Императоран Харьковн университет

49°59′19″ къ. ш. 36°13′46″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Императоран Харьковн университет
сурт
Кхоьллина шо 24 январехь (5 февралехь1803 - йиллар
17 (29) январехь 1805 - еллар
Хийцам бина шо 1917
Тайпа Императоран университет
Лаьтта меттиг Харьков
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Импера́торан Ха́рьковн униве́рситет (1805—1917) — Российн империн императоран университетех шийттаннах цхьаъ.

Университетан истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Харьковн университет, меттигера йукъараллин боламца йиллина, Российн дукха йоцу лакхара дешаран меттигех цхьаъ ю.

В. Н. Каразин

Университет йилларан ойла кхоллаелира Каразин Василий Назаровичан, оцу хенахь иза вара Халкъан серлонан министраллин цхьаьна комитетан гӀуллакхийн урхалча. 1802 шарахь и ойла цуо император Александр I-чуьнца хиллачу шен къамелехь дӀахаийтира, иза юьззина къобал а йира. Харьковхь оцу ойлана иштта агӀо лецира йукъаралло а; 1802 шеран 30 майхь Харьковхь императоран баркала ала а, университетах дерг дийца а гулбелира элий; Каразина дӀайийшира шен хин йолу университетан хӀоттаман проект. Цуьнан ойланца университет хила ца еза «немцойн кепара йина ишкол, ткъа дерриг чулоцу доьшийла хила еза», шена чуйогӀуш цхьаьнатоьхна тайп-тайпана академеш (Ӏилманийн, говзаллин, инженерийн, синмехаллин), университет, лахара говзаллин ишколаш. Сацам бира эланашна а, совдегархошна а йукъахь ахча вовшахтоха. Эскархойн бахархоша университет ян дитира 130 сов гектар латта. Ахча вовшахтухуш дакъа лецира Харьковн губернера кхечу гӀаланаша а, ткъа кхин а лулара губернешкара эланаша а. 1803 шеран 24 январехь Петарбухехь делира Харьковхь университет йилла Лакхара пурба, Ӏуналча хӀоттийра граф С. О. Потоцкий. Дерриг бахаман гӀуллакхаш тӀедехкира В. Н. Каразинна а, профессор И. Ф. Тимковскийна а. 1805 шо долалуш хаьржира дуьххьарлера хьехархой, цаьрга кхайкхинера Потоцкийс коьртаниг дозанал арахьара, тӀаккха 17 (29) январехь 1805 шарахь даздарца дӀайиллира университет.

Керла университет йиллира 1804 шеран уставца, цуьнан дара диъ дакъа:

  • дешан Ӏилманийн
  • оьздангаллин-гӀиллакхан а, политикин Ӏилманийн
  • физикин а, математикин а Ӏилманийн
  • лоьрийн а, медицинин а Ӏилманийн (деша лууш стаг ца хиларна дӀа ца йиллира 1811 шарахь бен)

Университетехь лерина яра 25 кафедра. Университет дӀайоьллуш, уставца хила беза нисса ах барам профессораш бацара: университетан хьалхара 57 студент деша волавелира 25 хьехархойн куьйгаллица: 9 профессор, 11 адъюнкт, цхьаъ лектор, виъ говзаллийн хьехархо. Хьалхарчу итт шарахь 47 университетан хьехархочух 29 кхечу махкара вара (царех 18 немцойх, 4 французех, 7 славянех), 18 бен вацара оьрсех ваьлла. Церан ладаме декъо хьоьхура немцойн а, латинан а меттанашкахь. Царна йукъахь уггаре гӀарабевлларш бара Роммель а, Шад а, ткъа иштта химик Ф. И. Гизе, анатом Л. О. Ванноти, ветеринар Ф. В. Пильгер. Славянех бевлла профессорех шен тӀе тидам бохуьйтура А. И. Стойковича. Оьрсийн профессорех боккха Ӏилманан ницкъ бара: И. Ф. Тимковский, И. С. Рижский, Т. Ф. Осиповский.

Университетан хьалхарчу шерашкахь Университетан кхеташонан дезара профессораш лехчи а ца Ӏаш, студенташ а леха безара, оцу хенахь уьш чӀогӀа кӀезиг бара. Бахьна — яцара кечаман дешаран меттигаш. Коьрта къаьмнийн доьшийлаша ца лора шайн дешархошна оцу хенахь университетан Ӏилманна оьшу классикин дешар. Кечбина ладогӀархой университетан бала таро яцара Харьковн коллегиуман а, Белгородан семинарин а бен, царех хӀазнин чоьтах болу студенташ, 33 семинарихо, дӀаийцира Синодан пурбанца. Элий йукъабало Ӏуьналчин дийзира губернаторега гӀо деха. Совдегархошна а, мещанашна а университете хӀитта оьшура церан йукъараллегара мукъа бахаран тешалла хилчи, ткъа иза даккха чӀогӀа хала дара. Ясакх луш болчарна университете хӀитта кхин а хала дара, кхин тӀе ша университетехь волуш, Халкъан серлонан министро кхеторца, уьш студенташ ца лорура, ткъа олура царех паргӀата ладогӀархой. 1805 шарахь университетехь деша лира кхин а 41 стаганна, экзаменаш дӀаеллачул тӀаьхьа царех 24 бен дӀа ца ийцира. Иштта берриш дӀаэцнарш бара 57 студент. ДӀайиллира кечаман класс а, иза лаьттира масех шарахь; юьхьанца дӀахӀоттаран экзаменашна кечам бечарна, цул тӀаьхьа университете керла дӀахӀиттинчу студенташна.

Императоран Харьковн университетан ректорш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажа кхин[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Харьковский университет // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Андреев А. Ю. Российские университеты XVIII — первой половины XIX века в контексте университетской истории Европы
  • Петров Ф. А. Формирование системы университетского образования в России. Т.1. Российские университеты и Устав 1804 года. — М., 2002; Т.2. Становление системы университетского образования в первые десятилетия XIX в. — М., 2002; Т.3. Университетская профессура и подготовка Устава 1835 года. — М., 2003; Т.4. Российские университеты и люди 1840-х годов. Ч.1. Профессура. Ч.2. Студенчество. — М., 2003.
  • Российские университеты в XVII—XX веках. — Воронеж, 1998 — Вып.3, 1998 — Вып.5, 2000. Вып.5.
  • Эймонтова Р. Г. Русские университеты на грани двух эпох. — М., 1985.
  • Соловьевъ И. М. Русскіе университеты въ ихъ уставахъ и воспоминаніяхъ современниковъ.. — С.-Петербургъ: Книгоиздательство типо-литографіи "Энергія", 1913.
  • Багалей Д. И., Сумцов Н. Ф., Бузескул В. П. Краткий очерк истории Харьковского университета за первые сто лет его существования. Харьков, 1906
  • Багалей Д. И. Опыт истории Харьковского университета. В 2-х т. — 1904 (Том 1: 1802—1815; Том 2: 1815—1835)
  • Краткий очерк истории Харьковского университета в царствование императора Александра III. — Харьков, 1890
  • Сухомлинов М. И. Русские университеты, учрежденные в начале царствования имп. Александра I. — Спб., 1865.
  • Фойгт Ист.-стат. зап. об Императорском Харьковском университете и его заведениях до 1859 г. — Харьков, 1859

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]