Зозуля, Георгий Петрович
Зозуля Георгий Петрович | |
---|---|
Вина терахь | 1920 шеран 5 февраль |
Вина меттиг | Соьлжа-ГӀала |
Кхелхина терахь | 1954 шеран 5 январь (33 шо) |
Кхелхина меттиг | Краснодар |
Пачхьалкх |
![]() |
Эскаран тайпа | авиаци |
Дарж |
![]() ![]() |
БӀахойн дакъа | 43-гӀа гвардин штурман авиацин полк |
Куьйгалхо | лакхара пилот |
ТӀемаш | Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом |
СовгӀаташ |
Зозуля Георгий Петрович (1920—1954) — Советийн Эскаран Гвардин лейтенант, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советийн Союзан Турпалхо (1946).
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Зозуля Георгий вина 1920 шеран 5 февралехь Соьлжа-ГӀалахь. 1938 шарахь чекхйаьккхина ишколан итт класс а, аэроклуб а. 1939 шарахь чекхйаьккхина Гражданийн хӀаваан флотан Балашовн тӀомалеларан ишкол. Оцу шеран октябрехь Зозуля кхайкхира Белхалойн-ахархойн ЦӀиен Эскаран гӀуллакхе. 1941 шарахь цуо чекхйаьккхира Балашовн тӀеман авиацин пилотийн ишкол, 1942 шарахь — Краснодаран цхьаьнатоьхна тӀеман авиацин доьшийла. 1943 шеран февралехь дуьйна Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман фронташкахь ву. Дакъа лаьцна Приморски эскаран йукъахь Къилбаседа-Кавказан фронтера тӀемашкахь, 2-гӀа Белоруссин фронтехь. Кавказ, Кубань, ГӀирма, Белоруссийн ССР, Польша мукъа йохуш, Малхбален Пруссера а, Германера а тӀемашкахь дакъалаьцна[1].
ТӀом чекхболуш гвардин лейтенант Зозуля Георгий вара 2-гӀа Белоруссин фронтан 4-гӀа хӀаваан эскаран 230-гӀа штурман авиадивизин 43-гӀа гвардин штурман авиаполкан лакхара пилот. Оцу хенахь иза 138-за тӀеман гӀуллакхан тӀома велира талламе а, мостагӀчун гулъелла тӀеман техникин а, дийначу ницкъашна а, объекташна а штурм ян[1].
ССРС Лакхара Советан Президиуман омарца 1946 шеран 15 майхь «немцойн тӀелатархошца хиллачу тӀемашкахь майралла а, доьналла а гайтарна» гвардин лейтенант Зозуля Георгийн йелла лакхара цӀе Советийн Союзан Турпалхо Ленинан Орден а, лоьмар 2871 йолу «Дешийн Седа» мидал а луш[1].
ТӀом чекхбаьлча Зозуля гӀуллакхехь вара Байкардехьа. 1950 шеран декабрехь иза эскарера мукъаваьккхира. Вехира Краснодарехь. ЦӀеххьана велира 1954 шеран 5 январехь, дӀавоьллина Краснодарехь Всесвятски кешнашкахь[1].
СовгӀаташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]СовгӀат дира кхин а ЦӀен Байракхан, Даймехкан тӀеман 1-ра тӀегӀан, ЦӀен Седан орденашца, цхьа могӀа мидалшца[1].
Иэс
[бӀаьра нисйан | нисйан]Зозулин цӀарах ураман цӀе тиллина Соьлжа-ГӀалахь[1].
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
- Золотые Звёзды Чечено-Ингушетии. — Грозный: Чечено-Ингушское кн.изд., 1985.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 3 4 5 6
Зозуля, Георгий Петрович . Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».
- Адамаш абатца
- Бинарш 5 февралехь
- Бинарш 1920 шарахь
- Бинарш Соьлжа-ГӀалахь
- Белларш 5 январехь
- Белларш 1954 шарахь
- Белларш Краснодарехь
- Советийн гварди
- Авиацин лейтенанташ (ССРС)
- Советски Союзан Турпалхой
- Ленинан орден йелларш
- ЦӀен Байракхан орден йелларш
- Даймехкан тӀеман 1-ра даржан орденан кавалераш
- ЦӀен Седан орден йелларш
- «ТӀеман кхиамийн» мидал йелларш
- «Кавказ ларйаран» мидал йелларш
- «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь Германи эшайаран» мидал йелларш
- Балашовн лакхара тӀеман авиацин пилотийн доьшийлехь дешнарш
- Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман пилоташ
- Днепр къовсу тӀеман декъашхой
- Могилёв мукъайаккхаран декъашхой
- Всесвятски кешнашкахь дӀабоьхкинарш (Краснодар)