Дуьххьарлера йукъаралла
Дуьххьарлера йукъаралла (кхин а исторел хьалхара йукъалалла, исторел хьалхара мур) — йоза дагадалле адамаллин историн мур, оцу муьрал тӀехьа таро хуьлу историн талламан, цуьнан бух бу йозанан хьосташ Ӏаморехь. Термин исторел хьалхара йукъадаьлла XIX бӀешарахь. Шуьйрачу маьӀнехь дешнаш «исторел хьалхара» леладо муьлхачу муьранна йоза йукъадаккхале йолчу, йолайелла Дуьне кхоьллинчу хенахь, амма готтачу маьӀнехь — адаман хьалхалера исторел хьалхарчун. Контекстехь хоуьйту, муьлха «исторел хьалхара» мур бу буьйцург, масала, «исторел хьалхара миоценера маймалаш» (23—5,5 млн шо хьалха) йа «йуккъера палеолитан Homo sapiens» (300—30 эз. шо хьалха). ХӀунда аьлча, билгаладаккхарца, оцу муьрехь лаьцна цуьнан заманхоша дитина йозанан хьосташ дац, цунах лаьцна хаамаш болу, хӀокху Ӏилманашна тӀетевжиш, масала, археологи, этнологи, палеонтологи, биологи, геологи, антропологи, археоастрономи, палинологи, археогенетика.
Йоза тайп-тайпана къаьмнийн тайп-тайпанчу хенахь йукъадаьллан дела, дукха оьздангаллашна термин исторел хьалхара ца лелайо, йа цуьнан маьӀна а, хенан дозанаш а цхьаьна ца догӀу адамаллийца дийнна. Масала, Колумбал хьалхара Америкин муьраш хӀиттадар ца догӀу муьрашца Евразин а, Африкин а[* 1].
Хаамаша исторел хьалхарчу заманах наггахь бен ца хькхалахь, даиман ца алахь а этносех лаьцна хӀумма а, коьрта социалан дакъа адамаллин исторел хьалхарчу муьран йу археологин оьздангалла. Массо терминаш а, муьран периодизаци а, масала: борзанан йа аьчкан оьмар, йу ретроспективан, ладаме тегӀанехь, билламан, ткъа церан билгала билгало йийцайаккхаран предмет йу.
Терминологи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хийцархьама термин дуьххарлера хӀоттам, цуо амал гойту Ӏедал хӀоттале йукъараллин хӀоттаман, цхьацца историкаша лелайо терминаш «акх», «анархи», «дуьххьарлера коммунизм», «цивилизацел хьалхара мур», кхин дерг а. Российн литературех и терминаш йукъа ца йахайелла.
Марксизмехь лелайо термин дуьххьарлера хӀоттам, цуо билгалайоккху уггаре хьалхара йукъараллин-экономикин формаци. Ламаста историкийн, марксистийн, марксисташ боцучеран а массо йукъараллин декъашхойн оцу хенахь цхатерра йукъаметтигаш хила йеза арахецараллин гӀирсашца, хьесап хила деза йукъараллин сурсатан дакъа долуш, цунах олу «дуьххьарлера коммунизм», иза йара массарна а цхьаъ.
Классикин боцучу историкаш бен дӀа ца тоьтту йукъараллаш а, дуьххьарлера йукъараллин хӀоттам а, вовшешца йолу уьйр, Ӏедал тера хилар[1][2].
Кхин дӀа хиллачу йукъараллин кхиаран муьрашна дуьххьарлера йукъараллин хӀоттам къаьста долара бахам, классаш, пачхьалкх ца хиларца. Таханлера дуьххьарлера йукъаралла таллар нео-историкашна хетарехь (цара къобал ца до ламаста долу адамаллин йукъараллин кхиаран муьраш бар), къобал ца до цунах тера дуьххьарайукъараллин хӀоттам, и йукъалла хилар а, дуьххьарлерайукараллин хӀоттамехь йукъараллин долара бахам хилар, кхин дӀа, цигара схьа ца хилча санна дуьххьарлерайукъараллин хӀоттам — ца хилар йукъараллин йуьртабахаман латта долахь хилар XVIII бӀешо чекхдаллалц дукхаха йолу дуьненан пачхьалкхашкахь, царна йукъахь Росси а, лаххара а неолитехь дуьйна[1].
