Зубайраев, Яраги Магомадович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Italian traffic signs - icona teatro.svg
Яраги Магомадович Зубайраев
Вина терахь

1917 шеран 22 октябрь({{padleft:1917|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:22|2|0}})

Вина меттиг

[[]]

Кхелхина терахь

1980 шеран 18 сентябрь({{padleft:1980|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:18|2|0}}) (62 шо)

Кхелхина меттиг:

Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР

Корматалла:

актёр, режиссёр

Гражданалла:

ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС

СовгӀаташ:
Images.png Арахьара суьрташ
Image-silk.png Яраги Зубайраев
Image-silk.png «Даймохк» цӀе йолу Яраги Зубайраев дакъа лаьцна фильман афиша

Зубайра́ев, Яра́ги Магома́дович (1917 шеран 22 октябрь — 1980 шеран 18 сентябрь, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн актёр, Х. Нурадилован цӀарах йолу Нохчийн пачхьалкхан драматически театран коьрта артист, РСФСР театран гӀуллакхойн союзан декъашхо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Халкъан артист (1943), РСФСР Сийлахь артист(1960)[1], РСФСР Халкъан артист (1978).

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Иза винера 1917 шеран 22 октябрехь къен ахархойн доьзаллехь. Школа чекхъяккхича иза хилира кооперативни техникуман студент.

1933 шарахь Абдурахман Авторхановс иза театре валира. Авторханов вара Нохчийн драман театр кхоьллинарг а, цуьнан хьалха куьйгалхо. Зубайраев волавелира Нохчийн театран студехь деша.

1934 шарахь Нохчийн а, ГӀалгӀайн автономин областеш вовшахтуьхуьра. Керла кхоьллина йолу Нохч-ГӀайлгӀайн автономин областен куьйгалхош дехар дира Гуьржин куьйгалхошка нохчийн театр кхуллуш гӀоде аьлла. Соьлжа-ГӀала ваитира режиссёр Арчил Чхартишвили. Цул совнахь, къона нохчийн артистийн тоба яхийтира деша Шота Руставели цӀе йолу Гуьржийн пачхьалкхан театре. Зубайраеван хьехархой бара Сандро Ахметели, Акакий Хорава, Акакий Васадзе.

19361944 шерашкахь иза вара Нохч-ГӀалгӀайн театран артист. 1938 шарахь Саид Бадуев Ӏедало чувоьллира. Цуьнан произведениш яра Нохч-ГӀалгӀайн театран репертуарехь. Иза чувоьллинчул тӀехь цуьнан произведениш гайтар магитина дацар. Эхашарахь театран болх сецна лаьттира. ТӀаьххьаре керла репертуар йира театрас. Оцу репертуарехь яра Нурди Музаевс кхоьллина «Асет» цӀе йолу пьеса а, Константин Тренёвс язйина «Любовь Яровая» а, Александр Афиногеновс кхоьллина «Де хьалха» цӀе йолу пьеса а, кхиераш а. 1940 шарахь цхьаболу нохчийн артисташна а, режиссёрашна а елира Нохч-ГӀалгӀайн АССР Сийлахь артистан цӀе.

1941 шеран 22 июнехь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болабелира. Оцу динахь Нохч-ГӀалгӀайн театр Веданахь яра гастролешкахь. ТӀом болабелли хиъча дукха актёраш шайн лаамехь тӀамтӀе бахара. Театран массо а спектаклехь дакъа лацуш хиларна бахьнехь Зубайраев тӀом бан ца вахийтира.

ТӀеман хьалхара деношкахь театрехь кхоьллира фронтехь болх бан концертан бригада. Оцу бригадан декъшхой елира 900 сов концерт а, спектакль а. ЯрагӀис оцу болхахь доккха дакъа лоцура. Дукха хьолехь салташна гойтура «Олеко Дундич» а, «Адин Сурхо» а спектаклеш. Кест-кеста и концерташ буьйсана юккъехь хуьлура беттан серлонехь — буьйсанна цӀе лато йиш яцара.

