 8 ноябрехь Императоран Киевн Сийлахь Владимиран университет аьлла. Кхин дӀа цӀераш иштта хийцаевлира (хийцина шерашца):

  • 1916 — Киевн сий. Владимиран университет
  • 1920 — Халкъан дешаран лакхара М. П. Драгомановн цӀарах институт (ХДЛИ)
  • 1926 — Киевн халкъан дешаран М. П. Драгомановн цӀарах институт (КХДИ)
  • 1933 — Киевн пачхьалкхан университет (КПУ)
  • 1939 — Киевн пачхьалкхан Т. Г. Шевченкон цӀарах университет (КПУ Т. Г. Шевченкон цӀарах)
    • 1959: Киевн Ленинан орденан пачхьалкхан Т. Г. Шевченкон цӀарах университет
    • 1984: Киевн Ленинан орденан а, Октябран Революцин орденан а пачхьалкхан Т. Г. Шевченкон цӀарах университет
  • 1994 — Киевн Шевченко Тарасан цӀарах университет (КУ)
  • 1999 — Киевн къоман Шевченко Тарасан цӀарах университет.

Киевн университет тахана[бӀаьра нисйан | нисйан]

Киевн Шевченко Тарасан цӀарах университет дуккха а отраслийн дешаран-Ӏилманан комплекс йу. Цуьнан базин тӀехь йина 14 факультет гуманитарин а, Ӏаламан-Ӏилманан агӀонийн а, 7 дешаран институт а, цигахь доьшу 25 эзар сов студенто. Университетан структурехь кхин а йу[1] физикин-математикин лицей[2], хааман-лараран[3] а, арахецараллин-полиграфин центраш, масех астрономин обсерватори[4], библиотека, Ботаникин А. В. Фоминан цӀарах беш а, Каневски заповедник а.

Говзанчаш боцучарна кечам бо, ткъа говзанчашна говзаллехь керлачунна йуха кечам бо фундаментан а, прикладни а областера белхашкахь, 70 Ӏаламан а, социалан-гуманитаран говзаллашкахь а, 153 специализацешкахь а. 2011 шеран аьхкенан хьолехь деша дӀаоьцуш бу дешаран-квалификацин бакалавр, специалист, магистр тӀегӀанашкахула[5]. Университетехь болх беш ву 2000 сов Ӏилманан-хьехархойн а, 1000 Ӏилманан а белхало, цу тӀе Ӏилманан тӀегӀа ду 80 % сов хьехархойн, ткъа Ӏилманан доктор 24 % ву.

Лдм цхьаьнаэшшара кхуьу. Иштта, 2008 шеран 5 майхь Украинин президентан «Киевн къоман Шевченко Тарасан цӀарах университетан статус хьалайаккхаран гӀуллакхех лаьцна» цӀе йолчу омарца, университету йелла талламан статус, цуо гойту Ӏилманан белхийн лакхара тӀегӀа къобалйар, иза база хилла 48 Ӏилманан ишколан.

Дерриг дуьненан лакхара дешаран университетийн Times газетан 2016—2017-гӀа шерийн рейтингехь Киевн къоман Шевченко Тарасан цӀарах университет хилира кхечу украинин лдм лакхахь — 800-гӀа а, 1000-гӀа меттигашкахь, ткъа кхин ерш 1001-гӀа тӀегӀанал лахахь йу[6]

2017 шеран дӀахиттаран кампанехь абитуриенташна йукъахь уггаре гӀарайаьлла лдм хилира Киевн къоман Шевченко Тарасан цӀарах университет. Цига, 27 112 абитуриенто, деллера 58 851 заявлени[7].

Факультеташ[бӀаьра нисйан | нисйан]

  • Географин;
  • Биологин;
  • Экономикин;
  • Хаамийн технологийн (болх беш йу 2013 шарахь дуьйна);
  • Историн;
  • Компьютерийн Ӏилманийн а, кибернетикин а;
  • Механикин-математикин;
  • Кечаман;
  • Психологин (ю 2008 шарахь дуьйна);
  • Радиофизикин, электроникин, компьютеран системийн факультет (хилла радиофизикин факультет, йиллина 1952 шарахь);
  • Социологин (ю 2008 шарахь дуьйна);
  • Физикин (йиллина 1940 шарахь, 1864 шарахь йиллинчу физикин-математикин декъах);
  • Философин;
  • Химин (йиллина 1933 шарахь 1901 шарахь диллинчу декъах);
  • Юридически.

Дешаран институташ[бӀаьра нисйан | нисйан]

Дакъош[бӀаьра нисйан | нисйан]

Истори[бӀаьра нисйан | нисйан]

Киевн университет XX бӀешарахь[бӀаьра нисйан | нисйан]

Киевн къоман университетан Можа корпус

1900 шарахь студенташ дуьхьала бевлира студентийн митингехь дакъа лаьцна студенташ дӀабахарна реза боцуш, иза бахьнехь 183 студентах салтий бира.

1910 шеран ноябрехь Киевхь хилира сийсаш йаккхий белхалойн-студентийн демонстрацеш Толстой Лев бахьна долуш. Лаьцначу 107 демонстранташна йукъахь — бӀе гергга университетан студент вара. 1911 шеран февралехь йуха а хилира йерригроссий студентийн забастовка.

