Императоран Москохан университет

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Императоран Москох университет
(ИМУ)
Moscow University, 1820s.jpg
Дацдар ИМУ
Халкъашна юккъера цӀе фр. Université Imperial de Moscou
инг. Imperial Moscow University
Девиз «Ӏилма сирла бакъдерг довзар, хьекъал серладаккхар ду»[1]
Кхоьллина шо 12 (23) январь 1755
Хийцам бина 23 февраль (8 март1917
Москох пачхьалкхан университет
Тайпа Императоран университет
Лаьтта меттиг Российн империFlag of Russia.svg Российн импери,
Москох, ЦӀен майда а, Мохови урам а
Commons-logo.svg Темехь суьрташ Викилармехь

Импера́торан Моско́хан университе́т (ИМУ, 1755—1917 шерашкахь) — Российн империн ширачех университет, йиллина 12 (23) январехь 1755 шарахь меценат а, хьаькам а волу И. И. Шуваловс, М. В. Ломоносовс дакъа а лоцуш йинчу проектаца, император-аьзнин Елизавета Петровнин «Москохан университет а, шиъ гимнази а йилларах» цӀе йолчу омарца[2].

1755 шарахь йиллина Императоран Москохан университет, хилира российн дуьххьарлера классикин университет[3]. Университет йилла таро хилира М. В. Ломоносовс, дешна волчу хьаькамца, император-аьзнин Елизавета Петровнин везаргца И. И. Шуваловца цхьаьнагӀуллакхдар бахьнехь. Цара 1754 шеран июнехь—июлехь цхьаьна бинчу белхашца хӀоттийра Москохан университет йилларан проект, иза къобал йира 19 июлехь Урхаллин сенато. Москохахь университет дӀаелларан бахьна дуьйцура юьллучара: «цигахь беха дукха элий а, тайп-тайпана чинаш ерш», Российн пачхьалкхехь Москохан юккъера меттиг, тӀебогӀучарна Москохар дахар атта хилар а, дораха хилар а, Москахан а, гуонахьарчу губернийн а бахархошна шайн берашна дика дешар иэшар. Елизавета Петровнин 8 (19) августехь 1754 шеран Москохан университет дӀаелларан омарца, цунна дӀаделира Китай-гӀалин Воскресенски кевнашкара «Аптекарийн цӀа» — дуьххьарлера Москохан университетан гӀишло. ГӀишлонан кечам бира архитекторо эла Ухтомский Дмитрийс, цунна Статс-конторин ахчанех цхьа эзар сом делира. Даздарца университет дӀаелла план яра оццу шарахь (1754)[4], амма тояран белхаш хьебалар бахьнехь из адӀатеттира тӀехьадогӀучу шеран юьххье[5].

Императоран Москохан университет 1755—1804 шерашкахь[нисъе бӀаьра | нисъе]

Москохан университет йилларан омар
Вевзаш воцучу исбаьхьалчин акварель. Москохан университет а, Неглинни эрк а, аьрру агӀора ШереметевгӀеран кертара Марьяман «Хаам» килс . 1790-гӀа шераш.
Елизаветин урхаллин муьрера Москохан университетан дуьххьарлера гӀишлон хьалхе, XVIII бӀешо

1755 шеран 12 январех[6], Сийлахь Ӏазапхочун Татианин иэсан дийнахь, цунах тӀаьхьа хилира ерригроссий студенталлин деза де, Татьянин де. 1755 шеран 26 апрелехь хилира Москохан университетан инаугураци, оцу дийнахь дуьйна лору хьехархойн гӀуллакх доладелла хан.

Москохан университет кхоьллира кхаа факультетех («базин» философин факультет, шиъ «лакхара» факультет — юридически а, медицинин а) а, иттех кафедрех а. Москохан университетевропин классикинчух къаьстара йоьалгӀа факультет ца хиларца — дин Ӏаморан, хӀунда аьлча сацам бинера, Россехь иза Сийлахь Синодан гӀуллакх ду, пачхьалкхан гӀуллакх дац аьлла[7].