«

Массо а «тӀом» гойта сценаш ловзуш яра эскаран говраш тӀехь. Иштта спектаклеш чӀогӀа хаза хуьлура. Амма цкъаццӀа дагахь доцу хӀумнаш хуьлура. «Адин Сурхо» спектакль йодуш хенахь турпалс шен лачкъина нускал Ӏелегара схьа а йоккхи говрара охьа а ца вуссуш шен накъосте дӀакховдайо. Амма оцу меттехь говра дуьхьала елира, накъостега нускал керахь саца ца делира. Цхьана хӀумнах шек а ялла говра ша леттачахь сецира. Оцу сохьтехь ЯрагӀис нускал говран когаш къелара катоьхна схьадеккхира. Хьовсархошна хилларг иштта хила деза моьттира. Иштта говза и роль ЯрагӀига бен ловзалура яцар.

»

— яздира 1985 шеран 19 маехь араделла «Грозненский рабочий» газетехь «Сирла бутт болуш хилла спектаклеш» цӀе йолу статьях РСФСР Сийлахь актрисас Тамара Алиевас.

Зубайраев аьлла театрс ахча гулдира танк эцархьам. Оцу танкан Нохч-ГӀалгӀайн театран цӀе тиллира.

1943 шеран 30 июнехь Нохч-ГӀалгӀайн АССР Лакхара Советан Президиуман Председатель Ю. Тамбиевс Сийлахь-Боккха тӀеман хенахь ЦӀен Эскаран дакъош дика леладаран ЯрагӀи Зубайраеван Нохч-ГӀалгӀайн АССР Халкъан артистан цӀе елира.

Ханпаша Нурадилов Советски Союзан турпала хилча цуьнан цӀе Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан драматически театран тиллира.

1944 шеран 22 февралехь театрехь йодуш яра суьйренна спектакль «Адин Сурхо». Амма спектакль сацира цига бехкина НКВД белхалойш. Цара хаитира нохчий цӀера бахар. ЦӀера дехначу хенахь 1944-1946 шерашкахь Зубайраев вара Къилбера Казахстанан оьрсийн театрехь болх беш. ЦӀера бохучу хенахь цуьна зуда яйнера. Иза шен карацайича цо шозлугӀа зуда ялайира.

1957 шарахь нохчий цӀабиризинчул тӀехь иза шен театре схьавеара. МеттахӀоттин театран хьалхара спектакль яра Халид Ошаевс язйина «Асланбек Шерипов». Театрехь цӀера дахале хьалха хилла репертуар меттахӀоттош болх бара дӀабоьдуш. Иштта керла спектаклеш а яра кечъяш.

1960-гӀа шераш театрехь чӀогӀа беркате хилира. Актёраш бара шеш цӀера бехна хан меттахӀотто гӀерташ санна болх беш. Кест-кеста театрехь премьераш хуьлура. Оьрсийн классика яра кхоьчу пачхьалкхан классикица хийцалуш. Иштта Къилбаседа Кавказан къамнийн драматурги а яра репертуарехь. Массо а спектаклехь дакъа лоцуш вара ЯрагӀи Зубайраев. Цуьнга ловзалора муьлха а роль — комеди а, дуьненна а боьвзуш болу авторийн трагедишкахь коьрта ролеш а. Цо дакъа лоцура дукха авторийн спектакльшкахь. Шекспир, Гольдони, Мольер, Корнель, Шиллер — иза бу буьззина боцу Зубайраевс дакъа лецна спектаклийн авторийн могӀам.

Цо шен Вина терахь даздора 7 ноябрехь. Парад чекхъялчул тӀаьхьа цуьнан массо а доттагӀа ЯрагӀин цӀа воьдара. Цунна еллара ши чоь йолу квартира Соьлжа-ГӀалин юккъехь. Амма цу чохь иза веха ца вехир. Иза велира 1980 шеран 18 сентябрехь . Цо левзира театрехь 200 сов роль, царна юккъехь ерриг нохчийн классика, шортта ролеш дуьненан литературан классикехь а, шортта таханлера литературан произведенешца хӀоттийна спектаклешкахь.

Самукъане хилларш[нисъе | нисъе чухулара]

1933 шарахь Іалхан-ГІалахь хилира цӀен партизанийн республикан конференци. Конференци чекхйолуш хенахь нохчийн театрас гайтира Саид Бадуевс язйина «ЦӀен гӀап» цӀе йолу спектакль. Спектакль дӀайодуш хенахь кӀайн эскарас цхьана хенан толам боккхуш нислора. Къестина къиза вара цхьа къайн эскаран эпсар. И роль ловзуш Зубайраев вара. Театрехь хилла волу цкъа а хьалха театр ца гина воккха партизан, сценехь дӀабоьдуш болу тӀом боккъула боьду моьттуш, герз даьтта волавелира. Цо кхиссина герзас цхьа а ца лазавеш дӀадирзира иза. Администрацин дизира спектакль саца а йина нах кхетаба, сценин тӀехь болу тӀом боккъула тӀом боций[2]. И хӀума дуьйцуш Идрис Базоркинс яздира «Мажар тапча» цӀе йолу дийцар[3].