Дуьххьарлера йукъаралла кхиаран муьраш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Тайп-тайпана хенахь кховдадора тайп-тайпана адамаллин йукъараллин кхиаран муьраш дар. Иштта, А. Фергюсона а, цул тӀаьхьа Моргана а леладора историн муьраш дар, цуо йукъалацара кхо мур: акхалла, жехӀалалла, цивилизаци, цу тӀе хьалхара шиъ Морганас йекънера кхаа тӀегӀане (лахара, йуккъера, лакхара) хӀора. Экхаллин тӀегӀанехь алсама дара таллар, чӀаралацар, лахьор, долара бахам бацара, нийсо йара. ЖехӀалаллин тӀегӀанехь йукъадолу латталелор а, даьхнийлелор а, кхоллало долра бахам, социалан иерархи. КхоалгӀа тегӀа — цивилизаци — йоьзна пачхьалкх, классан йукъаралла, гӀаланаш, йоза кхолларца.
Моргана лорура адаман йукъаралла кхиаран уггаре хьалхара тӀегӀа лахара экхаллин тӀегӀа, иза йолайелла адам къамел дан доладелча, экхаллин йуккъера тӀегӀа цуьнан классификацехь йолало цӀе лелорца а, йуургехь чӀеран сурсат йукъадаьлчхьа, ткъа лакхара тӀегӀа экхаллин — секха-Ӏад йукъадаларца. ЖехӀалаллин лахара тӀегӀа цуьнан классификацехь йолало кхийранан говзалла йолайелча, йуккъера тӀегӀа жехӀалаллин — латалело а, даьхнийлело а буьйлабелчхьа, ткъа жехӀалаллин лакхара тӀегӀа — эчиг лело буьйлабаларца[3].
Уггаре кечйина муьраш бар ду археологин мур бар, цуьнан бух тӀехь лаьтта адамо бина белхан гӀирсаш, церан материалаш, хӀусамийн кеп, дӀабохкарш, и. кх. дӀа. Оцу хьесапца адамаллин истори йекъло хьалхара шира тӀургийн оьмар, йуккъера шира тӀулгийн оьмар, тӀаьхьара шира т/улгийн оьмар, йуккъера тӀулгийн оьмар, керла тӀулгийн оьмар, тӀаьхьара керла тӀулгийн оьмар (массо къаьмнийн йац), йоьзанан оьмар (массо а къаьмнийн йац), борзанан оьмар, аьчкан оьмар.
XX бӀешеран 40-гӀа шерашкахь советийн Ӏилманчаш П. П. Ефименко, М. О. Косвен, А. И. Першиц, кхечара а кховдийра дуьххьарлера йукъараллин муьраш хӀиттабаран система, церан йист йара доларчун кепийн эволюци, къинхьегам бекъаран тӀегӀа, доьзалан йукъаметтиг. Шорйинчу кепара иштта муьраш дар гур ду:
- хьалхара бахаман жен мур;
- тайпанан йукъараллин мур;
- Йукъараллин-тайпанан хӀоттам бохаран мур (даьхнийлелор кхолладалар, готанца латталелор, металл кечдар, вацоран дакъалгаш кхиар, долара бахам хилар — тӀаьхьара мезолит а, неолит а хӀинцалерачу классификацица).
