Дерригдуьненан истори

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Дерригдуьненан историадамийн йукъаралла кхиаран процесс, цуьнан амалехь ду дерриг халкъийн исторехь гучудовлу законаш. Дерригдуьненан историн процесс йолало адамийн йукъаралла гучуйаларца, хронологин муьрашка билламехь йекъало йукъара къаьста башхаллашца[1].

Наггахь дерригдуьненан истори термин кхетадо цхьацца мехкийн исторе хьажар санна. Пруссин историографо Леопольд фон Ранкес оцу хьокъехь билгалдоккхура: «Цхьацца къаьмнийн истори алсама йа кӀезиг йуьззина гулйаро хӀоттор йац цхьан а дерригдуьненан истори, хӀунда аьлча цуьнан йовр йара хӀуманийн йукъаметтиг. Иштта йукъаралла хилар, шеко йоцуш ду»[2].

Адамаллин истори кхиар кхочуш до шина хьесапца: гуттаренна дӀаделларш а, карийнарш а тӀекхетаран новкъа, кхин а дика тӀетаӀаран йа революцийн новкъа.

Йуьртабахаман (неолитин) революцис цивилизацеш, охьахевшина йукъараллаш, аьлча а кхерстаран кепара дахарера (даьхнийлелор а, гулдаларалла а) латталелор кхиаре кхачийра. Оцу ширачу цивилизацешкахь йоза даьккхира, цуо таро йира чкъоьрера чкъоьре хаамаш дӀабала. Цуо аьтту бира тайп-тайпана кепара пхьоланаш кхиош, къинхьегам боькъуш, йукъаралла классашка йоькъуш.

Дахар латто хьосташна гуонахьа — хьена Ӏаламо хи дуьллу латтанашна, эркийн а, Ӏаьмнийн а хишна, даьхнашна шорта дежийлашна — гулйелла йолу къаьстина эвланаш — тӀаьхьа интеграци йира алсама баккхийра кхолламашка. Цуьнан иштта аьтту бира транспортан гӀирсаш тобаларо. И шира йукъараллаш кхиаран Ӏаламера процессашца цхьаьна йогӀура луларчу йукъараллийн къийсамашца а, девнашца а. уьш кхуьура эзар шерийн дохаллашкахь, цуо коьллира пачхьалкхаш, цул тӀаьхьа, йаккхий пачхьалкхаш (импереш).

Йуккъера бӀешераш доладелира антикаллин муьран чаккхенгахь Европехь Руман импери йожарца.

XV бӀешеран йуккъехь Гутенберг Иоганна лела литерашца жайнаш зорбатохар йукъадаьккхича, харцам бира коммуникацешкахь, цуо Йуккъера бӀешерашна чекхдовла гӀодира, хаийтира Керла зама, Йухадендалар, Ӏилманан-техникин революци йолайаларех.

XVIII бӀешарахь хаамаш а, технологеш а Европехь критикин массе кхаьчна, цуо денйина промышленностан революци. Ши бӀе ах бӀе шарахь сов Ӏилма, хаарш, технологеш, махлелор, цаьрца догӀу тӀемаш сихлора геометрин прогрессица, кхуллура аьттонан хьелаш а, кхерамаш а, цаьрца тахана а Ӏиттало дуьненна тӀехь йеха адаман йукъаралла.

Хьалхара бахаман йукъаралла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Палеолитан мур[нисйе бӀаьра | нисйе]

Популяцин генетикин митохондрин бух тӀаьхь къаьмнаш хьалха кхалхаран карта. Цамзанаш гойту хенаш шерашкахь.

Таханлера Homo sapiens схьаваьлла Адамах а, Хьавах а, Адам Шри-ланка гӀайрен тӀевоссийна хилла, Хьава Африке йоссийна хила, уьш вовшахкхетта Ӏарп-лам тӀехь, оцу палеолитан муьрехь (желт.-шира. παλαιός — «шира» а, λίθος — «тӀулг» а),

Исторел хьалхара говзаллин хьалхара хьесапаш кхоллайелла оцу муьрехь.

Палеолитан бохаллехь дерриг адамаш таллархой а, лахьорхой а хилла, оцу дахаро кхерста дахаран кеп лелайойтура.

ХӀокху заманан адам сиха даьржина дуьненан горгал тӀехь Ӏарп-лам болчура Европин а, Азин а шех мукъа зонашкахула. Къилбаседа Америкина а, Океанина а сиха экспанси йар ша баран климатан хьелашках алсама тӀаьхьарчу муьрехь, барамера регионаш хилла чӀогӀа гӀуо хьаша тӀеоьцуш. Шенан муьрехь (12 000 гергга шо хьалха) адам охьахиина дуьненан дерриг шех деса мехкашка.

Таллархойн а, лахьорхойн а йукъараллаш хилла чӀогӀа кегийра, тӀаккха а цхьацца меттигашкахь гучуйелира социалан стратификаци, йукъаметтигаш хила тарлора генарчу йукъараллашна йукъахь, Австралин аборигенийн «даккхий некъийн» меттигашкахь санна.

  1. Всемирная история // Советская историческая энциклопедия. — М.: Советская энциклопедия. / Под ред. Е. М. Жукова. — М., 1961—1976.
  2. Всемирная история // Краткая философская энциклопедия. / Под ред. Е. Ф. Губского и Г. Б. Кораблёвой. — М.: Прогресс, 1994.