ЧӀогӀа гӀочу хьоле йалийра Киев университет Дуьненан хьалхара тӀамо. ТӀеман баьччалло, эскаран тӀехьа гӀовтта там болу студенташ бита ца лууш, омар делира Киевн университет «Днепран аьрру берд тӀе йаккха» аьлла, тӀаьххьара чоьтехь Саратов. Эвакуацино хаъал иэшийра студентийн хьал. ДӀакхалхар бахьнехь боккха иэшам хилира лабораторешна а, кабинеташна а, музейн коллекцешна а. 1916 шеран гурахь университет Киеве йухайирзира.

1917 шеран Октябран революци йолалуш Киев университетехь доьшуш вара 5300 гергга студент.

1918 шарахь университет дӀакъевлира, йуха дӀа ца йиллира 1919 шеран 29 мартехь бен. 1919 шеран 23 апрелехь цунах официалан ала долийра Киевн университет. 1920 шарахь университет дӀасахийцира, цуьнан бух тӀехь йиллира Халкъан дешаран Драгоманов Михаил Петровичан цӀарах лакхара институт (1926 шарахь дуьйна — Киев халкъан дешаран институт), ткъа кхин а социалан дешаран, говзаллин дешаран, физикин-химин-математикин институташ.

УССР Халкоматан коллегин 1933 шеран 1 январан сацамца Украинехь меттахӀиттийра пачхьалкхан университеташ, царна йукъахь йара Киевн пачхьалкхан университет, цунна чохь 7 факультет йара. 1939 шеран мартехь ССРС ЛКх Президиуман омарца цунна Т. Г. Шевченкон цӀе тиллира (цуьнан 125 шо кхачар лерина). ШолгӀачу шарахь йира керла дешаран корпус, цунна чу ховшийра гуманитарин факультеташ.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болалуш КПУ шен барамца кхоалгӀа университет йара ССРС (Москохан а, Ленинградан а тӀаьхьа). ТӀом болуш университет йуьхьанца кхалхийра Харьков, ткъа цул тӀаьхьа, цхьана ханна Харьковн А. М. Горькийн цӀарах университетца цхьаьнакхетта Цхьаьнатоьхна Украинин пачхьалкхан университет (ЦУПУ) йина, кхалхийра Кхазакхийн ССР Кхызылорда (1942—1943).

Оццу хенахь, немцоша дӀалаьцначу Киевхь йоцучу хенахь болх бира (1941—1942) университето, цуьнан ректор хӀоттийра К. Ф. Штеппа[8].

Киев йоккхучу тӀамехь университетан гӀишло чӀогӀа зие динера. Ерриг йохийнера коьрта корпус, хӀаллакйинера оьздангаллин мехаллаш. Байна лабараторин гӀирсан мах бара 50 млн сом.

Йохийна йоллушехь (коьрта корпус эккхийтина, кабинеташ а, библиотекийн фондаш а), университето шен болх дӀаболийра Киев мукъайаьккхина ши бутт болуш, 1944 шеран январехь. 1949 шо кхочуш университетехь 12 факультет йара.

Москох, Кремль накъост СТАЛИНЕ.
Киевн Пачхьалкхан Шевченкон цӀарах университетан профессорийн, хьехархойн, студентийн, техникин белхалойн коллективо ло 100.000 сом ЦӀен Эскаран бронетанкин ницкъаш чӀагӀбархьама шайн ахчанах.
Оцу ахчанах йина танкан цӀе тиллар доьху Киевн Шевченкон цӀарах университет». Кхин а ахча гулдеш ду.

Университетан ректор Алексей РУСЬКО, парткхолламан секретарь Иван ШЕВЧЕНКО.

Дехар ду Киевн Пачхьалкхан Шевченкон цӀарах университетан, «Киевн Шевченкон цӀарах университет» цӀе тиллина танк йан 100.000 сом гулдинчу профессорашка, хьехархошка, студенташка, техникин белхалошка дӀадалар, — сан, вешийн, маршалла а, ЦӀечу Эскаран баркалалла а.
И. СТАЛИН
Газет «Правда», 10 июль 1944 шо.

Студенташа а, хьехархоша а шайн ницкъашца меттахӀоттийра гуманитарин а, химин а корпусаш, 1944 шеран январехь дешар дӀадолийра лакхарчу курсашкахь. Кзыл-Ордара йухайирзира Цхьаьнатоьхна университетан киевн тоба шайна йукъахь 146 студент, 3 профессор, 7 доцент, 11 хьехархо а волуш. Керла дешаран (1944—1945) шарахь университете дӀаийцира 1,5 эз. гергга кегий нах а, маьхкарий а, ткъа цул тӀаьхьарчу шарахь цигахь доьш вара 2 эзар сов студент. Ӏилманан-хьехархойн болх 80 кафедрашкахь дӀабаьхьира 290 профессоро, доценто, хьехархочо.

Хьажа кхин а[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьажоргаш[бӀаьра нисйан | нисйан]