1980-гӀа шерашкахь дукхаха болу Ӏильанчаша къобал дина археологин а, этнографин а муьраш хӀиттабар дуста ц ало аьлла. Иза бахьнехь кхин дӀа йеш йолу этнографин хьалхарабахаман йукъараллин мууьраш хӀиттабар сецира. 1990-гӀа шерашкахь МПУ историн факультетан (лекторш, этнологин кафедрин хьехархой Г. Е. Марков а, А. А. Никишенков а) кхоллайелира материал дӀайаларан кхаадолара схема[4]. Бух тӀеийцира А. И. Першицан муьраш бар, цунна йукъабоьду «хьалхарадуьххьаран бахаман йукъаралла» мур, «хьалхара латталелорхойн тайпанийн йукъараллин» мур, «лулахойн-боккхадоьзалан йукъараллин» мур. Дуьйцу терминийн билламаллица оцу дидактикин системин йу шиъ тоьлуш агӀо. Хьалха, цуо ло таро хьалхара бахаман мур бекъа кхаа шеш болчу муьрашка, хӀора царех башхалла йолуш йу оьздангалла кхиар, социалан структур, эхь-бехкан а, бакъонийн норманаш. ШолгӀа, археологин материалаш иза кхоъ долара атта вовшенца йусту этнографин материалаш йу. Тера теманаш дийцаран, хьалара бахаман тӀе а ца доьхкуш, каро таро йу малхбузен социалан антропологийн къинхьегамашкахь, масала, Салинс Маршалан.
Йерриг муьраш баран системаш ша-кепара кхачаме йац. КӀезиг масалаш дац, палеолитан йа мезолитан кепара тӀулгийн гӀирсаш лелош хилар Генара Малхбален къаьмнаша XVI—XVII бӀешерашкахь, цу тӀе церан тайпанийн йукъаралла а, тайп-тайпана динан кепаш, доьзалаш бу. ХӀинца адамийн хьалхара бахамна муьраш бар чекхболу мезолитехь, оцу хенахь оьздангалла кхуьура цӀеххьана, тайп-тайпана къаьмнийн тайп-тайпана боларца. Лахахь йалийна хӀинца йукъара тӀеэцна археологин коьрта муьрийн муьраш бар. Цуьнца цхьаьна оьздангаллаш, цхьана хенахь хилла йолу, тайп-тайпана кхиаран тӀегӀанехь хила тарло, иза бахьнехь, масала, неолитан оьздангалла лулахь хила тарло халколитанчаьрца йа оьздангаллашца борзанан оьмаран.
Комментареш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ См. месоамериканская хронология, хронология Северной Америки, доколумбова хронология Перу. В качестве источников о доисторических временах культур, до последнего времени лишённых письменности, могут быть устные предания, передававшиеся из поколения в поколение
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 Barnard, Alan. From Mesolithic to Neolithic Mode of Thought // Whittle, A. and Cummings, V. (ed.) Going Over. The Mesolithic-Neolithic Transition in North-West Europe. Proceedings of the British Academy 144, 2007. P. 5-19.
- ↑ Richard B. Lee, 1992. "Demystifying Primitive Communism". In Christine Ward Gailey (ed), Civilization in Crisis. Anthropological Perspectives. Gainesville, Florida: University of Florida Press, pp. 73-94
- ↑ Адамович Т. И. Экономическая история Архивйина 2019-09-06 — Wayback Machine (ТӀе цакхочу хьажорг) Минск: БГУ, 2004. — 75 c. ISBN 985-485-179-6 Ориентация через периодизацию экономической истории
- ↑ Туторский А. В. Взгляды А.А. Никишенкова на «Историю первобытного общества»: большие проблемы для антропологии или антропологические проблемы большой важности? // Исторические исследования. Журнал исторического факультета МГУ имени М.В. Ломоносова. — 2016. — № 22. — С. 111—124.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Алексеев В. П. Становление человечества. — М.: Политиздат, 1984. — 462 с.: ил.
- Алексеев В. П., Першиц А. И. История первобытного общества: Учеб. для вузов по спец. «История». — 3-е. — М.: Высшая школа, 1990. — 352 с.
