Зозуля, Георгий Петрович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Зозуля Георгий Петрович
267x400px
Вина терахь 1920 шеран 5 февраль({{padleft:1920|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:5|2|0}})
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала
Кхелхина терахь 1954 шеран 5 январь({{padleft:1954|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:5|2|0}}) (33 шо)
Кхелхина меттиг: Краснодар
Пачхьалкх ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС
Эскаран тайпа авиаци
Дарж Советийн гварди ССРС ТХӀН лейтенант
БӀахойн дакъа 43-гӀа гвардин штурман авиацин полк
Куьйгалхо лакхара пилот
ТӀемаш Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом
СовгӀаташ
Советски Союзан Турпалхо
Ленинан ОрденЦӀен Байракхан орденДаймехкан тӀеман 1-ра даржан орденЦӀен Седан орден
«ТӀеман кхиамийн» мидал
«Кавказ ларъяран» медаль
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь Германи эшаяран» медаль SU Medal 30 Years of the Soviet Army and Navy ribbon.svg

Зозуля Георгий Петрович (19201954) — Советийн Эскаран Гвардин лейтенант, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советийн Союзан Турпалхо (1946).

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Зозуля Георгий вина 1920 шеран 5 февралехь Соьлжа-ГӀалахь. 1938 шарахь чекхъяьккхина ишколан итт класс а, аэроклуб а. 1939 шарахь чекхъяьккхина Гражданийн хӀаваан флотан Балашовн тӀомалеларан ишкол. Оцу шеран октябрехь Зозуля кхайкхира Белхалойн-ахархойн ЦӀиен Эскаран гӀуллакхе. 1941 шарахь цуо чекхъяьккхира Балашовн тӀеман авиацин пилотийн ишкол, 1942 шарахь — Краснодаран цхьаьнатоьхна тӀеман авиацин доьшийла. 1943 шеран февралехь дуьйна Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман фронташкахь ву. Дакъа лаьцна Приморски эскаран юкъахь Къилбаседа-Кавказан фронтера тӀемашкахь, 2-гӀа Белоруссин фронтехь. Кавказ, Кубань, ГӀирма, Белоруссийн ССР, Польша мукъа йохуш, Малхбален Пруссера а, Германера а тӀемашкахь дакъалаьцна[1].

ТӀом чекхболуш гвардин лейтенант Зозуля Георгий вара 2-гӀа Белоруссин фронтан 4-гӀа хӀаваан эскаран 230-гӀа штурман авиадивизин 43-гӀа гвардин штурман авиаполкан лакхара пилот. Оцу хенахь иза 138-за тӀеман гӀуллакхан тӀома велира талламе а, мостагӀчун гулъелла тӀеман техникан а, дийначу ницкъашна а, объекташна а штурм ян[1].

ССРС Лакхара Советан Президиуман омарца 1946 шеран 15 майхь «немцойн тӀелатархошца хиллачу тӀемашкахь майралла а, доьналла а гайтарна» гвардин лейтенант Зозуля Георгийн елла лакхара цӀе Советийн Союзан Турпалхо Ленинан Орден а, лоьмар 2871 йолу «Дешийн Седа» мидал а луш[1].

ТӀом чекхбаьлча Зозуля гӀуллакхехь вара Байкардехьа. 1950 шеран декабрехь иза эскарера мукъаваьккхира. Вехира Краснодарехь. ЦӀеххьана велира 1954 шеран 5 январехь, дӀавоьллина Краснодарехь Всесвятски кешнашкахь[1].

СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

СовгӀат дира кхин а ЦӀен Байракхан, Даймехкан тӀеман 1-ра тӀегӀан, ЦӀен Седан орденашца, цхьа могӀа мидалшца[1].

Иэс[нисъе бӀаьра | нисъе]

Зозулин цӀарах ураман цӀе тиллина Соьлжа-ГӀалахь[1].

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382
  • Золотые Звёзды Чечено-Ингушетии. — Грозный: Чечено-Ингушское кн.изд., 1985.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]