Профессораш харжар а, университ тӀаьхьара лакхара терго латтайора цуьнан куратораш, хьалхара куратор хӀоттийра Шувалов Иван Иванович. Сенатан гайтина официалан документашкахь а, университет дӀайоьллуш динчу къамелашкахь а Ломоносов хьаха а ца вира[8]. Историкан М. Т. Белявскийн хетарехь, «Шуваловс проектан авторалла а, университет кхоллархочун а сий шена дитина ца Ӏаш», «дикка талхийра Ломоносовн проект, цуо цунна юкъатуьйхира, Ломоносов а, кхин хьалхара оьрсийн Ӏилманан академин Ӏилманчаш а къийсина цхьа могӀа меттигаш»[9]. Университетан карара гӀуллакхашна урхалла дора коьртехь диретор волу университетан канцелярис. Директоран декхарш юкъадоьдура университетан санан урхалла, иза дикачу хьолехь латтор, хьехаран терго латтор. Университет Сенатан куьйгакӀела яра, меттигера урхаллин меженаш а юьтуш, ткъа ладаме университетан гӀуллакхаш кураторо дийцарца кхочуш дора ша император-аьзни. Университетан цӀеран юкъахь леладора дош «Императоран» (хьалхара шерашкахь кхин а леладора — «Елизаветин»), цуо гойтура университетан башха меттиг, Российн империн дешаран меттигашна юкъахь. Университетан елира цхьа могӀа гӀоленаш. Университетан штатан финансаш латтайора дуьззина пачхьалкхан чоьтах, XVIII бӀешарахь гуттаренна а тӀекхеташ яра хьехар шордар бахьнехь. 1756 шарахь дуьйна университетехь зорба тоха долийра Москохан хьалхара газет — «Москохан ведомосташ», иза арахецар ца сацийра 1917 шеран ноябрь кхаччалц.

Университетан башхалла яра цунна цунна юкъахь ши дакъа долу гимнази хилар (элашна а, тайп-тайпана чинхошна а), иза йиллинера М. В. Ломоносовн ойланца, университетехь хӀора шарахь студенташ латто а, царна лекцешка ладогӀа оьшу юьхьанцара кечам. Университетехь элий а, кхин чинаш ерш а цхьаьна доьшура. Шен чоьтах доьшучу студенташ боцуш, университетехь юкъаяьккхира, бахархойн къечу чкъоьрах бевлла, хӀазнан чоьтах доьшу категори, царна таро лора дуьззина лакхара дешар чекхдаккха Ӏедалан чоьтах. Университетехь Ӏан а, деша а луу элий охьаховшо, йиллира дика цӀийнах болчеран пансион (1779), цунах хилира (XVIII бӀешо чекхдолуш — XIX бӀешо долалуш) элитин дешаран меттиг, кхиоран системех масала хилира Российн кхечу гӀаланашкахь пансионаш а, лицейш а йохкуш.

XVIII бӀешарахь Москохан университет екъалора кхаа факультетан: бакъонан факультет, медицинин факультет, философин факультет. Юридически факультетехь хила везара кхо профессор: юкъара а, российн а юриспруденцин, политикш; медицин — кхоъ: химин, натуралан историн, анатомин, медицинан практика йолуш; философин — виъ: философин, цунна юкъахь яра логика, метафизикин а, хьехамийн а, экспериментан а, теоретикин а физикин, хаза къамел даран, юкъара а, оьрсийн а истори, шираллин а, геральдикин а. Лекцеш йоьшура кӀиранан чохь пхеа дийнахь; шот деношкахь хуьлура конференцийн гуламаш, берриг профессораш болуш, председатель директор а волуш. Университетан коьртехь лаьттара ши куратор: Шувалов Иван Иванович, цуо лелайора «хьалхара кураторан» цӀе, и дарж лелийра ша валлалц (1797), шолгӀаниг вара архиятр Блюментрост, сийлахь титул а, лелийна университет йиллина дукха хан ялале вела волу. Кураторан тӀедиллинера урхаллин сенате профессорашна а, хьехархошна а, университетан студенташна а, гимназин дешархошна а инструкцеш а, законаш а чудала. Хьалхара директор хӀоттийра коллегин хьехамча Аргамаков Алексей Михайлович. Профессораш а, студенташ а бара университетан суьдан кӀела богӀуш. Университете дӀаоьцура кегий нах профессораш ечу башха экзаменашца; гӀопаллехь берш студенташна юкъа ца оьцура. Студентийн дешар, цхьаьна лекцешка ладогӀар доцуш (лаам болчарна шайна а йоьшура), хӀора беттан профессоран куьйгаллица йолу диспутех лаьттара. Иштта диспуташ хуьлура хӀора ах шо чекхдолуш Ӏилма дезархой а болуш; дешаран курс кхаа шеран яра. Курс чекхъяьлча студенташна аттестаташ лора, цаьрца уьш дӀахӀиттабора гражданийн гӀуллакхе.