- Борисковский П. И. Древнейшее прошлое человечества. — М.; Л.: Изд-во АН СССР, 1957. — 224 с.: ил. — (Научно-популярная серия АН СССР).
- Гринин Л. Е. Государство и исторический процесс. Эпоха формирования государства: Общий контекст социальной эволюции при образовании государства. — М.: УРСС, 2007.
- Доисторическая эпоха // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Ефименко П. П. Первобытное общество. Очерки по истории палеолитического времени. — 3-е изд. — Киев: Изд-во АН УССР, 1953. — 664 с.: ил.
- История первобытного общества: Общие вопросы. Проблемы антропосоциогенеза / Ин-т этнографии им. Н. Н. Миклухо-Маклая АН СССР. — М.: Наука, 1983. — 432 с.
- Косвен М. О. Очерки истории первобытной культуры. — 2-е изд., испр. и доп. — М.: Изд-во АН СССР, 1957. — 240 с.: ил.
- Ламберт Давид. Доисторический человек. Кембриджский путеводитель / Пер. с англ. В. З. Махлина. — Л.: Недра, 1991. — 256 с.: ил. — ISBN 5-247-01726-9.
- Нестурх М. Ф. Происхождение человека / Отв. ред. проф. Я. Я. Рогинский. — М.: Изд-во АН СССР, 1958. — 388 с.: ил.
- Первобытная периферия классовых обществ до начала Великих географических открытий: Проблемы исторических контактов / Авт. колл.: С. А. Арутюнов, Д. В. Деопик, Л. Е. Куббель, Е. М. Медведев, А. И. Першиц, В. Г. Савинов, Ю. Б. Симченко, Л. А. Файнберг, А. М. Хазанов, М. А. Членов; Отв. ред.: А. И. Першиц, А. М. Хазанов; Институт этнографии АН СССР им. Н. Н. Миклухо-Маклая. — М.: Наука (ГРВЛ), 1978. — 304 с. — 1850 экз. (в пер.)
- Поршнев Б. Ф. О начале человеческой истории (Проблемы палеопсихологии). — 2-е изд. — М.: Фэри-В, 2006. — 635 с. — ISBN 5-94138-004-6.
- Робертс Эллис. Происхождение человека. Эволюция / Пер. с англ. И. В. Павловой, О. В. Сергеевой. — М.: ООО «АСТ», ОГИЗ, 2012. — 256 с.: ил. — (След в истории). — ISBN 978-5-17-084157-8.
- Семенов Ю. И. На заре человеческой истории. — М.: Мысль, 1989. — 318 с. — ISBN 5-244-00092-6.
- Туторский А. В. Взгляды А.А. Никишенкова на «Историю первобытного общества»: большие проблемы для антропологии или антропологические проблемы большой важности? // Исторические исследования. Журнал исторического факультета МГУ имени М.В. Ломоносова. — 2016. — № 22. — С. 111—124.
Хьажориг
[бӀаьра нисйан | нисйан]- «Переход от первобытного общества к классовому: пути и варианты развития». Часть I Часть II
- Формы общественной воли в доклассовом обществе: табуитет, мораль и обычное право
- Тотемизм, первобытная мифология и первобытная религия
- О методике реконструкции развития первобытного общества по данным этнографии
- Введение во всемирную историю. Выпуск 2. История первобытного общества
- Ефименко П. П. Первобытное общество. Очерки по истории палеолитического времени(ТӀе цакхочу хьажорг) (ТӀе цакхочу хьажорг — истори, копи)
- Лекция «История первобытного общества» Архивйина 2009-12-04 — Wayback Machine
- Периодизация первобытной истории
- [bse.sci-lib.com/article087905.html Статья «Первобытнообщинный строй» в БСЭ]
- Всемирная история. Энциклопедия. Том 1. (1956 год)
- Таблица «Начальная история (до 3000 г. до н. э.)» на сайте «Хронос»
- Первобытная культура