Ролеш[нисъе | нисъе чухулара]

  • Абубешар («Бож-Ӏела», Абдула Хамидован пьеса);
  • Апти («Цхьана юртехь», режиссёр Г. Батукаев);
  • Али («Асет», режиссёраш М. Минаева, Л. Горькая, Расул Гамзатовс язйина «Ламанхо» поэмица йина спектакль);
  • Байтемир Кулов («Сан цӀен касенка тиллина талл», Чингиз Айтматов, режиссёр П. Харлип);
  • Ваша («Шторм», Владимир Билль-Белоцерковский);
  • Будённый («Олеко Дундич», автораш Кац а, Ржешевский а);
  • Вахушти («Майра Кикила», Нахуцришвили а, Гамрекели а);
  • Висангирей («Безаман некъаш», режиссёр Н. Децик, Идрис Базоркинан сценарий);
  • Кочкарев («Зуда ялор», Николай Гоголь);
  • Максим Максимыч («Бэла», Михаил Лермонтов);
  • Молла («ПетӀмат», Саид Бадуев);
  • Молла («Бешто»)
  • Молла («Мекхаш долу Мирза», Музаев, Вайнштейн);
  • Сганарель («Ца лууш хилла лор», Мольер);
  • ГӀезало («Бухахь», Максим Горький);
  • Тиссаферн («Герострат вицве!]]», Григорий Горин, режиссёр Мималт Солцаев);
  • Умалт («Совдат а, Дауд а», Хамидов);
  • «Софин эшар» (Хубецов а, Хугаев а; Зубайраев вара спектаклин режиссёр 1959).

Спектаклеш[нисъе | нисъе чухулара]

  • «Анзор» (Сандро Шаншиашвили);
  • «Дашо хӀорд»;
  • «ЦӀен гӀап» (Саид Бадуев);
  • «Цаэбас зудаялор»;
  • «ЖаӀун доьзалла»;
  • «Дай баьхна латта» (Саид Бадуев);
  • «Любовь Яровая» (Константин Тренёв);
  • «Платон Кречет» (Александр Корнейчук);
  • «Де хьалха» (Александр Афиногенов);
  • «Сурхо, Адин кӀант» (М.-С. Гадаев, Г. Батукаев);
  • «Хьуьнаре нах» (Василий Шукшин, режиссёр Руслан Хакишев)
  • «Къийсам дӀабоьду» (Исламов).

Фильмографи[нисъе | нисъе чухулара]

  • Дай баьхна латта (1966)

Доьзалла[нисъе | нисъе чухулара]

Зубайраеван хьалхара зуда яра РСФСР Сийлахь артистка Тамара Алиева. ШозлугӀа — Зубайраева Зинаида. Яраги Зубайраеван бераш дацар.

ЦӀераш[нисъе | нисъе чухулара]

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

Оьрсийн маттахь
  • Базоркин И. М. Кремнёвый пистолет. — Грозный: Чечинггосиздат, 1940.
  • Малика Абалаева Он был востребованным актёром // Вести республики : газета. — 2011. — № 23 декабря. — С. 3.
  • Хеди Берсанукаева Он посвятил себя театру без остатка // Вести республики : газета. — 2007. — № 161. — С. 7.
  • Аза Газиева Король чеченской сцены // Вести республики : газета. — 2012. — № 202(1885). — С. 3.
Нохчийн маттахь
  • Аза Газиева Театран исторехь йовр йоцу цIе (чеченский) // Даймохк : газета. — 2012. — № 117. — С. 3.
  • Зубайраев ЯрагIи (чеченский) // Даймохк : газета. — 2011. — № 22 ноября.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Театральная энциклопедия. Гл. ред. П. А. Марков. Т. 2 — М.: Советская энциклопедия, 1963, 1216 стб. с илл., 14 л. илл.
  2. Король чеченской сцены
  3. Идрис Базоркин. Кремневый пистолет. Рассказ. Грозный, Чечинггосиздат, 1940

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]