Университетан, гимназица цхьаьна, хьашташна штаташца хӀоттийра 10 000 сом шерна, амма университетан хьалхарчу шарахь дуьйна сагӀанаш дуьйладелира; иштта, П. А. Демидовс 1755 шарахь делира 13 000 сом, 1757 шарахь — 8000 сом. Профессораш университете дукхаха берш балийра дозанал арахьара, шиъ бен — Н. Н. Поповский (дошалла а, философи а) а, А. А. Барсов (математика а, дошалла а) а — вацара Ӏилманан академин кхиорхойх. Хьалхара меттиг профессорашна юкъахь йоккхура И. М. Шадена а, Ф. Г. Дильтейс. 1761 шарахь математикашна юкъахь хаало оьрсийн цӀераш Д. В. Савичан а, С. Лобановн а. Хьехам бора дукхаха долчу декъехь латинан маттахь. 1758 шарахь студентийн барам кхочура 100 стеге, тӀаьхь-тӀаьхьа тӀекхетара, амма дукхаха йолу кафедра еса яра, ма-дарра аьлча университетан хьал сингаттаме дара. 1765 шо чекхдолуш Екатерина II-гӀачо профессорашна тӀедиллира университетан хьал тодаран хьесапех шайна хетарг дийцар. Амма профессораш шайн жоьпашкахь алсама совцура шайн бахаман хьолан тӀехь, дешаран дакъа а ца дуьцуш. 1767 шарахь оьрсийн профессор пхиъ вара, амма хьехар дора латинан маттахь, цунна тидам бира император-аьзнис, 1767 шеран 19 ноябран омарехь шен ойла йовзийтира «гӀоле хир дара университетехь лекцеш оьрсийн маттахь ешча»[5].

Университет кхиарна хьалхарчу шерашкахь дуьйна а цунна ийшира керла гӀишло а, латта шордар а, цуо кхоьллира «университетан куп» Мохови урамера. Екатерина II-гӀа йолуш университет кхелхира Мохови урамера гӀишлон чохь. Коьрта корпус — Россехь университет чуяхийтина проект йина дуьххьарлера гӀишло ю, йина 1782 -1793 заманан муьрехь Казаков Матвейн проектца. ТӀаьхьа, 1812 шарахь Москохах цӀе яьллачул тӀаьхьа, йиъ гӀат йолу гӀишло метахӀоттийра 1819 шарахь архитекторо Жилярди Доменикос. ГӀишлонан аьрру тӀемехь 1791 – 1812 шерашкахь лаьттира университет килс.

М. М. Херасковс йиллира Москохан университетан дика цӀийнах болчеран пансион (1779), цунах йира гимнази (1830). Университетан пресса йира 1780-гӀа шерашкахь Н. И. Новиковс. Москохан университетан профессораш бара хьехархойн гӀуллакхера чинера нах, ткъа ша дешаран меттиг — пачхьалкхан аппаратан дакъа[10]. Университетехь арадолура Российн империн уггаре гӀарадаьлла газет — «Москохан Хаамаш».

Оцу хенахь университетехь кхолла йолийра Ӏилманан юкъараллаш. Университетан кураторо И. И. Мелиссинос жигара дакъа лацарца кхоллабелира «ПаргӀата российн гулам» (1771—1787). Профессоро И. Г. Шварца кхоьллира «Университетан кхиорхойн гулам» (1781), цунна юкъахь студенташа доьшура, дийцаре дохура шайн литературин кхолламаш, цул тӀаьхьа кхоьллура «ДоттагӀаллин Ӏилманан юкъаралла» (1782—1785). Университетан кхиорхойн белхех, дукхаха дерг, хӀиттабора гуламаш, уьш Н. И. Новиковс арахоьцура «Москохан Хаамашкахь». 1789 шарахь университетехь кхоллаелира «Ӏилманалла дезаран юкъаралла».

1791 шеран 29 сентябрехь дуьйна университетан бакъо елира медицинин факультет чекхъяьккхинчарна докторан Ӏилманан тӀегӀа яла, билам бира, докторантан экзамен яла еза медицинин коллегин депутаци йолуш. 1793—1796 шерашкахь реакци хилира Москохан университетехь хьехаран: оьрсийн историс а, географис а цхьан хаам ца лора, оьрсийн законех профессоро З. А. Горюшкина Ӏамориг лакхарчу даржашкарчу хьаькмашка дехар яздар а, закон цхьаьна хиламан лелор бен дацара.

Императоран Москох университет 1804—1917[нисъе бӀаьра | нисъе]

Императоран Москохан университетан хьалхара уставан (оццу хенахь дӀайиллина Харьковн а, Казанан университеташна, 1824 шарахь йиллина Петарбухан университетан догӀу) императоро Александр I-чо куьг яздинера 1804 шарахь Москохан университетан ЧӀагӀдаран грамотица цхьаьна.

