Гешаев, Муса Баутдинович
Гешаев Муса Баутдинович | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | поэт, йаздархо |
Вина терахь | 1940 шеран 20 август |
Вина меттиг | Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР |
Кхелхина терахь | 2014 шеран 7 март (73 шо) |
Кхелхина меттиг | Москва, Росси |
Корматалла | йаздархо, поэт, литературин критик, историк, публицист |
Гражданалла | ССРС → Росси |
Муса Баутдинович Гешаев (1940 шеран 20 август, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР — 2014 шеран 7 март, Москва) — нохчийн йаздархо, поэт, литературин критик, культурин гӀуллакххо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Сийлахь исбаьхьаллин гӀуллакххо, Нохчийн Республикин Ӏилманийн Академин академик, Российн йаздархойн бертан декъашхо.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Муса Гешаев вина Соьлжа-ГӀалахь 1940 шеран 20 августехь. 1944 шеран 23 февралехь нохчий цӀера бехира. Цуьнан жималла чекхъели Кхазакхстанан Жамбилан областехь.
1965 шарахь цо чекхйаьккхира Театран, музыкин, кинематографин Ленинградски пачхьалкхан институт. Иза чекхйаьккхича иза Соьлжа-ГӀала схьавеара. Иза дӀахӀоттинера Нохч-ГӀалгӀайн АССР Культурин министерствон коьрта инспектор. 1967—1978 шерашкахь иза вара «Вайнах» цӀе йолу Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хелхаран ансамблин куьйгалхо. Цуьнан куьйгаллица ансамбльс баккхи кхиамаш бира. Цу хенахь иза йара СССР хелхарийн ансамбльшна йуккъехь тоьллачарех цхьаъ.
1979 шарахь иза хӀоттира республикин филармонин директоран когаметтаниг. 1986—1993 шерашкахь иза вара «Эстрада» цӀе йолу пачхьалкхан объединенин директор.
1980-гӀа шераш чекхдолуш дуьйна волавелира книгаш а, байташ а йаздан. Дукха цуьнан байташах эшараш хилира. Цуьнан эшараш кест-кеста локхуш йу концерташкахь а, радиохь а, телевиденехь а. И эшараш локхуш бу гӀарбоьвла нохчийн а, российн эшархой[1].
Библиографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Муса Гешаев. Исследования по славянскому языкознанию. — Москва: Наука, 1971. — ISBN 9785990016491.
- Муса Гешаев. Очередь за счастьем. — Грозный: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1989.
- Муса Гешаев. Ожерелье желаний. — Москва, 1996.
- Муса Гешаев. Опрокинулось небо. — Грозный-Москва: Седа, 1998.
- Муса Гешаев. Крылья. — Грозный-Москва: Седа, 1999.
- Муса Гешаев. Знаменитые чеченцы. — Грозный: Седа, 1999. — Vol. 3.
- Муса Гешаев. Кресало. — Москва, 2001.
- Муса Гешаев. Знаменитые ингуши. — Грозный, 2003.
- Муса Гешаев. Чеченский след на русском снегу. — Грозный, 2003.
- Муса Гешаев. Баллада о джихаде. — Грозный, 2003.
- Муса Гешаев. Антология чеченской поэзии. — Грозный, 2003.
- Муса Гешаев. Мотивы для кухни и детской. Вышиваем крестом. — Москва: Мир книги, 2006. — P. 240. — ISBN 5486008910.
- Муса Гешаев. Подарки к праздникам. Вышиваем крестом. — Москва: Мир книги, 2006. — P. 240. — ISBN 548600690Х.
- Муса Гешаев. Фантазёр. — 2007. — P. 352. — 5000 экз. — ISBN 978-5-9900164-7-7.
- Муса Гешаев. Меч милосердия. — Молодая гвардия, 2007. — P. 256. — 1000 экз. — ISBN 978-5-235-03094-7.
- Муса Гешаев. Калейдоскоп. — 2009. — P. 38. — 5000 экз. — ISBN 978-5-9900164-5-3.
- Муса Гешаев. Сказка про кошачий обед. — 2009. — P. 32. — 10 000 экз. — ISBN 978-5-9900164-9-1.
- Муса Гешаев. Махмуд Эсамбаев. Танец над бездной. — 2009. — P. 612. — 3000 экз. — ISBN 978-5-9900-1646-0.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Батукаев Магомед. Верность долгу // Вести республики. — 2007. — № 163(637). — С. 3.
- Туракаев Хасан. Поэма о друге // Молодёжная смена. — 2007. — № 84.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Муса Гешаев Архивйина 2014-03-10 — Wayback Machine