Чулацаман тӀегӀо

КцӀар

41°25′19″ къ. ш. 48°25′17″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Гусар тӀера хьажжина кхуза)
ГӀала
КцӀар
азерб. Qusar, лаьзг. Кцӏар
Сурт
41°25′19″ къ. ш. 48°25′17″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Азербайджан
КӀошт КцӀаран
Куьйгалхо Q12849449?
Истори а, географи а
Центран локхалла 680 м
Сахьтан аса UTC+4, аьхке UTC+5
Бахархой
Бахархой 18 534[1] стаг (2019)
Къаьмнийн хӀоттам лаьзгий, азербайджанаш
Динан хӀоттам Ислам
Официалан мотт азербайджанийн
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +9942338
Поштан индекс AZ 3800
qusar-ih.gov.az
Картин тӀехь
КцӀар картан тӀехь
КцӀар

Кцӏар (хьалха Кусары́, азерб. Qusar; лаьзг. Кцӏар) — Азербайджанан къилбаседехьара гӀала, КцӀаран кӀоштан административан йукъ. Лаьтта Шахдаг ломан къилбаседа-малхбален басешкахь.

Меттигах йуьхьанца олура «Ксар», тӀаьхьа «КцIар»; Оксфордан дуьненан топонимийн йоцу дошамца, и дош схьадолу лаьзгийн «кас» («стаг») дашах[2].

Ган Карлан (1909) хетарехь, азербайджанийн «Кхусар» цӀе схьайолу гӀажарийн «кюх» — «лам», суффиксах «сар», ткъа «Кюхсар» дашо билгалдоккху «ламанан» боху дош[3].

Кавказан тӀом

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1837—1839 шерашкахь Къубин провинцин махкахь а, ДегӀастанан къилбехахь а коьртехь имам Хьаджи-Мухьаммад Хулухо а, обарг Хилара ЯрӀали[4][5] а болуш гӀовттамаш хилира[6][7].

ГӀовттамийн коьрта бахьна дара лаьзгийн бахархой Къубера, КцӀарера, Худатера жигара арататтар. Схьадаьккхина латта дӀалора схьакхелхинчу оьрсашна а, тӀеман гарнизонашна[8] а.

ГӀаттамехь дакъа лоцуш дара дерриг тайпанаш хӀинцалерачу КцӀаран кӀоштара[9][7], провинцехь берриш гӀевттинарш бара 12000 стаг гергга[10], кхин а дакъа лецира провинцин тӀелетта йолу Къилба ДегӀастанера лаьзгийн тайпанаш[9]. 1839 шарахь гӀовттамхойн йерриг дуьхьало охьатаӀийра.

1820-гӀа шераш дуьйлалуш КцӀарехь йара Ша йолу Кавказан корпусан цхьа долчу дакъойн штаб-квартираш, масала, Абшеронан полкан. Иза харжаран цхьа бахьна хилира, 70 чаккхарма къилбаседехьа ладаме чӀагӀйина меттиг йолу АхцахӀ хилар. АхцахӀан йисташкахь аьхка оьрсийн тобанаш хилар йехачу хенахь ца хилча ца долуш хӀума дара. Самур тӀехь кечдина хилла дехьа-сехьаволийлийн гӀоьнца, эскарш сихха дехьадовлалора оцу эркана. Гонагкаьнд эвла боьду ламанан некъ боцург, до села Аьниг эвла кхаччалц кечбинера шера ворданийн некъ а, цунна тӀаьххье гӀуо некъ — Мурукх эвла, цигахь иза меттиган рельеф бахьнехь ламанан тача хуьлура, иза кхочура Лаза эвла[11].

Иштта, В.А. Поттос билгалдаьккхина:

1822 шо ДегӀастанахь машаре чекхделира, иза бахьнехь Ермоловн аьтту белира цхьацца административан хийцамаш бан. ДегӀастанахь эскаран баьчча а, тӀеман-гуонан хьаькам а барона Вреден меттана хӀоттийра инарла-майор Краббе. Цуьнан урхалла Къубера дехьайаьккхира КцӀаран уллерачу меттиге, цигахь хӀоттийра шайн штаб-квартира Апшеронан полко

[12]

1836 шарахь КцӀарехь хилира М. Ю. Лермонтов (и хаамаш Ӏилман хьосташа бакъ ца до (хьажа: Лермонтовн энциклопеди. М., 1981))., цигахь иза кхийтира Ӏилманчаца-философца Хьаджи Ӏали-эфендица, циггахь цунна хезира гӀараваьллачу илланчера Лаьзги Ахьмадера «Ашик-ГӀарип» дийцар, цул тӀаьхьа цуьнан мукъмашца цуо йазбина «Ашик-кериб» кхоллам. ГӀалахь дисина поэтан мемориалан у тоьхна музей-цӀа, цунна тӀаьхь йаздина Лермонтовн гӀарадевлла могӀанаш:

« Маршалла ду хьоьга, сира Кавказ! Хьан лаьмнашна хира новкъахо вац со. Мел йезара сунна сийлахь Кавказ, Хьан кӀентий а тӀемлойн амалашца[13]. »

Паччахьан заманахь КцӀар 1840 шарахь йиллинчу Къубин уездан йукъахь йара, иза йуьхьанца Каспийн областан административан дакъа дара, ткъа цул тӀаьхьа 1846 шарахь — уезд хиллачу Дербентан, ткъа 1860 шарахь дуьйна — Бакохан губернин.