ЦӀечу майданара Воскресенски кевнашкара Москохан университетан «Аптекарийн цӀа» (аьрру агӀора)

Москохан университетан юбилейш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Москохан университетан юбилейш язъяран ламасташ хьалайоьду XVIII бӀешерашка. Императоран Москохан университетехь даздарца билгалъехира цуьнан 25, 50, 100 шеран юбилейш. Политикин бахьнашца Москохан университетехь ца даздира университетан 150 шо кхачар, ткъа цуьнан 175 шеран юбилей шуьйра билгалъяьккхира оьрсийн эмиграцин гуонашкахь.[11]

Москохан университетан 25 шо кхачар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Москохан университетан ткъе пхиъ шо кхачаран юбилей хилира 1780 шеран 24 апрелехь. Университет йилларан 25 шо кхачар даздар нисдира император-аьзнин Екатерина II-гӀа а, сийлахь эла Константин Павлович а бинчу денна. Даздарехь дакъалецира Москохан инарла-губернаторо а, кхин а лакхара гӀалин тӀеман а, гражданин а Ӏедалан векалша а.[11]

Москохан университетан 50 шо кхачар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Москохан университетан шовзткъе итт шеран юбилей язйира 1805 шеран 30 июнехь. Юьхьанца дуьйна гӀалахула дӀасаяхьийтира Ӏилма дезачарна официалан кхайкхарш латинан а, оьрсийн а маттахь. 8 сахьт даьлча кхайкхинарш гулбелира университетан Актан залехь, цигара процесси яхара университетан килсе. Йира даздаран литурги а, хастаман дуӀа а. Университетан юбилейн даздаран акт доладелира делкъал тӀаьхьа 5 сахьт даьлча студенташа баркаллин йиш лакхарца. Къамелаш дира университетан 4 декъан профессорша (эхь-бехкан-политикин, физикин-математикин, медицинин, дешан). Акт чекхдолуш хилира студенташ Ӏилманан тӀегӀане бахар а, билгалбевллачу студенташна совгӀаташ далар а. сарахь дукха москохахой университетан пенашка баьхкира йоккхачу иллюминацино.[11]

Москохан университетан 100 шо кхачар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Москохан университетан бӀе шо кхачаран юбилей язйира 1855 шеран 12—16 январехь. Ӏида дуьххьара даздира Татьянин дийнахь, цуо студенташа хӀора шарахь даздаран ламастан юьхьиг йиллира. Юбилей кечам бира масех шарахь. Москохахь юбилей язъяран бакъо елира 1849 шарахь, ткъа 1851 шарахь императоро Николай I-гӀачо къобал йира шен халкъан серлонан министро хьалха йиллина даздаран программа. Программин юкъайогӀура цхьа могӀа юбилейн арахецар зорбане кечъяр, университетан цӀийнан килсан даздаран дуӀа, даздаран гулам, цунна чохь маршаллин адресаш а, декъала барш а. Ректор вистхилар, цхьа могӀа Ӏилманан докладаш, курс чекхъяьккхинчу студенташна дипломаш далар, даздаран банкет программин юкъахь яра.

Хьажа кхин а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Еремишин О. Афоризмы. Золотой фонд мудрости. — М.: Просвещение, 2006.
  2. Энциклопедический словарь братьев А. и И. Гранат, 1910, с. 374.
  3. Университетская идея впервые реализовалась в России в 1725 году в лице учреждённого в Петербурге Академического университета. Но первый образец классической для России университетской формы явил основанный в 1755 году Московский университет (Чесноков В. И. Некоторые актуальные вопросы истории дореволюционных российских университетов // Российские университеты в XVIII—XX веках: Сб. науч. статей: вып. 6. — Воронеж: Издательство Воронежского государственного университета, 2002. — С. 141—146. — ISBN 5-7455-1236-9.)
  4. Была даже выпущена «Медаль на основание Московского университета» с указанием 1754 года.
  5. 1 2 Московский университетъ // Ф.А.Брокгаузъ (Лейпцигъ) и И.А.Ефронъ (С.-Петербургъ) Энциклопедический словарь. — С.-Петербургъ: Типографія Акц. Общ. Брокгаузъ-Ефронъ, Прачешный пер., № 6., 1902. — Т. 39. — С. 1—4.
  6. Указ Императрицы Елизаветы Объ учрежденіи Московскаго Университета и двухъ Гимназій.{{{4}}} [[12.1.1755 {{{2}}}|(12.1.1755) {{{2}}}]] года
  7. К 25-летию ФФМ МГУ, 2017, с. 5.
  8. Белявский, с. 107.
  9. Белявский, с. 109
  10. Сердюцкая О. В. Московский университет второй половины XVIII в. как государственное учреждение. Преподавательская служба. — М.: Спутник, 2011.
  11. 1 2 3 Императорский Московский университет, 2010, с. 866.

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]