1844 шарахь дуьйна кхуза хиинера Ширванан гӀашлойн полк, цунах 1864 шарахь хилира Ширванан 84-гӀа гӀашлойн полк. Цуьнан доккхаха долу дакъа аьхка дукха хьолехь хуьлура штаб-квартирин къилбаседехьа, ламанхошна дуьхьала экспедицешкахь[11]. 1848 – 1853 шерашкахь полкан коьрте инарла-майор З. С. Манюкин хӀоьттинчул тӀаьхьа, КцӀарера штаб-квартира чаккхенца тойина йелира; йуьгӀира йаккхий казармаш, полкан килса[14].

1877 шеран апрелехь Нохчийчохь оьрсийн Ӏедална дуьхьала гӀаттам белира, иза дехьабелира ДегӀастане. 12 сентябрехь гӀаттам кхечира Кюрин гуонан лазгашка, уьш 15 сентябрехь Самур дехьа а бевлла Къубин уездан чубахара. Оцу уездан бахархой, цаьрца берта бахана, гӀаттам болийра, хан хаьржира подпоручик Хьасан-бек. Октябрехь гӀаттаман тӀекхийтира АхцахӀхой, цара Самуран хан кхайкхийра милицин капитан волу ГӀеза Ахьмад. АхцахӀхой гӀертара гӀаттаман мохк шорбан, гӀоьртира Къубин уездехьа, тӀелетира КцӀар чӀагӀонна. Схьайаккха кхузза аьтту ца баьлла, гӀовттамхойн цхьа дакъа КцӀаран чӀагӀоне деина карадахара, ткъа коьртехь ГӀеза Ахьмад волу бисинарш йухабевлира[15].

Бахархойн дукхалла
1926[16]1939[17]1959[18]1970[19]1979[20]1989[21]2009[22]
19944329736611 14412 22514 23016 500

Оьздангалла а, дешар а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1998 шарахь КцӀарехь дӀайиллина Пачхьалкхан Лаьзгийн драмин театр[23].

Автобус РАФ-2203 КцӀарехь

ГӀалин чоьхьара масех маршрут йу дийнахь лелаш. ГӀалахь автовокзал йу, цигара автобусаш лела Къубе, Хачмазе, Бакоха, кӀоштахула а.

  • Олимпийн комплекс
  • Латархойн клуб «Кавказ»
  • ПаргӀата кепара охьатохарх латаран А.Наджаровн цӀарах зал.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Azərbaycan Respublikasının Dövlət Statistika Komitəsi: Regions.
  2. Кеп:Cite encyclopedia
  3. Ган К. Ф. Опыт объяснения кавказских географических названий. — Типография канцелярии Наместника его Императорского Величества на Кавказе., 1909. — С. 91.
  4. Куба: апрель-май 1918 г. мусульманские погромы в документах — Солмаз Рустамова-Тогиди — Google Книги
  5. http://xn--80attcj5c.com/49-narodngeroi/amirtagirjal.html Архивйина 2020-02-24 — Wayback Machine
  6. Сумбатзаде, 1961, с. 5.
  7. 1 2 АСЭ, 1979, с. 253.
  8. М. М. Ихилов. Народы лезгинской группы. 197 г. Архивйина 2015-04-02 — Wayback Machine
  9. 1 2 Сумбатзаде, 1961, с. 72.
  10. Сумбатзаде, 1961, с. 76.
  11. 1 2 Королёв, 1999, с. 24.
  12. Потта В.А. Кавказская война. Том 2. Ермоловское время
  13. Кусары 60. — Баку: Коммунист, 1990. — С. 7. — 48 с.
  14. Королёв, 1999, с. 25.
  15. Рамазанов Х. Х., Шихсаидов А. Р. Очерки истории Южного Дагестана. — Махачкала: Дагестанский филиал Академии наук СССР, 1964. — С. 244—245.
  16. Перепись населения СССР 1926 года
  17. перепись населения СССР 1939 года
  18. перепись населения СССР 1959 года
  19. перепись населения СССР 1970 года
  20. перепись населения СССР 1979 года
  21. перепись населения СССР 1989 года
  22. http://www.azstat.org/region/az/007_4.xls
  23. Расим МУСАБЕКОВ. Становление независимого азербайджанского государства и этнические меньшинства. sakharov-center.ru. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 3 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 2 мартехь Архивйина 2012-03-02 — Wayback Machine

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]